Хьан дуьхьа, нохчийн зуда!

Стомара Нохчийчоьнан ерриге а гIаланшкахь, районашкахь, ярташкахь даздира  Нохчийн зудчун де. Цунна кечамаш бар хьалххе дIадолийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочун заместитель Дулаева Хедижат коьртехь йолчу вовшахтохараллин комитетан декъашхоша.

1111111

Министрийн кабинетан декъашхоша а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн, тайп-тайпанчу ведомствийн векалша а дакъа а лоцуш дIаяьхьначу тIаьххьарчу кхеташонехь Дулаева Хедижата элира: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца юкъадаьккхина долу Нохчийн зудчун деза Де нохчийн зударшна, вайн наношна, йижаршна, йоIаршна баккъал а деза де хилла дIахIоттийтархьама вай дерриге а дан деза». Цара иштта дан а дира.

ХIоттийначу программица нийса а догIуш, 20-чу сентябрехь Хаьнгиш-Юьртахь д1адаьхьначу даздаршкахь дакъалецира Х.Дулаевас, министра Д.Умаровс, Соьлжа-Г1алин мэра М.Хучиевс, кхечара. Республикерчу ерриге а гIаланашкахь, районашкахь  вайн зударийн самукъадоккхуш бара нохчийн эстрадин артисташ, исбаьхьаллин самодеятельностан коллективийн декъашхой, къаьмнийн культурин туьшийн векалш. Цуьнца цхьаьна д1аяьхьира тайп-тайпана конкурсаш, спортан турнираш, суьртийн гайтамаш, и.дI.кх.

Цул совнаха, регионан библиотекашкахь д1аяьхьира «Хьомсара зударий», «Даима а малхо хьоьстийла шу» цIе йолу литературин-эшарийн суьйренаш, книгийн гайтамаш, цхьамогIа кхин мероприятеш.

Нохчийчоьнан школашкахь 7-чу сентябрехь дуьйна а дIахьош дара Нохчийн зудчун денна лерина даздарш. Цигахь жигара дакъалоцура дешархоша а, хьехархоша а. Цара цхьаьний вовшахтоьхначу даздарийн гIуллакхашкахь дакъалецира дешархойн наноша а.

Даздаршна юьстах ца йисира республикера цхьа а министерство, ведомство. Къаьсттина жигаралла хаалора физически культурин а, спортан а министерствехь. Цуьнан векалша вовшахтуьйхира мини-футболах, волейболах, шахматех ловзаран, езачу атлетикехула, дзюдохула долу къийсадаларш.

Делахь а коьрта даздарш д1адаьхьира вайн пачхьенерчу пачхьалкхан театрально-концертни залехь. Цига веара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Парламентан председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, и д1.кх.Кадыров Рамзана нохчийн берриге а зударий декъалбира дезчу Денца. Ткъа «Firdaws» ц1ийнехь д1адаьхьира нохчийн зударийн духарш гайтар. Цигахь а дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ткъа оцу ц1енна  хьалхарчу майданахь боккха синкъерам хIоттийра. Даздарш шатлакхца дерзийра.

Д.АНАДЕВ

 

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: