Итон-Кхаьллан жовхIарех шиъ

Вайн махкахь 2009-чу шарахь дуьйна, сентябрь беттан кхозлагIчу кIирандийнахь даздеш ду нохчийн зудчунна лерина Де. Шен нене а, йижаршка а, шен къоман зударшка а болчу лерамна республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдина и де.

Луиза и Хабира

Бакъду, даздарш оцу дийне ца хьоьжуш, хьалххе дIадуьйлало вайн республикехь. Ерриге а ярташкахь, гIаланашкахь дIахьош хуьлу цу денна лерина мероприятеш, концерташ,  суьйренаш.

Хууш ду, деза дукъ ду хIора а нохчийн зудчунна тIехь. Ков-керт лелор а, лула-кулахь магар а, берийн хьашташ кхочушдар а, уьш кхетош-кхиор болх а цунна тIехь бу. Шена лерина дезде хилар, зудчунна доккха совгIат ду.

Иштта хетачарах ю Итон-Кхаьллан районан администрацехь болх беш йолу Магомадова Хабира а, Берсункаева Луиза а. ТIом  дIабаьлчахьана, цу юьртахь администраци кхоьллинчу дийнахь дуьйна, цигахь болх беш ю Хабира. Кху шарахь 15 шо кхочу цо и болх бен. Дуккха а хьаькамаш а, белхахой а хийцабелла оцу хенахь, амма Хабира балхах дIа ца хаьдда. Шен болх дика хууш говзанча ю иза. ГIо-накъосталла оьшучунна гIо дан кийча ю, дагара дийца дика адам ду, – иштта хастайо иза цуьнан белхан накъосташа. Цуьнгара гIиллакх доккхур дац цхьамма а,  нохчийн оьзда йоI иза хилар цуьнан куьце хьаьжча а гуш ду.

Иштта шех лаьцна дийца алссам диканиг долуш ю цуьнан белхан накъост а, доттагIа а йолу Берсункаева Луиза а. Иза кху администраци болх бан мелла а тIаьхьа еана, амма цо сихха гайтира, шен хаарш а, говзалла а, муьлхха а ша тIелаьцна болх кхочушбийр болуш ша хилар а. Луизин доьзалехь 4 кIант ву. Уьш тахана цунна дика накъостий бу. 3 кIант белхаш беш ву, жимах верг доьшуш а, керта хьожуш а ву. Царех йоккхайийна ца йолу нана. Халонаш а, харцонаш а лайна цу зудчо, амма дерриге а лан ницкъ тоьура шен берийн бIаьра хьажча. Иштта  ю бакъйолу нохчий зуда.

Дала шайн дагахь мел долу диканиг кхочушдеш,чекхдаьллачу Нохчийн зудчун денца декъала дойла шу, тхан хьоме йижарий.

А. АЛИЕВА

Суьрта т1ехь: Х.Магомадова, Л.Берсункаева

 

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: