I.Авторханов дуьненна а вевзаш вара
ТIаьхьарчу шерашкахь дуккха а керла цIерш техкина вайн республикин коьртачу шахьаран урамашна. Уьш ю политикийн, юкъараллин, динан векалийн, Iилманчийн, спортсменийн, милцойн цIерш. ТIекхуьуш йолчу тIаьхьено масал эца мегар долуш нохчий бу уьш.
Советан Iедал долуш йицйина ца хиллехь а, тахана санна гучуяьхна, йовзийтина яцара и цIерш тIекхуьучу тIаьхьенна. Царна юккъехь ю дуьненахь цIеяххана вевзаш волчу историкан, политологан, яздархочун Авторханов Iабдурахьманан цIе. 2008-чу шарахь цуьнан цIе тиллина Соьлжа-ГIаларчу, хьалха Цеткин Кларин цIе лелийначу урамна. Иза винчу юьртахь Лаха-Неврехь а бу цуьнан цIарах урам, иза вина а, ваьхна а цIенош хиллачу меттехь керла динчу цIеношна тIе тоьхна мемориалан у ду.
Авторханов Iабдурахьмана жима волуш юьртарчу хьуьжарехь дешна. Цига леларца цхьаьна цо дешна Хакишев Солтас схьайиллинчу пхеашеран оьрсийн школехь а. Хьуьжарехь Iаьрбийн мотт Iаморал совнаха, философи, ислам, шариIат Iамийра цо. Iабдурахьман ца кхиъна Iаьрбийн дешаран лакхенашка кхача.
Жима волуш елла Iабдурахьманан нана. Соьлжа-ГIаларчу школехь кIанте дешийта лаарна, дас иза цигарчу интернате деша дIавелла. Школехь хьоьхура лаккхара говзалла йолчу хьехархоша. Царна юккъехь оьрсийн меттан, литературин хьехархо лингвист Яндаров Халид а, математикин хьехархо желто Колпахчиев а, кхиберш а хилла. Дешарх дика кхетара кIант. ХIара школа чекхъяьккхина волучу хенахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира партийни школа. Iабдурахьман цига деша вахара. Партийни школа чекхъяьккхина ваьлча, иза Москварчу Коммунистически университете деша вахара. Кхиамца иза а чекхъяьккхинчул тIаьхьа деша хIоьттира Соьлжа-ГIаларчу рабфаке. Рабфакехь шолгIачу курсе ваьллачу хенахь иза деша хьажийра Москвахь йолчу цIечу профессурин институте. Хьалхара курс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Институт а йитина, цIа а веана, юккъера дешар чекхдаккхархьама рабфаке юха деша дIахIоьттира иза.
1930-чу шарахь, араяьлла цуьнан дуьххьарлера книга «К основным вопросам истории Чечни».
Рабфак чекхъяьккхинчул тIаьхьа Iабдурахьман партин Нохч-ГIалгIайн обкоман вовшахтохараллин отделан куьйгалхо хIоттаво. Цигарчу белхахошна юккъехь цхьа а нохчи вацара, Авторханов воцург. Обкоман бюрон цхьана кхеташонехь Iабдурахьмана партин Нохч-ГIалгIайн областан комитета юккъехь нохчий хила безарх лаьцна къамел дира. Цул тIаьхьа Обкоме балха хIитто болийра нохчий.
Соьлжа-ГIалахь 1932-чу шеран бIаьста схьайиллира ЦК-н Партиздатан Нохч-ГIалгIайн отделени. Цигахь дуьххьара араяьлларг яра 1933-чу шарахь зорбатоьхна Авторханов Iабдурахьманан «Революция и контрреволюция в Чечне. Из истории гражданской войны в бывшей Терской области» цIе йолу книга. Цул тIаьхьа, 1934-чу шарахь, араелира цуьнан Нохчийн, ГIалгIайн автономни областаш вовшахтохаран хьокъехь йолу книга «Объединение, рожденное революцией». Хьалха, 1931-чу шарахь, Ростовехь зорбатоьхнера «Краткий историко-культурный и экономический очерк о Чечне» цIе йолу книга.
Оцу шерашкахь алссам статьяш а, книгаш а арахецна цо.
Авторханов Iабдурахьман критик, литературовед хиларе терра, СССР-н яздархойн Союзан декъашхо вара. 1934-чу шеран августехь дIаяьхьначу СССР-н яздархойн Союзан хьалхарчу съезде кхайкхина иза. Съездехь советски поэзех доклад йинчу Н.И Бухаринах лаьцна, цунна дуьхьал къамелаш динчу оьрсийн яздархойх а, съездан кхиболчу декъашхойх а лаьцна хаамаш бу Авторханов Iабдурахьманан «Мемуараш» тIехь. Институт красной профессуре Авторханов ЦК-с. Коьртачу курсе юха дIаийцира Авторханов. 1937-чу шеран май баттахь цигахь дешна велира иза. 6 баттахь тIаьхьалонехь латтийра иза лакхарчу дарже вохуьйтур ву бохуш. Нохч-ГIалгIайн обкоман партин куьйга кIел хьажийна, Москвара схьавеъна иза 1937-чу шеран 10-чу октябрехь. Оцу суьйранна, тIаьхьа машен а яийтина, обкоман пленуме вигна. Пленум йолалушшехь лаьцна чувоьллина Нохч-ГIалгIайн обкоман массо декъашхо а, Авторханов Iабдурахьман а. Кхаа шарахь чохь а валлийна, 1940-чу шеран 19-чу майхь бехке вац аьлла, аравалийтина. ХIара чувуллуш НКВД-с кхечу йозанашца цхьаьна дIадаьхьнера кхуьнан докторски диссертацин куьйгайоза а. Язйина яьлла йолу диссертаци хIара лаьцначуьра араваьлча схьа ца еллера. Дукха хан ялале, 1940-чу шеран ноябран баттахь, юха а лаьцна иза. Ши шо чохь даьккхинчул тIаьхьа, 1942-чу шеран апрель баттахь, паргIатвалийтина. Лаьцначуьра араваьлча шайн къайлах гIуллакхаш кхочушдечу белхахошна гIоьртина иза юкъаозо НКВД. Цунна тIедиллина къайлах, ямарт гIуллакх лелор. Амма иза кхочуш ца дина Iабдурахьмана. НКВД-с ша паргIат лелуьйтур воций хууш.
1943-чу шеран январь баттахь Берлине дIавахна иза. Амма цкъа а ца хаьдда цуьнан шен Даймахкаца йолу уьйр. Сталинан Iедало нохчийн, гIалгIайн халкъаш махках даьхначу хенахь, Авторханов Iабдурахьмана доккха гIуллакх дина и харцо дуьненна дIахаийтарехь. Оцу хьокъехь цо 1948-чу шарахь ООН-е леррина меморандум язйина, нохчийн, гIалгIайн къаьмнашна тIехь кхоьллинарг харцо юй хоуьйтуш, къаьмнийн бакъонаш меттахIитторехь, шайн даймахка уьш цIадерзорехь гIо дар доьхуш. Оцу меморандуман бух тIехь язйина «Народоубийство в СССР. Убийство чечено-ингушского народа» книга ара а хецна цо 1952-чу шарахь.
Эмиграцехь юьхьанца хала хилла, кест-кеста хийца дезна Iаш волу меттигаш а: Германи, Итали, Австри, юха а Германи. ХIетте а оцу муьрехь алссам статьяш язйина цо, тайп-тайпанчу журналаш тIехь зорбатоьхна уьш. Авторханов Iабдурахьмана «Набат» цIе йолу журнал арахецна, цу тIехь зорбатоьхна шен «Философия тирании» корта а болуш, дуккха а статьяш. Цул тIаьхьа «Свободный Кавказ» журнал арахеца а долийна. 1950-чу шарахь Мюнхенехь «Институт по изучению истории и культуры СССР» кхоьллинчарна юккъехь а хилла, оцу институтан директоран заместитель а лаьттина иза. Институтан талламан белхаш зорбатухуш хилла оьрсийн, ингалсан, немцойн, французийн, испанин, туркойн, Iаьрбийн меттанашкахь. Авторханов Iабдурахьманан дукха материалаш арайийлина оцу институтан изданешкахь.
Радио «Освобождение» (тIаьхьа «Свобода» цIе тиллина) кхуллуш дакъа а лаьцна Авторханов Iабдурахьмана. Оцу радиохь цо ешна лекцийн курсаш: «История культа личности в СССР», «История партии как она была», радион «Партия сегодня» программа кечъеш а, дIахьош а хилла иза.
1948-чу шарахь Авторханов Iабдурахьмане цхьана ханна кхайкхина Гармиш гIалахь йолчу Iамаркан эскаран школехь Советски Союзах лаьцна лекцеш еша.
Эмиграцехь йоккхачу хенахь Авторханов Iабдурахьмана язйина книгаш ца лерича а, 300 сов статья, рецензе язйина, кхиболчу авторийн книгаш арайийлина цо хьалхара дош яздеш. Историн, политикин, тоталиризман идеологин тематика ойбу цо шен статьяшкахь а. Масала, иштта ю церан цхьайолчийн цIерш: «Ленин и ЦК в октябрьском перевороте», «Первый кризис в ЦК после взятия власти», «Кто же отец колхоза?», «Закулисная история пакта «Риббентроп – Молотов», «Глобальная стратегия Кремля», «Новая фаза в политике советской экспансии», «Антиконституция СССР», «Положение исторической науки в СССР». Оцу хенахь а Нохч-ГIалгIайчоьнах лаьцна статьяш, очеркаш язйина цо: «40 лет Чечено-Ингушетии», «Чеченцы и ингуши в советский период и до него».
Авторханов Iабдурахьманан эмиграцехь дуьххьара араяьлла книга «Покорение партии» хилла. Цунна зорбатоьхна 1950-чу шарахь «Посев» еженедельникан масех номерехь. И книга 1951-чу шарахь «Сталин у власти» цIе йолуш араяьлла Парижехь французийн маттахь. Книгин Iаламат боккха кхиам хилла. ТIаьхьа цунна зорбатоьхна ингалсан, испанин, италин меттанашкахь.
Кхин а боккха кхиам хилла 1959-чу шарахь зорбатоьхначу «Технология власти» книгин. Цунах Iилманчаша «классический труд по истории сталинизма» аьлла. Авторханов Iабдурахьманан рогIера книга «Происхождение партократии» зорбатоьхна 1973-чу шарахь Франкфурт-на-Майне гIалахь. Иза боккха, шина томах лаьтташ болх бу. «Партократия» боху термин Авторханов Iабдурахьмана юкъаяьккхина ю. Советски Союзехь коммунистически партин диктатура, пачхьалкхехь куьйгалдаран хьелаш теллина автора.
Iаламат боккха кхиам хилла «Загадка смерти Сталина (заговор Берия)» цIе йолчу книгин а. Дуьххьара Германехь 1976-чу шарахь зорбатоьхна йолу и книга цул тIаьхьа араяьлла дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь 10 маттахь. Цул совнаха, иза арайийлина журналаш тIехь а.
Дерриге а дуьненахь евзаш ю Авторханов Iабдурахьманан кхийолу книгаш а: «Сила и бессилие Брежнева» (1979), «Империя Кремля. Советский тип колониализма» (1988); «Мемуары» (1983), «От Андропова к Горбачеву» (1986), «Президент Ельцин, Верховный Совет и национальная политика России» (1994).
Авторханов Iабдурахьман ша махках ваьлла яьккхинчу хенахь даима Даймахке сатуьйсуш хилла. Шен махка юхаверза доьгIна ца хиллера цунна, Авторханов Iабдурахьман кхелхина 1997-чу шеран 24 апрелехь Германерчу Оьльсинг гIалахь, цигахь бусалба нехан кешнашка дIавоьллина иза.
Дудаева Билкъис
(пайдаэцна шуьйрачу хаамийн электронни гIирсийн хаамех)
Авторан сурт
№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо