Премиум-классан хIусамаш
МАГАС. 2016-чу шарахь ГIалгIайчохь дийр ду шена чохь хIусамаш йолу республикехь уггаре а лекха цIенош. Несаре гIалина юккъехь дIахIоттор ю, шена чохь 280 хIусам а йолуш, 25 гIат долу кхузаманан комплекс. ЦIенойн юкъара майда 34 эзар квадратни метр хир ю. Цунна лерина гIалин Iедалша 2,9 гектар латта къастийна. Инвестпроектан мах 800 миллион соьман барамехь бу.
Оцу проектана юкъа 100 миллион сом ахча диллина волчу инвестора Аушев Тимура дийцарехь, комплекса тIехь билгалйина хьажаран а, вертолетана лерина а майданаш. Проект хIоттийначара цунна юкъахь хьесапе эцна насосни станци, тIаьхьалонан подстанци яр. Муниципалитетана а, инвесторна а юккъехь хиллачу бартаца цхьана квадратни метран мах 45 эзар соьме кхаччалц охьабаьккхина. Комплексана иштта юкъагIур ю 220 меттигна лерина йолу берийн беш, медицинин а, йоккха махлелоран а туьшаш, паркан зона, хьешийн а, оцу хIусамашкахь беха болчеран а машенаш дIахIитто леррина меттигаш.
Хир ду алссам Iежаш
МАЙКОП. Адыгейн бошмашлелорхоша дечу хьесапашца, кху шарахь хIора гектара тIера 50 центнерал кIезиг доцуш Iежаш гулдан ницкъ кхочур бу церан, юкъара барам итт эзар тонне дIа а кхачош. Регионан исторехь уггаре а лакхара гайтам хир бу иза.
Ларамаза дац республикехь ишттачу дозанашка кхачар. ХIара масех шо ду цигахь алссам стом луш долу синтарш догIа долийна. Шуьйра юкъаялайо бошмашкахь производствон керла технологеш: стоьмех гIуллакх дар, уьш дIасабахьийта кечбар. Караерзош ю кийча сурсаташ дохка лерина йолу рынкан керла кепаш. Кху шеран а, тIедогIучу шерийн а сурсаташ талхарх Iалашдархьама бошмашлелоран бахамаша билгалдо 2020-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь къорана дуьхьало ярна лерина йолу 8,6 миллион метр сетка эца. Цул совнаха, стоьмаш Iалашбарна лерина кхузаманахьлера кхо меттиг кечъяро таро хуьлуьйтур ю хIора шарахь исс эзар тонне кхаччалц стоьмаш Iалашбан.
Регионан юьртан бахаман министерствос бечу хаамашца, пачхьалкхо гIолацар бахьанехь хIора шарахь тIеттIа алссам шорлуш ю бошмийн майданаш. ДуьххьалдIа кху шеран хьалхарчу эхехь 70 гектар майда дIалаьцна сихха кхуьуш болчу стоьмийн синтарша.
В.Лановой – кадетийн училищехь
СТАВРОПОЛЬ. «Баркалла шуна, тIаьхьенаш, тешаме хиларна!» аьлла дIахьош йолчу юкъараллин-политикин акцин гурашкахь кхуза веана «Эпсарш» кинофильман гIараваьлла турпалхо, Россин оборонан министерствехь Юкъараллин кхеташонан культурехула йолчу комиссин председатель, СССР-н халкъан артист Лановой Василий.
Цхьана хенахь Россин экс-президента Медведев Дмитрийс юкъадалийна а ма-хиллара, гIалахь йолчу президентски кадетийн училищехь кадеташца цхьаьна дакхан синтар дуьйгIира гIараваьллачу актера, кадеташца хиллачу цхьаьнакхетарехь церан дуккха а хаттаршна жоьпаш а делира.
«Эпсарш» фильмера инарла иштта хилира Кавказан гIалагIазкхийн гвардейски десантно-штурмовой 247-чу полкехь. Цигахь хиллачу цхьаьнакхетарехь кадетийн таро хилира шайна дуккха а пайдехьниг довза.
«Хаджи-Мурат» гIебартойн
маттахь
НАЛЬЧИК. Шен кхоллараллехь тIаьхьо язйина, ша дийна волчу хенахь зорба тохаза хилла Л.Толстойн гIараяьлла «Хаджи-Мурат» цIе йолу повесть цхьа бIе шо сов хан яьллачул тIаьхьа гIебартойн ешархочуьнга а кхаьчна. Иза арахецна КотляровгIар Мариин а, Викторан а шайн долахь йолчу меттигерчу издательствехь.
В.Котляровс дийцарехь, и повесть дуьненан халкъийн иттаннаш меттанашка гочйина, амма гIебартойн маттахь хилла яц иза. ХIинца «Хаджи-Мурат» гочъеш дуккха а шерашкахь вевзаш волчу яздархочо Мазихов Бориса болх бар бахьанехь къоман векалийн шайн маттахь иза еша аьтту хир бу. Гочдархочо бинчу белхан мах хадош литератора Кауфов Хачима билгалдаьккхира гоьваьллачу яздархочун дош гIебартойн маттахь а хIинца дозаллица декаш хилар.
Дахар дIаделла шен халкъана, Даймахкана
ЧЕРКЕССК. Республика кхоьллина а, регионан коьрта шахьар йиллина 190 шо кхачар а даздеш «Кхарачойн-Чергазийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» аьлла йолчу мидалца лаккхара совгIаташ динчу 50 стагана юкъахь вара юкъараллин деятель, яздархо Казаков Валерий.
«Ас дозалла до иштта лакхара совгIат сайна дарна. Дерриге а кхетаме дахар сайн халкъана, сайн Даймахкана, сайн республикина дIаделла ас. ХIинца хаьа суна иза эрна ца хиллийла, – дагна хьаам хилла ву иза. – Суо миччахь а болх беш хиларх иза сайн меттиг хиларх тешна хилла со. Даггара гергара хуьлий дIахIуттура коллектив».
Яздархочо билгалдоккхуш ма-хиллара, иза даима а хилла шен халкъан культура, истори йовза, адамашна иза йовзийта лууш. НогIийн халкъан гIиллакхаш, культура Iалашдарна тIехьажийна дуккха а гIуллакхаш дина цо дIадаханчу шерашкахь. Цу тIехь шен коьрта кхиам лору цо халкъан театран буха тIехь НогIийн пачхьалкхан драматически театр кхолла аьтто хилар. Кестта хьалхара спектаклаш гойтур ю цу чохь. Цуьнца доьзна хиндолчу даздаршка богIур бу Россин тайп-тайпанчу регионашкахь а, Казахстанехь а, Туркойн махкахь а бехаш болу ногIий.
Казаков Валерий яздархо, СССР-н а, Россин а яздархойн Союзан декъашхо, КЧР-хь «Бирлик» аьлла болчу ногIийн халкъан юкъарчу боламан председатель, «Шепран яххьаш» аьлла йолчу дуьненаюкъарчу конкурсан лауреат, Россин ногIийн Федеральни къоман-культурин автономин Лаккхарчу Советан декъашхо ву.
Сайташ тIера хаамаш кечбинарг
– Л.МАГОМАЕВ.
№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо