26-чу ноябрера 28-чу ноябре кхаччалц «Керла тIаьхье – доза доцу жоьпалла» («Новое поколение – ответственность без границ») аьлла кегийрхойн дуьненаюкъара III-гIа форум дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос.
Хьалхарчу дийнахь хьешашна Соьлжа-ГIалин сийлаллин меттигаш гайтира. Цул тIаьхьа царна лерина концертан программа дIаяьхьира. ШолгIа де дIадолийра «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексана хьалха зезагаш дахкарна тIера. Цигахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу музейхь хилира хьеший. 11 сахьт даьлча, форум схьайоьллуш, «Россин-азербайджанан кегийрхоша цхьаьна болх бар» аьллачу темина пленарни кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Дааев Хож-Баудис, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочун заместитела Сапрыкин Юрийс, Юкъараллин цхьаьнакхетараллин «Россин кегийрхойн а, берийн а цхьаьнакхетараллин къоман Совет» ассоциацин председатела Петушков Григорийс, Азербайджанан кегийрхойн а, спортан а министран заместитела Бабаев Интигама, Кхарачойн-Чергазийчоьнан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу урхаллин куьйгалхочо Эркенов Анзора, кхиболчу официальни наха. Билгалдаккха деза, Азербайджанерчу делегацин юккъехь 49 стаг хилар.
Цхьаьнакхетар долош, Дааев Хож-Баудис Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера салам-маршалла делира хьешашка. «Тхуна вуно маьIне а, мехала а ду Кегийрхойн дуьненаюкъара III-гIа форум Нохчийчохь дIаяхьар. ДоттагIаллин, вежараллин юкъаметтигаш чIагIъярна оьшу кху тайпа цхьаьнакхетарш. Со тешна ву, нохчийн лаьтта тIехь дIахьочу хIокху форумо Россина а, Азербайджанна а диканиг дохьург хиларх», – элира Х.-Б.Дааевс.
Делкъал тIаьхьа тайп-тайпанчу секцешкахь кхидIа дIабаьхьира форумо шен болх. Цу юкъахь дара «Россин Федерацин а, Азербайджанан а кегийрхойн организацийн цхьаьнагІуллакхдар: кхузаманан хьал, хиндерг а», Россехь а, Азербайджанехь а», «Пачхьалкхан кегийрхойн политика а, кегийрхойн болх а «Къоначу махкахойн Россехь а, Азербайджанехь а долу хьал. Кегийрхой цхьаьнатохарехь кегийрхойн организацеша лелош долу маьIна», «Кегийрхойн дахарехь культурашна юкъахь хуьлу къамел: хаамийн технологийн тIеIаткъам» аьллачу теманашца дIадаьхьна диъ цхьаьнакхетар.
Форумехь дIабаьхьначу белхан жамIашца тIеэцна резолюци проект. ХIора секцин дакъалацархоша шайн-шайна хетарг юкъадиллина оцу резолюцина. Иштта, хIора шарахь гуллуш, доттагIаллин юкъаметтигаш кхио а, цхьаьна къахьега а сацам хилира форумехь дакъалаьцначу кегийрхойн. Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира форуман болх шина а агIонна (Россина а, Азербайджанна а) пайдехь хирг хилар.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт