Дуьненаюкъара театральни фестиваль хилира кху деношкахь Самарехь. 16-чу сентябрехь дIайолаелла 20-гIа сентябрь кхаччалц яра иза. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара тайнигийн театраш яра цигахь дакъалоцуш: Индера, Португалера, Мисарера, Иранера, Сербера, Беларусера, иштта кхечанхьара. Россин дукхах йолчу регионашкара кхоллараллин тобанаш яра шайн хьуьнарш гайта цига гулъелла: ГIезалойчуьра, Башкортостанера, Мордовера, Бурятера, иштта кхечанхьара. Дерриге а дуьненахь цIарна цIе яххана евза Москвара С.Образцовн цIарах йолу тайнигийн театр яра цу маьIнечу фестивалехь дакъалоцуш. Хазахетарца билгалдаккха лаьа Нохчийн Республикин пачхьалкхан тайнигийн театро цу фестивалехь кхиамца дакъалаьцна хилар. «Золотой скакун» цIе йолу спектакль яра вайн махкахоша фестивале яьхьнарг. Театран репертуарехь керла постановка ю иза. Леррина Мордовера режиссер Л.Шахова кхайкхина, А.Ахматовас яздина туьйра бухе а диллина вайн актерашца цо хIоттийна. Нохчийчуьрчу бераша езаш тIеэцна яра спектакль. Цундела цхьана а кепара шеконаш йоцуш театран куьйгалло сацам тIеийцира «Золотой скакун» Самаре фестивале яхьа. И нийса сацам хиллера.
Шен коьртехь Голдовский Борис волуш йолчу лерамечу жюрис лаккхара мах хадийра вайн махкахойн кхоллараллин белхан. Ткъа жюрин декъашхой бара: Россин культурин министерствехь берийн театрашна Iуналла дечу отделан куьйгалхо Глазунова Ольга, Искусствоведчески Iилманийн кандидат, театральни критик Некрылова Анна, иштта кхиболу театран говзанчаш а. Атта дацара и тайпа говзанчаш резабан. Делахь а, Сагаев Мусас куьйгалла ден Нохчийн Республикин тайнигийн театран коллектив лаккхара корматалла йолуш ю. Иза вайна массарна а юьхькIам бу. Дуьненаюкъарчу фестивалехь кхиамца дакъалацар билгалдоккхуш Сийлаллин диплом делира Нохчийн Республикин пачхьалкхан тайнигийн театрана. И боккха кхаъ бу вайнехан театральни искусство езачарна. Вайна массарна а доккха дозалла ду иштта маьIнечу дуьненаюкъарчу театральни фестивалехь хьакъ долчу тIегIанехь хьуьнарш гайта гуьнахь долуш тайнигийн театрехь похIме актераш хилар.
АРАПХАНОВА Аза
№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо
