Соьлжа-ГIаларчу №35 йолчу «Белочка» берийн бешахь кхетош-кхиорхо ю Эльмурзаева Хьавраъ. ЦIера Жимачу АтагIара ю иза, амма Соьлжа-ГIалахь йина а, яьхна а ю. Соьлжа-ГIаларчу №40 йолчу школехь дешна цо. ХIетахь-м хьехархо хила сатуьйсура цо, амма цунна ма-хетта ца хилира. Школехь доьшучу хенахь историн урок къаьсттина дукхаезара цунна. Цундела, ша берашна истори хьоьхур ю аьлла хетара цунна. Замано кхин некъ гайтира. Школехь дешна а яьлла, Юкъарчу кхачанан технологин Ставрополерчу институтан заочни отделене, технологан корматалла караерзо, деша яхара иза.
Цигахь 5 шарахь дийшира цо. Хьавраа дийцарехь, цо хаьржинчу корматаллица богIуш болх ца карийра цунна.
1981-чу шарахь доьзал кхоьллира цо. Цхьа хан яьлча, новкъахь хиллачу бохамехь кхелхира цуьнан хIусамда. Жимачу шина кIантаца ша йисира иза. ТIаккха цуьнан балха яха дийзира. Шен гIуллакхе хIоразза а дIасайоьдуш, шайна гена йоццуш йолчу, да-нана доцчу берийн школа-интернатан тидам бора цо. «Ма къа ду-кх цу берийн», – дагатосура Хьавраъна. Иштта, 1998-чу шарахь оцу школа-интернатан директора, балха а кхайкхина, цига балха яхара иза. Уллехь да воцуш шен доьзал кхиочу цунна хала дара да-нана доцчу берашца болх бан. Церан гIийла хьажаро хIоразза а чов юьтура цуьнан даг тIехь. Дов дан дезачохь дов дан а дезара царна, Iамо безачохь Iамо а безара, хьехарш дан деза меттигаш а нислора, амма Хьавраана царах ч1ог1а къахетара.
«Цхьана дийнахь цигарчу цхьана кIантана тIаьхьа баьхкира цуьнан гергара нах, и дIавига. Оцу кIентан бIаьргех хиш оьхура. Ца лаьара цунна дIаваха. Цунах цецъяьллачу ас, цунна дIаваха цалааран бахьана хаьттира. «Сайн цIа ца хетачу нахе Iен дIаваха ца лаьа суна. ХIара школа-интернат суна дуккха а герга хета», – элира цо. ТIаккха иза хиъначу ас дехар дира школа-интернатан директоре и кIант дIа ма вигийта аьлла. Иштта висира иза цигахь», – дуьйцу Хьавраа.
Иштта, 16 шарахь болх бира цо цигахь. И хан Хьавраана шен дахарехь уггаре а маьIне меттиг дIалоцуш хета. Ца хоьтийла а дац. Цаьрца болх бина ца Iаш, цIа яханчул тIаьхьа а хIора берах дог лозуш, церан кхолламан, да-нана уллехь доцуш церан дIаиккхина йоьдучу бераллин, кхидIа церан хиндолчу дахаран ойланаш еш хан йоккхура цо. Ткъа иза лан атта дац. Жимачохь шен хилла сатийсам кхочуш хилийтаран лаамца, 2000-чу шарахь иза деша яхара Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультетан заочни отделене. 2006-чу шарахь чекхъяьккхира цо иза.
2013-чу шарахь еара Хьавраъ «Белочка» берийн беша балха. Да-нана доцчу берашца болх бинчу цунна хала ца карийра берашца бийца мотт. «Бераш дезаш воцчуьнга хIара болх балур бац», – боху цо. Цо дийцарехь, берашца болх бан лаам берг собар долуш а, берех кхеташ а хила веза. Иза иштта ца хилахь берийн бешахь хьелур вац цхьа а.
ТIехь да вацара аьлла ца Iаш, шен 2 кIант ийманехь кхиийна цо. Цаьрга деша а дешийтина, уьш дахаран новкъа а баьхна. Цо гойту иза хьуьнар долуш зуда хилар.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо
