Кхарачойн-Чергазийчохь – Дуьненаюкъара турнир

ХIокху деношкахь Кхарачойн-Чергазийн Республикехь  дIаяьхьира  Кхарачойн-Чергазийн  Республикин Президент хиллачу Эбзеев Борисна лерина йолу  паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кхиазхойн  Дуьненаюкъара  турнир. Цигахь дакъалоцуш  бара ерриге  Россера а,  дозанал арахьара а спортсменаш. Нохчийн Республикера цигахь  дакъалоцуш вара 7 спортсмен.

 

Къийсадаларш дIадаьхьира  кхаа дийнахь.

Турнирехь  шолгIа меттиг  яьккхира вайн махкарчу Сагалов Дамана  (82 кг.) – Р.ДЮСШ,  ткъа кхоалгIа меттиг яьккхира Исаев ИбрахIима (+100 кг.) – РДЮСШ.

Спортсменаш Iамош схьавогIуш  ву Мучураев  Исруди. Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

 

З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: