Дин лело паргIато ю гIирмахойн

ГIирма Республикин правительствон вице-премьера Бальбек Руслана ТАСС хаамийн агентствога хаам ма-барра, кху шарахь дуккха а  гIирмахоша хьаждина .

«Кху шарахь баккъал а дукха хьажой бу ГIирмера хьаждан бахана. Республикина 300 стагана квота елла. Цул сов, ГIирмерчу гIезалойн жигаралла тидаме а эцна, квота 322 стагана алсамъяьккхина. ДIадаханчу шарахь 150 бен ца вахийтинера.  ГIирма Украинна юкъахь йолчу хенахь, хьаждан ГIирмера уггаре а дукха 100 стаг бен ца  воьдура» – дийцира Р.Бальбека.

ГIирмин бусулба динан урхаллин векалша хьалхо хаийтинера, Украинин Iедал ахгIайренан бахархошна хьаждар кхушара дехка гIоьртина хилар. Церан хаамашца, гIезалойн къоман гIуллакхашкахула волу векал Джамилев Мустафа а, Украинин арахьарчу гIуллакхийн министр Климкин Павел а, СаIудин Аравин Киевехь волчу векалца Алхазал Джужица цхьаьнакхетта хилла, цуьнгахула ГIирмера бусулба нахана Россин квотехула хьаждан боьлхуш болчарна визанаш ялар сацоран Iалашонца. Амма цара бохург къобал ца дина.

«Украинин МИД-о ечу дуьхьалонашка хьаьжна ца Iаш, СаIудин Аравис хаийтира, дин политикица доьзна  цахилар. Цундела  цхьа а хало йоцуш,  хьажошна визанаш елла», – тIетуьйхира вице-премьера.

ТIедогIучу шарна, гIирмахошна  400 стагана  квота лур ю аьлла, оьшуш хилахь, иза 600 стагана яла пурба а делла.

Кхолладеллачу хьолехь гуш ду ахгIайре Россех схьакхетарца цигарчу бахархойн дин лелор маьрша даьлла хилар. Дуьненна а балеяьлла йолчу Iамаркана йохка а елла шен къомана тIехь ницкъ латтош ду Украинин куьйгалла. Шен хенахь, нийса некъ хаьржина, Россин Федерацих схьакхетар  бахьана долуш,  маьрша еха ГIирма. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана  уггаре а хьалха ГIирмин куьйгалле доттагIаллин куьг кховдийра. И билгалдоккхуш «ГIирма юхаерзорна» мидал а елира цунна.

М.КАНТАЕВ  

 

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: