ЗаьIапхойн а, баккхийчу нехан а гIайгIа бо

Гуьмсан районерчу бахархошна социальни кхачояран комплексни туьшан (КЦСОН) куьйгалло «Россин Федерацехь бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран баххийн хьокъехь долу №442-ФЗ закон кхочушдарца доьзна белхаш д1ахьо. КЦСОН-н директоран Ш.А.Дуруевн къамелаца дог1у, туьшан болх баккхийчу нехан а, заь1апхойн а хьашташ кхочушдарна т1ехьажийна хилар. Царна дечу г1оьнна  юкъадог1у яах1ума ялар, социально-психологин а, могашаллин а, бакъонан а г1о дар. Цул сов, нах балха х1итторехь а, мукъа хан д1аяхьарехь а, велларг д1аверзорехь г1уллакхаш до. Г1о до ц1ахь а, социальни хьашташ кхочушдаран учрежденешкахь а. Комплексни туьшан белхахоша тидамехь латтадо бахархойн дехарш г1о оьшуш болчеран социальни-экономикин хьелаш. Т1аккха къастайо г1о эшаран кепаш а, хан а: гуттар а, цхьана ханна, цкъа.

Туьшан куьйгалло пачхьалкхан, муниципальни, пачхьалкхан йоцу органаш, юкъараллаш, могашаллин, дешаран, миграцин учрежденеш, иштта динан а, юкъараллин а организацеш  кхойкху бахархошна социальни г1о дарца доьзна долу г1уллакхаш къасторца бечу белхашна юкъа. Туьшан болх регионехь долчу социально-демографин, экономикин г1уллакхе, бахархойн хьелашка а, къоман ламасташка а хьаьжжина хуьлу. КЦСОН-хь болх беш кхо отделени ю: баккхийчу нехан а, заь1апхойн а хьашташ ц1ахь кхочушдаран; баккхийчу нехан а, заь1апхойн а социально-могашаллин хьашташ ц1ахь кхочушдаран баккхий нах а, заь1апхой а денна лелоран.

Хьашташ ц1ахь кхочушдаран отделенин хьесапехь 644 стаг ву, шайх 168 заь1апхо а, кхиберш къаной а болуш. Царна юкъахь цхьалха 1аш болу бахархой а, къоьлла ерш а, Сийлахьчу Даймехкан т1еман декъашхойн х1усамнаной а, иштта кхиберш а бу.

Туьшан белхахоша г1о до заь1апхошна а, цхьалха болчу баккхийчу нахана а гуонахарчу хьолех уьш болийтархьама. Леррина болчу белхахоша эца а оьцуш, царна д1ахьо кхачанан сурсаташ, г1о до яах1ума ярехь а, чоьнаш чохь ц1ано латторехь а, бедарш йиттарехь а, хи дарехь а. Иштта г1о до бакъонийн г1уллакхаш кхочушдарехь а: оьшуш долу кехаташ кечдар, «Къинхьегаман ветеран» ц1е яларца боьзна белхаш бар. Далучу аг1ор медицинин декъехь накъосталла а до.

Дийнахь 1еран отделени 10 меттиг а йолуш, баккхийчу нахана а, заь1апхошна а лерина ю, нагахь санна уьш атта лелалуш бацахь, я шайна дола далуш бацахь. Туьшан г1ишло чохь оьшучарна  социально-медицинин а, психологин а, мукъа хан д1аяхьарца оьшуш долу а г1о до. Кхуззахь царна дийнахь кхузза кхача а ло.

И.ХАСАХАНОВ

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: