Шейх Халифан цIарахчу фондан векалш – Нохчийчохь

Х1окху деношкахь Iаьрбийн вовшахтоьхначу Эмиратийн шейх Халифан цIарахчу фондан векалш Нохчийчохь хилира. Аэропортехь уьш тIелецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас а, Регионан Правительствон жимачу бизнесан, предпринимательствон Комитетан председатела Шуаипов ШаIранис а.

Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан гIоьнчас Анзоров Анзора аьлла ма-хиллара, Халифан цIарахчу фондо республикин жима а, юккъера а бизнес кхиоран декъехь 50 млн. доллар юкъадиллина.

Билгалдаккха догIу, цара Соьлжа-ГIалин «Грозный Ситин» хьешацIийнан залехь дIаяьхьначу кхеташонехь белхан тоба кхолла сацам бина хилар а. Цара дийцарехь, Нохчийн Республикера ши векал говзалла лакхаяккха Абу-Дабе гIур ву. Цул тIаьхьа, уьш вайн республике юхабаьхкича болх дIаболор бу керла кхоьллинчу белхан тобано. Оцу гIуллакхо аьтто бийр бу жима а, юккъера а бизнес кхиорехь.

И.МАТАГОВ

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: