Дукха хан ю вайн республикин телеканалашкахь йолчу рекламаша вайн садуу. Кхеташ ду цхьана нехан иза болх хилар а, шайн цхьа Iалашо юьхьарлаьцна цара уьш гойтуш хилар а. Новкъа дерг кхин ду: вайнехан гIиллакх-оьздангаллица догIуш доцург нисло цхьаболчу рекламашкахь. Делахь а, федеральни каналашкахь и шогаллаш хилар тидаме оьций, дуьненна дерг ловзар ду олий, паргIатдовлу вай. Нохчийн Республикин ТВ декхарийлахь ю заманан лехамашна жоп дала. Юкъ-кара реклама ца гайтича ца бовлу цуьнан белхахой а. Хьовсархойн дехарш тидаме эца декхарийлахь ю къоман куьзга хилла дIахIоьттина Нохчийн ТВ а. Шайн продукцина реклама ян луурш хила тарло цу хьовсархошна юкъахь а. Амма и реклама къоман гIиллакхашна бIостанехьа йирзина нисъелча мелла а дог шелло. Кхечу къаьмнех дIатардала лааро вешан хотIах дохадо вай. Масала, дукха хан йоццуш гучуйийла йолаелла «Серноводская» цIе йолчу минеральни хина еш йолу реклама. Схьагойтучу суьртехь урам-новкъарчу гIентахь жима стаг ву морожни юуш хиъна Iаш. Хьеха ца деш дуьтур вай вайнехан гIиллакхашца, нахана гуш жимчу стага бага меттах хьееш товш цахилар. Вохвелла хир ву миска, кху шарахь Iаламат йовха яра, са кIезигчу нахана гIиллакхаш дагадогIучохь дацара. Амма. Цунна тIе вогIу кхин цхьа жима стаг. Салам дац, жIалам дац! Цхьамма эккхийна валийча санна, гIелвелла кеп оьций, охьахуу, оццу гIента, хиъна Iачунна агIонах агIо тухуш, цу пекъаре морожнин цинц Iанабойтуш. ТIаккха катухий, мичара дели ца хууш, схьаоьцу минеральни хи чохь долу шиша, и ирх дерзадо, кхагар воьлла леш воллуш санна… Дуьйцийла йоццуш дика хи ду «Серноводская». Амма и тайпа реклама гиначо кIезиг лоьхур ду-кх иза. Вайнахехь товш ма дац, уллехь волчуьнга «молий ахь» ца олуш хи малар. ТIевеанчо салам дала ца деза? Хиъна Iашверг хьала айъавала ца веза? Ишта Iамийна дац вай вешан оьздачу дайша??? Вайн тIекхуьучу чкъурана хIун Iемар ду-те и тайпа рекламаш алсам йовлахь?..
Газиева Аза
№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо