Ненан мотт биц ца балийта…

Кху деношкахь Иорданерчу Заркъан гIалахь дIадаьхьира нохчийн маттана лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш 20 сов стаг вара. Адамаш кIезиг хиларан бахьана дара, цхьаьнакхетаре Иорданера нохчийн меттан говзанчаш бен цига кхайкхина цахилар.

«Нохчийн суьйренаш» цIе йолу гуламаш сих-сиха бо цигарчу нохчаша. Амма  нохчийн маттана лерина хIара цхьаьнакхетар дIадахьар доьзна дара, нохчийн  мотт бийцарца долу хьал ледара  хилар.

– Дуккха а нохчий вовшах а кхеташ, сих-сиха гуламаш бо оха. Тхан массеран а сацамца, оха царна «Нохчийн суьйренаш» аьлла, цIе  тиллина. Цигахь Iер-дахаран хьокъехь къамел хуьлу тхан. Делахь а, хIокху  цхьаьнакхетарехь, нохчийн меттан Иорданерчу говзанчех,  20 стаг вара. Стенца доьзна дара хаьий шуна иштта цхьаьнакхетар дIадахьар. БIе сов шарахь буьйцуш, Иордане кхаьчначу  нохчаша  ларбеш. Кху дийне схьабеана болу нохчийн мотт тIекхуьучу чкъуро бицбан болийна. И чолхе хьал дийцаре дарца доьзна дара-кх, – элира Бакийр Iабдул-Хьамида.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш кIезиг адам хиллехь а, цуьнан мехала жамIаш ду: Иорданехь нохчийн маттаца долу хьал тергонехь латтор, кегийрхошна нохчийн мотт Iаморан школаш яхка фонд лахар, Нохчийчохь нохчийн мотт кхиорехь дIахьош йолу гIулчаш тидаме эцар.

– Суна маттана лерина цхьаьнакхетар дIадахьа дагадеанехь а, накъосталла а деш, жигара дакъалецира цигахь  Нохчийн-Iаьрбийн дошам хIоттийна волчу Бати Ахьмада. Иштта гуламна кечамаш барехь доккха гIо лецира Шердо Наеф Ткъарига а. Цу шинна  доккха баркалла ала луур дара суна. Сайн къамел дерзош, ала луур дара кхидIа а, нохчийн меттан кхузара хьал дийцаре даран а,  цунна тIехь терго, тидам латторан а Iалашонца  иштта  болу  гуламаш дIахьуриг  хилар. Цу тIехь къахьега ойла йолуш ву со, – тIетуьйхира Бакийр Iабдул-Хьамида.

Иштта Бакийр Iабдул-Хьамида доцца дийцира Иорданерчу нохчех лаьцна а. Цо дийцарехь, нохчий къаьсттина дукха  бу Амманехь, Суелехь а, Заркъехь, дозанашкахь а, царна гуонаха а.

–  Кхузарчу нохчаша шайн  тергонехь латтабо вайн цIахь хуьлуш болу хиламаш. Вайнехан шира эшарш а, цхьайолу байташ а Iамайо. Амма нохчийн литературин книгаш кхузахь кIезиг хилар бахьана  долуш хало  хуьлу и  белхаш дIабахьа. Интернет чохь хIинц-хIинца бен ца болабелла нохчийн мотт баржоран болх. Цундела, со тешна ву, нохчийн меттан шен хаарш  кIаргдан луучунна аьттонаш хирг хиларх. Иштта шайн орамаш диц ца дан а гIерта хIорш. Амма цхьа хIума ду: шайн тайпанаш девзаш дуккха а нах белахь а, тукхумаш девзаш чIогIа кIезиг бу. Иза кхеран дерриге а дахар Iаьрбийн культурица доьзна хилар ду, – дерзийра шен къамел Бакийр Iабдул-Хьамида.

Шайн цхьаьнакхетар дерзош, Иорданерчу нохчийн меттан говзанчаша маршалла даийтира Нохчийчу. Къаьсттина цу юкъара суна тайнарг дара: «…тхо Иорданехь Iарх а, шу Нохчийчохь Iарх а, оха цкъа а дицдийр дац вай цхьа къам хилар!».

И.ХАСАХАНОВ

 

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: