Меженаш лелар ледара долчу берашна а, кхиазхошна а лерина И.С. Тарамовн цIарах йолчу республикин реабилитацин туьшахь могашалла ледара йолчу берийн самукъадаккхарна лерина концерт вовшахтуьхийра Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин ОГИБДД-н пачхьалкхан инспектора, полицин капитана Ш.Бекиевс, Нохчийн къоман Х.Нурадиловн цIарахчу театран «Самукъане чкъург» музыкальни постановкин артисташца.
Бекиев Шамсудди вистхилира цхьаьнакхетар долалуш: «ХIокху берийн, церан нанойн жимма самукъадаккхар чIогIа мехала хета суна. Аш мел деш дерг Дала Шен дуьхьа лорийла! Дала могашалла латтайойла шуна массарна а!».
Зал юьззина нах бара шайн берашца. Шайна иштта деза де хIотторна самукъадаьллера берийн. ХIора а хелхаран эшарца бераш сцени тIе кхойкхуш, цаьрга хелхарш дойтуш, юкъ-кара спектаклан сценкаш гойтуш дIаьяьхьира концерт.
– Дуккха а меттигашка кхочу тхо концерташца, амма иштта даггара тхо тIе оьцуш а, тхуна иштта тIараш детташ а хьовсархой цхьанхьа а ца хуьлу. Оцу берашна хьалха лаьтташ тхайн хуьлу дог-ойла йицлур яц. Кест-кеста церан самукъадаккха лаар бен цахуьлу дагахь, – дийцира Х.Нурадиловн цIарахчу театран артиста Хасанов Тимир-Булата.
Концерт ерзош реабилитаци яран туьшан белхахоша, берийн наноша даггара баркаллаш бехира Ш.Бекиевна а, театран белхахошна а.
Хь.АВХАДОВА
№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо