Поэт, прозаик, критик

(Сулаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна)

05

Сулаев Мохьмадна литература езара, яздархой безара. Къаьсттина воккхавера иза нохчийн литературехь керла цIе гучуяьлча. Къоначу яздархошна гIо дора цо, исбаьхьаллин дешан говзаллехь шена зеделларг довзуьйтура, литературехь болх бан церан дог доуьйту агIо лохура. Шайхиев Iалвадис яздо: «Сулаев Мохьмад цIеяххана поэт а, прозаик а хилла ца Iаш, литературин критик а вара. Оцу агIор цо Iаламат доккха гIо дина тахана нохчийн литературехь къахьоьгуш болчу массарна а бохург санна. Сулаев Мохьмада шайн кхоллараллехь гIо ца лаьцнарг а, гIо ца динарг а кIезиг карор ву таханлерчу вайн литературехь. Цундела иза вайца тахана цахилар – литературина боккха эшам санна тIелаца хьакъ ду вай». 

Нохчийн халкъан поэт, прозаик, критик Сулаев Мохьмад вина 1920-чу шеран 20-чу сентябрехь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан районерчу ГIойтIахь совдегаран Абун доьзалехь. Шен бархI шо кхаччалц винчу юьртахь хьалакхиъна Мохьмад. 1928-чу шарахь церан доьзал Соьлжа-ГIала кхелхина бахна. Соьлжа-ГIалара №16 йолчу школехь дешна кIанта, цул тIаьхьа Асланбековски юьртарчу (хIинца Серноводск) дешаран городокехь школа чекхъяьккхина.

Мохьмадан да Абу гIеххьа таро йолуш совдегар хилла. Нохчийчохь а, Баку гIалахь а дIакхехьна цо шен гIуллакхаш.  Цундела  Баку гIалахь а  ехха хан йоккхуш хилла СулаевгIар. Мохьмад 1933-чу шарахь Баку гIаларчу С.М. Кировн цIарах йолчу педагогически рабфаке деша вахна. Рабфакера ваьлча, Азербайджански медицински институте деша а хIоьттина, 1941-чу шарахь иза чекхъяьккхина цо.

Мохьмадан дена Абуна,  советан пачхьалкхехь Сталинан Iазап лаьттинчу хенахь чу а воьллина, 1938-чу шарахь тоьпаш тоьхна.  Доьзална шайн дех лаьцна  дерг хоуьйтуш а ца хилла.

Оцу хенахь  Мохьмадан терго йина Магомаев Iабдул-Муслима. Йоккхачу-АтагIара схьаваьлла волу нохчи Магомаев  Iабдул-Муслим Азербайджанан музыкальни театр кхоллинчарах а, церан къоман оперин бухбиллинчарах а волуш, СССР-хь цIеяххана музыкант хилла. Вайн заманан гIараваьллачу эшаршлакхархочун  Магомаев Муслиман ден да хилла Iабдул-Муслим.

Институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу цIа веана Сулаев Мохьмад. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча,  фронте ваха гIоьртина иза, амма бIаьрса ледара хиларна ца вахийтина. Цо тIеман  госпиталехь болх бина, чевнаш йинчу тIемалошна дарба лелош. ТIаьхьо Итон-Кхаьллан районерчу больнице хьажийна, цигахь коьртачу лоьран болх бина Мохьмада. Шен «Ши ойла» цIе йолу гIеххьа йоккха стихотворени 1941-чу шарахь Итум-Кхаьллахь язйина цо

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944–1957-чу шерашкахь, Сулаев Мохьмада Казахстанерчу Джамбул гIалин поликлиникехь терапевтан  болх бина, цул тIаьхьа, специализацех чекх а ваьлла, Джамбулерчу областан больницехь лор-психоневролог хилла.

Даймахка цIа веъча  шен лоьран балха дIавахна иза. 1958-чу шарахь Сулаев Мохьмад республикин уьнах цIоналла яржоран ЦIийнан (Дом санитарного просвещения) коьрта лор хIоттийна. 1961–1964-чу шерашкахь, Хьалха-Мартан районан больницехь коьртачу лоьран болх бина. Республикехь уггаре а йоккхачу районна гIоьнна тоян хьажийнера иза. Цигара ваьлча юха а  уьнах цIоналла яржоран  цIийне коьрта лор дIахIоттийна. Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц оцу балхахь  лаьттина иза.

Кхелхина 1992-чу шеран 27-чу  июнехь Соьлжа-ГIалахь.

Сулаев Мохьмад яздан волавелла шен 14–15 шо долуш. 1935-чу шарахь язйина шен дуьххьарлера стихотворени «Нохчийн йиш». Иза барта кхоллараллехь йолчу нохчийн эшарех пайдаоьцуш, царах таръеш язйина яра. Поэтан говзалла кхуьуш хилар гойтуш яра цул цхьа шо тIаьхьа язйина «Орга» стихотворени. И стихотворени литературехь шена чIогIа гIо деш волчу Бадуев СаьIидана лерина язйинера цо.

Поэтан дуьххьарлера стихаш арайийлина «Ленинан некъ», «Ленинхо» газетийн агIонаш тIехь а, журналаш тIехь а.  Оцу стихаша гайтира Сулаев Мохьмад шен хатI долуш а, поэзехь ала шен дош долуш а хирг хилар. Иза къеггина гучуделира дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча. Нуьцкъалчу исбаьхьаллин дашца поэт кхойкхура  Даймохк фашистки йовсарех ларбаре. Фашистийн мехкашдIалецархойн ма-ярра ямарт Iалашонаш Iорайохура цо шен поэтически произведенешкахь. «Малх къуьйсу тIом», «ГIовтта». иштта кхийолу а стихотворенеш язйира поэта тIом болабеллачу хенахь. Церан маьIна дара даймохк ларбан адамийн ойла гIаттор, мостагIчунна тIехь толам баккхаре кхайкхар.

1943-чу шарахь Сулаев Мохьмада язйина «Малх тоьлур бу» цIе йолу поэма. Иза тIеман хенахь нохчийн литературехь язйинчарах уггаре а йоккха а, чулацаме а произведени ю. Шуьйра чулацам бу поэмин, кIорггера идейни маьIна ду цуьнан. Фашистки Германин Iаьржа хьарамло ма-ярра гайтар, даймахкарчу адамийн йоккха патриотизм, дерриге а адамаш, цхьабарт болуш, мостагIчунна ондда дуьхьал довлар, вайн тIемалойн турпалалла, церан йоккха патриотизм, тылехь адамаша боху къинхьегаман толамаш,  мостагIчунна тIехь толам баккхийта массанхьа а адамаш вовшахтохар — иштта шуьйра чулацам болу гIуллакхаш къастадо поэми тIехь. МостагI мел чIогIа велахь а цунна тIехь толам боккхург хилар чIагIдо автора

«Малх тоьлур бу»  поэми тIехь автора говза пайдаоьцу поэтически гIирсех: символаш, дуьхь-дуьхьал хIоттош хIума гайтар, даьржина дустарш, метафораш, стихан интонаци. И берриге а исбаьхьаллин гIирсаш цхьана Iалашоне хьовсийна бу, поэмин чулацам хIоранна а даг тIе кхачийтаран Iалашонца пайдаэцна царах.

ТIом чекхбала ши шо долуш язйинчу поэми тIехь Сулаев Мохьмада, дог тешош, гайтира даймехан халкъаша фашисташна тIехь шеко йоццуш толам боккхург хилар. ТIеман халчу муьрехь мостагI эшориг хиларан ойла адамийн дегнашкахь чIагIъяр доккха маьIна долуш гIуллакх дара.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь нохчийн йоза лелаш дацара, нохчийн маттахь зорбатохар дихкина дара. 1944–1955-чу шерашкахь лаьттира и харцо. Казахстанехь Алма-Ата гIалахь 1955-чу шеран  1-чу июнехь арахеца долийра нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет, цу тIехь араюбйлура нохчийн поэтийн стихаш, прозаикийн кегий произведенеш. Сулаев Мохьмадан «Гила», «ТIамна дуьхьал», кхийолу стихотворенеш а араевлира «Къинхьегаман байракх» газета тIехь.

Нохч-ГIалгIайн республика юха меттахIоттийча, 1957-чу шарахь даймахка цIа а боккхачу айамца исбаьхьаллин литературехь болх бо  Мохьмада.

Республикин газеташ тIехь, радиохь, «Орга»  альманаха тIехь арайийла юьйлаелира цуьнан стихаш, очеркаш, дийцарш, критически статьяш.  Сулаев Мохьмадан кхоллараллин дахарехь эвсара мур дIаболало 1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу поэзин сборник араяларца. Лирически стихаш яра книги тIехь, шаерш бохург санна. Царах дукхахъерш, композиторша мукъамаш а баьхна,  эшаршка йирзира.

1959-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арахецна Сулаев Мохьмадан «Велларг денвар» цIе йолу дийцарийн, очеркийн книга. Иза а дика лерина книгашъешархоша. Критикехь а дика мах хадийна цуьнан.

Поэтан рогIера книга «Даймехкан зIаьнарш»  араяьлла 1961-чу шарахь. Шен барамца йоккха йоцу и гулар  стихотворенех, балладех, поэмах лаьтташ ю. Оцу книги тIерачу стихийн лаккхара мах хадош Мамакаев Мохьмада шен «Поэты и современность» цIе йолчу статья тIехь билгалдаьккхина Сулаев Мохьмадан лирика кхуьуш хилар, шен махках йолу беркате ойланаш поэтан даг чу  а ца хоьъна, исбаьхьаллин стихашца Iана яхна, бохура цо. Авторан болх книгин  барам жима я боккха хиларца лоруш хила ца беза, поэтан  ойла дахаран кIоргене кхачарца, шена гинарг, ша лайнарг исбаьхьаллин кепе дерзо цунна хаарца хадо беза белхан мах, тIаккха жима книга йоккхачу тома метта хуьлу, чагIдора нохчийн поэзин къаночо Мамакаев Мохьмада, «Даймехкан зIаьнарш» шен барамца жима книга хилар тидаме оьцуш.

Мохьмадан поэтически кхоллараллехь хьовха, ерриге а нохчийн поэтийн лирикехь а шен исбаьхьаллица, аьхналлица, адаман кийрахь къинхетаме ойла гIатторца къаьсташ ю «Даймехкан зIаьнарш» книги тIера «Сай» цIе йолу стихотворени.

Юьхьанца сен хазалла, оьзда куц, сирла сибат гойтуш долу лаккхарчу исбаьхьаллин васт кхоьллина, тIаккха гойту стихотворени тIехь и инзаре исбаьхьалла мажаро йожор. Цул тIаьхьа ю оцу дегаIийжамечу суьрто кхоьллина лирически турпалхочун къинхетаме ойла:

 

Кийрара дог Iийжош,

Синтем а байна,

Лаьттира со хьоьжуш

Мажаре сайн…

Ма халчу хIоьттира

Со, гича сайна

ЦIен огар шен багахь

Леш болу сай.

 

И ойла вайга кхочуш а, вайн дегнашкахь юьсуш а ю.

Сулаев Мохьмадан кхолларалла шен орамашца нохчийн фольклорах йозаелла ю. Яц къоман барта кхоллараллин сюжеташший, васташший цо шен произведешка деккъа схьаоьцуш-м, халкъан произведенийн исбаьхьаллин мутт ду цуьнан поэзехь хаалург.

Поэтан «Сай» цIе йолу стихотворени нохчийн барта кхоллараллин жовхIарех долу «Сай» илли дагадоуьйтуш, цуьнца йогIуш ю. Амма поэта  шен стихотворенин маьIна, илли тIехь санна доцуш, кхечу агIора дерзийна. Кхузахь коьртаниг адамалла, адамийн къинхетам бу. Iаламе, дийнаташка, адамашка, Дала мел кхоьллинчу хIумане хила еза къинхетамалла ю, беркате хилар шена тIехь долу адаман дог-ойла ю поэта шен стихотворенин чуламе йиллинарг.

Адамаллин тема Сулаев Мохьмадан поэзехь а, прозехь а коьртачарах ю. «Адамалла» цIе йолуш книга араяьлла цуьнан. И цIе автора ларамаза ца тиллина книгина. Цу тIера дукхаха йолу произведенеш нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллина лерина ю. Къинхетам, стогалла, доттагIалла, безам, хьошалла, ненан беркат,  адамийн лерам, собар… – оцу къоман синмехаллийн ойлайо поэта.   Царах лаьтташ ю къоман гIиллакх-оьздангалла, цара кхуллу адамалла, адамалла къоман гIиллакх-оьздангаллин лаккхара тIегIа лору цо:

 

Вайн нана-льамнашкахь

Вайнаха уггар

Лаккхара лерина

Собар, стогалла,

Делахь а царел а

Лаккхара гуттар

Вайнаха ма лору

Бакъ адамалла!

 

Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш.

Сулаев Мохьмадан стихашкахь Даймахкаца йолу юкъаметтиг а ю цхьа шатайпана аьхна. Цуьнан лирически турпалхо, шена Даймохк дукхабеза, ша и боцуш мегар вац, бохуш, кхайкхамаш беш вац. Цуьнан дагца, цуьнан ойланца, цуьнан бIаьаьрхишца бу даймохк

 

– Вай динчу махкара

Къайллаха деана,

Хьуна ас безамна

ХIара зезаг лур ду.

– Схьа да и: сагатдеш

Вай динчу махкана,

Веллачу ден коше

Ас иза хьур ду…

– Вай динчу махка со

Вухавоьду кхана,

Хьоьгара безамна

ХIун хьуо ас, ала?

– Доьху хьоь, доттагIа:

Сан бIаьрхиш канахь

ДIахьолахь ахь цига,

Цхьа цинц ца Iанош.

 

«Вайнехан фольклоран суйнаш» (XVIII – XIX бIешо) аьлла, коьрте а яздина, стихийн жима цикл ю поэтан, цу тIера ю и диалогах лаьтташ йолу стихотворени. Нохчийн къам,

Даймахках даккхар хьахо ца могуьйтуш хиллачу советан пачхьалкхан цензурах стихаш ларъеш дехкиний техьа автора къовларш юккъера терахьаш а, язйиний техьа циклан цIе а олий, дагадогIу.

Алссам поэтически книгаш арахецна Сулаев Мохьмада. Вай хьахозачарах ю «Даймехкан зIаьнарш» (1961), «Дагчуьра суйнаш» (1968), «Йовш йоцу цIе» (1970), «Бакъдерг» (1973), «Лаьттан бос» (1978), «Сирла суьйре» — хаьржинчу поэзин, прозин книга (I980), «Лаьмнаша ца дицдо» — роман, стихаш, поэмаш (1990). Оьрсийн маттахь Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь а арайийлина книгаш «Бой за солнце» (1970), «Чинар на скале» (1972), «Иду на зов» (1979), «Цвет планеты» (1982), «Орлиной тропой» (1987).

Сулаев Мохьмадан масех стихотворени ю «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIаун» бохачу дашах схьадаьлла ду. «Дехар» боху маьIна ду оцу дешан.

 

Йо, Дела! Цхьа шеко  

Сан дагах лета: 

Iожаллех цакхерар –

Цакхерар хьох хета! 

Iожаллех тIех кхерар –  

Цатешар хьох хета!  

Нисвехьа нийссачу  

Барамехь, Дела: 

Ийманехь чIагIваллалц 

Iожаллех ларвай, 

Iожалла тIекхаччалц  

Стогаллехь чIагIвай, 

Кхачаве ахь тIаккха   

Хьайн дикчу кхиэле.

Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.

М.Сулаевн  поэзи коьрта долчунна лирикех лаьтташ ю. Цуьнца цхьаьна поэтан кхоллараллехь балладаш а, поэмаш а ю. Шена тIе тидам боьдуш ю «Хьерабаьлла дин» цIе йолу баллада. ГIебарточо гIалгIайн махкара шена хазбелла дин бигна. Керлачу махкана, гIебарточунна тIе ца боьрзу аьрха дин.  КIанта дин хьоьсту «хазачу нускалал» а хьоме хеташ, «Iуьйренца тхи мийлош», «туьханца чам тобина кIай, борцций» латтош. ТIаьххьар а  «джайрахойн дин шена тIебирзина» моьттира кIантана. Амма цхьа хан яьлча «Генарчу Мят-Ломан / Басера мохца / Цхьа хьожа кхечира» Цу дине схьа». И хьожа схьакхетташехь карзахбаьлла, баргол а хадийна, дIахьаьдда дин:

 

Боьдура и баьлла 

Буракъах тIома,

Шуьйра кхес, тIам санна

ДIаслесталуш,

Ахках дIа чу туьлуш,

Хьалатуьлуш лома,

Боьдура, хьаннашка

Ца сацалуш.

Цецбевлла нах тIаьхьа

Хьуьйсура цунна:

«И хьерабаьлла бу…

Лацалур бац…»

Хаацара цхьанна а

И бохучунна

Цу дине дIакхойкхург

Буй нана-арц!   

 

Адамна, дийнатана, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац сапаргIат дахар. И тема юх-юха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуюьйлу поэтан кхоллараллехь.

Сулаев Мохьмадан поэзехь ю яккхийчу жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхиерш а.

«Лаьттан бос» поэма ялх стихах йолчу 47 строфах лаьтташ ю, цхьа барам, цхьа ритм йолуш. Лирико-философски произведени ю иза. Адам а, Латта а ю цуьнан тема.  Къинхьегам, хьанал къинхьегам бу Адаман Лаьттаца уьйр латториг. Латта цхьаъ ду, тайп-тайпанчу меттигашкахь иза бес-бесара хетахь а, цу тIехь мел деха Адам а цхьаьна хила деза. Лаьттан бераш ду цу тIехь мел еха садолу хIума а. Уьш Адаман гIоьнчий ду, бертахь хазда деза цхьаъ бен доцу Латта.  Иштта ойла кхиош ю «Лаьттан бос»  поэма.

«Винчу лаьттан цинц» йоккха поэма ю. Цхьа эзар гергга стихах лаьтташ ю иза. Поэма дуьххьара араелира «Нохчийн кIант Волгина йистехь» цIе йолуш. цуьнан коьрта турпалхо Заур Сийлахь боккхачу Даймехкан тIамехь шен накъосташца цхьаьна мостагIчунна дуьхьал лаьтташ ву. Цуьнан а, цуьнан накъостийн а бIаьхаллин хьуьнарш ду поэмин чулацамехь. Боккха кхиам хилира поэмин. 1984-чу шарахь  Нохч-ГIалгIайн АССР-н Ленински комсомолан совгIат а делла цунна. Юха зорбатухуш поэмин цIе  «Винчу лаьттан цинц» тиллина автора.

Мехала ю Сулаев Мохьмадан проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966-чу шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Товсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шоръеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, юха арахийцира 1990-чу шарахь. Оьрсийн маттахь араелира 1992-чу шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чулацамца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени ю. Нохчийн халкъан дахарехь уггаре а халчу муьрехь (1940–1960-чу шерашкахь) хилла  адамийн кхолламаш гайтина роман тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду. Советан заманахь кхиъна цуьнан ши йоI Нурседий, Селитий комсомоло бохачунна тIегIерташ, кхечу амалехь ю. Ши йоI деца эвхьаза ца йолу, юьхь дуьхьал эхь-бехк лардо, амма царна  юкъахь къийсам бу.

Яздархочо шуьйра гайтина оцу хенахьлера къоман дахар: Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь нохчийн юьртахоша дакъалацар; фронтана, бIаьхошна оьшург вовшахтухуш, дIаяхьийтар; нохчийн къам махках а даьккхина, лайна халонаш; юха «декъаза цIадерзар». «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн литературехь дуьххьарлера произведени яра нохчийн къам махкахдаккхаран тема иштта шуьйра хIоттийна.

Мохьмад литературни критик а вара. Цуьнан кхоллараллин цхьа дакъа ду литературно-критически белхаш. Цо вайнехан яздархойн кхоллараллех алссам язъеш йолу критически статьяш, рецензеш арайийлина «Лениан некъ», «Сердало», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь, «Орга», «Ломан Iуйре» журналаш тIехь. Кест-кеста цуьнан статьяш оьрсийн маттахь зорбатухура  «Дон», «Знамя», «Дружба народов», кхидолчу Москвахь арадовлачу стаммийн журналаш тIехь. 1968-чу шарахь  Сулаев Мохьмада  арахецна нохчийн литературах лаьцна «Октябро кхоьллинарг» цIе йолу шен литературно-критически белхех лаьтта гулар.

Сулаев Мохьмад дика гочдархо а вара. Цо нохчийн матте яьхна оьрсийн, гIалгIайн, хIирийн,  жIайхойн, лаьзгийн, гIазгIумкийн, гIумкийн, карелийн, гуьржийн, таджикийн, туркменийн, туркойн, корейцийн, китайцийн, афганхойн, немцойн, австралин поэтийн стихаш.

Цуьнан шен стихаш гочйина гIалгIайн, оьрсийн, украинийн, хIирийн, гIебартойн, балкхаройн, гуьржийн, жIайхойн, лаьзгийн, гIазгIумкийн, гIумкийн, туркойн, иштта дIа кхечу къаьмнийн а меттанашка.

Поэта шен «Заманан йийсар» цIе йолчу стихотворени тIехь боху:

 

Заманан урх карахь,

И дIа ца хоьцуш,

Воьду со, хьалхахьа

Боккхуш сайн ког.

ХIетте а, заманах

Хадарна кхоьруш,

Деттало тем байна

Кийрара дог.

Заманан декхарех

Кхуьуррий-техьа?

Дерриш уьш кхочушдан

Ларорий-те?

Йо, Зама! Ахь айхьа

Сан аьтто бехьа

Хьайн дуьхьа ягийта

Сан кхерчан цIе! 

 

Сулаев Мохьмадан поэзин кхерч бовха бу, серлаяьлла йогуш ю цуьнан поэзин цIе хIинцалерчу нохчийн литературехь.

«Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу шен статья тIехь Сулаев Мохьмада  яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу таханлера хан а. Делахь а вайн халкъан дIаяхна зама вайн яздархоша шайн произведенешца дика йийцина а, кхин а йийца  йиш йолуш а ю. Амма дIадаьлларг сов а дуьйцуш, таханлерчу денойн турпалалла гайтар тIаьхьа а туьттуш вай Iийча, кху денойн тешаш долчу вайгачул дика гайталур юй тIаьхьенга вайн зама? Кху заманан бIаьхой а, тешаш а долчу вайн декхар ду вешан зама исбаьхьаллин произведенешкахь ма-ярра схьаохьар. И вайга дикахо далур ду: и вайна гергахь ду. И вай ца дахь, тIаьхьено вайна бехк буьллур бу». Яздархочун и кхайкхам муьлххачу хенахь а шен маьIна лахлур доцуш бу аьлла хета.

Сай

Ошаев Халидан безамна

Вахнера цкъа гурахь

Со ламчу талла,

Мажар а оьллина,

Белша тIе сайн,

Схьалаха лаьмнашца

Илли тIехь буьйцу

Ц1ен огар шен багахь

Леш болу сай.

 

Эххар а гин суна

Сай бахна гуора,

Шовданан хи муьйлуш,

Шен дегош тIа,

Гарачу маIи тIехь

Дай-й дегадора

Геннарчу хьуьнхара

Цо деъна гIа.

 

Шовданан куьзганахь

Гуш дара дегош

Iожаллех идийна

Сен оьзда куц,

Чов хилла, и хьаьдча,

Яаза йисна,

Схьагора сен багахь

ЦIийелла буц.

 

Мелла хи цIийделла

Багара Iаьнна,

Цо бай тIе харцийра

Шен кура кур.

Сатоссуш довш хуьлу

Седарчий санна,

Кхоьлира сен бIаьргаш

Шайн дайна нур.

 

Кийрара дог Iийжаш,

Синтем ас байна,

Лаьттира со, хьоьжуш

Мажаре сайн…

Ма халчу хIоьттира

Со, гича сайна

ЦIен огар шен багахь

Леш болу сай.

 

Сох муха эр дара адам?

 

Доьлхучохь бер дитна –

Сайн хьаште дIахьадахь,

Юьртан хьашт кIелдитна –

Сайн гIуллакх хьалха дахь,

Неханиг тIаьхьатитта

Ас даг чохь бахь сацам,

Сох муха эр дара адам?..

 

ГIамаран аренгахь

Латтанаш лелхачохь,

Хи доцуш, туй багахь

Лекъна, мотт бестачохь,

Накъостах лачкъабахь

ТIаьххьара хин тIадам,

Сох муха эр дара адам?..

 

Къелло, йиш йохийна,

БIаьрзе суо идаварх,

Мохо тхов бохийна,

ДогIнехь суо висарх,

Мисканиг, тевина,

Ца хьастахь, беш тидам,

Сох муха эр дара адам?..

 

Лулахойн цIа даьгчахь,

Сан кийра ца багахь,

Нехан мохк бегийчахь,

Сан дог ца дегадахь,

Ца хеташ бен дагахь

ТIеэцахь и хаам,

Сох муха эр дара адам?

 

Соьра гIо оьшучохь

ДIахьабдеш сайн бIаьргаш,

Соь орцах кхойкхучохь

ДIакъовлуш сайн лергаш,

Со Iахь сайн тоьли чохь,

Сайх айса беш тоам,

Сох муха эр дара адам?..

 

Цхьана денна соь ехна,

ДоттагIчо нуьйр яьхьнехь,

Амма, хиэ дIабаьхьна,

Дин байна и виснехь,

ХIетте, нуьйр юхаезна,

Ас цуьнга бахь къадам,

Сох муха эр дара адам?..

 

Сайн цхьа пIелг лазийчахь,

ГIайгIане со вожахь,

Кхечуьнан гIогI дойчахь,

Лере а ца охьахь,

КIант вайна да гичахь,

Ца хилахь бан кадам,

Сох муха эр дара адам?..

 

Шина вешин барт боьхчахь,

Суна вас ца хилахь,

ЙоIана дас тоьхчахь,

Сан дог ца Iовжадахь,

Ткъа, бертахь уьш гичахь,

Ца хилахь синхьаам,

Сох муха эр дара адам?..

 

Халла схьакарийна,

Сай эххар гахь хьуьн чохь,

Амма шен кIорнина

Цо накха  шен луччохь,

Хьарам топ хьажийна,

Ас цунна бахь цатам

Сох муха эр дара адам?..

 

Халкъо сайх тешийна

Беркат ас ца лардахь,

Сайн пайда эшийна,

Ас и ца дебадахь,

Халкъачух, даггара

Ца хилахь сан тидам, –

Сох муха ар дара адам?..

 

ДоIа

 

Йо, Дела! Цхьа шеко

Сан дагах лета:

Iожаллех цакхерар –

Цакхерар хьох хета!

1ожаллех т1ех кхерар –

Цатешар хьох хета!

Нисвехьа нийссачу

Барамехь, Дела:

Ийманехь чIагIваллалц

1ожаллех ларвай,

1ожалла т1екхаччалц

Стогаллехь чIагIвай,

Кхачаве ахь тIаккха

Хьайн дикчу кхиэле.

Арсанукаев Iабдулла

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: