Дешарца дика лараво

Къилба Россехь уггаре а йоккха  Iилманан, дарбанан туш йолчу Ростоверчу пачхьалкхан медицинин университете деша вахана кху шарахь вайн махкахо Эмзаев Валид. 2015-чу шарахь тIехдикачу хааршца Гуьмсе гIалин №4 йолу юккъера школа чекхъяьккхинчу цо хаьржинарг ю цигара педиатрин факультет.

Вай цIе яьккхина вуз схьайиллина 1930-чу шарахь. 1994-чу шарахь пачхьалкхан университет йина цунах. Цунна юкъайогIу 11 факультет, колледж, клиника, Iилманан-талламан институташ, дуккха а лаборатореш. Вузехь доьшуш ву  лаххара а 7 эзар студент. Кхин оццул лор шайн говзалла лакхаяккха а вогIу цига хIора шарахь.

Эмзаев Валид Ростове деша вахарх цецвала хIума дац. Нохчийн кица а ду, кIохцал жима долуш дуьйна долу ира, аьлла. Школин тоьллачу дешархойх вара иза. ХIуманан иэс долуш, дешарца йоьзна йолу Iалашо шена хьалха хIотто а, иза кхочушъян а хууш. Хьуьнарш зиэрехула дIабаьхьначу тайп-тайпанчу къийсамашкахь (школехь, кIоштахь, республикехь) юьхькIоме гайтина цо ша.

КIанта билгалдаьккхира: «Хьехархо Ольмесова Рамзанан Гульнара ю суна элпаш Iамийнарг. Цо гIо дира суна а, сан нийсархошна а керланиг довза, дешархошца вазалуш-тарлуш хила, халонаш иэшо, кхиамашка сатийса. Школера сан хьалхара денош, шераш башха самукъане а, беркате а хилира аьлла хета суна…»

Валидна  къаьсттина дукхадезара хьесапдаран Iилманаш: математика, хими, биологи. Тахана вайн дешархошна юккъехь муьран зорбанах пайдаоьцурш суна дукха ца хаало. ХХ-чу бIешарахь вайнах муьлхачу шарахь махках бехира цахуурш хаало студенташна юкъахь а. Ткъа Эмзаев Валида школан дешархо а волуш доьшура «Даймохк», «Вести Республики», «Гумс» газеташ, «СтелаIад» журнал, иштта дIа кхидерш а.

Математикехула йолчу школан а, кIоштан а олимпиадашкахь а, «20I5-чу шеран дешархо» конкурсехь а, «Массарел а хьекъале» цIе йолчу телепередачехь а, грэпплингехула йолчу республикин турнирехь а дакъалаьцна цо. Школера дешар эвсара хилийтархьама хIара я иза юкъадалийча дика хир дара олуш а, цу хьокъехь шен ойла, хетарг долуш вуй а  хиира тхуна Валид.

«Цхьаболчу дешархоша чIогIа ледара кхочушдо дешарца доьзна долу шайн декхарш. Цул сов, классерчу дешархошна деша а, хьехархочунна хьеха а новкъарло еш берш а хуьлу. ХIун ду аьлла хета хьуна ишттачу хьолан бахьана, хIун хьехам бийр бара ахь оцу тайпанчу дешархошна?» – аьлла оха шега хаттар дича, Эмзаевс жоп делира:

– Хетарехь, цара кIезиг ойла йо хиндолчун, кхана шайн дай-нанойн метта шаьш дIахIитта дезаран а, шайна а, шайн доьзалшна а рицкъа даккха дезаш хиларан а. Деша аьтто боцуш бераш хир дац тахана. Тахана санна шайн дас-нанас шаьш даима кхобур ду моьтту цхьаболчарна. Иза гIалат ойла ю. Уьш нисбала беза, ойла а йина, шаьш лелочун хьесап а дина.

Иштта маьIне бу тхан дехарца Эмзаев Валида 20I5-чу шеран сентябрехь I-чу классе деша даьхкинчу берашка бина кхайкхам а:

– Лараме дешархой! Дахаран Iаламат мехала мур бу шуна тIехIоьттинарг. Дешаррий, низамехь, шаьш-шайн бохамах лардеш дахаррий хила еза шун коьрта Iалашо. Шун хаарийн кIоргаллех, шайна хуучух тоам ца барх доьзна хир ду шун дахарехь дуккха а. Дика дешарца пайда бу, беркат ду. Ткъа оцу ниIматан дакъа шуна-шайна кхаьчна ца Iаш, шун йиша-вешина а, юьртахошна а, махкахошна а, ерриге а юкъараллина а, тIаьхьенна а кхочур ду. Мало еш ма хила, сема а, жигара а хила. Дала шайна деллачун (хенан-оьмаран, могашаллин, кхин а дуккха а долчун а) тIалам беш а хила! Аш доьшуш хьегна къа эрна довр дац, шен хан кхаьчча шун хаарша беркате стом лур бу!

Иштта кхетаме а, кханенан ойла  еш а  волчу Эмзаев Валидан аьтто хуьлийла лаьа вайна лоьран Iилма карадерзорехь а, цунах хьанал пайдаэцарехь а.

А.ГАЙТУКАЕВ

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: