ПохIме композитор

Даудов Рамзан вайн республикехь вевзина ца Iаш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь вевзаш композитор ву. Кхо бIе сов мукъам баьккхина цо. Уьш берриге а вайн къоман музыкальни культурин хотIехь, ладогIархойн лерса хьоьстуш бу. Цундела нехан къаьсттина самукъадолу царех. Композиторан дукхах болу белхаш къоман эстрадин классика ларалуш бу. Иштта говзанчаша а лаккхара мах хадош  бу цо баьхна мукъамаш.

04

Шен дукхахболу нийсархой санна Казахстанехь вина Даудов Рамзан, 1955-чу шеран 1-чу декабрехь. Бакъду, Рамзан школе вахале цIаберза бакъо елира вайнахана. Шен дай баьхначу ГIойтIа цIавоьрзу доьзал балош Рамзанан да а. ГIойтIахь чекхъйоккху хинволчу композитора юккъера школа. Дийца даьккхиначуьра аьлча, жимчохь иза шен дахар спортаца доза дагахь вара. БIаьрла кхиамаш а бара баьхна, масала греко-римски кепехь охьатохарх леташ дIахьочу къийсадаларшкахь.

Юккъерчу школехь дика доьшуш волчу Рамзанан кайолура  спортехь хьуьнарш зен а, вокальни кружокехь дакъалаца а. Делахь а мукъамашка болу безам нуьцкъала хиллачух тера ду, заманан йохалла и гIуллакх дIатасалуш ца хилча. 1976-чу шарахь Даудов Рамзан деша воьду Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище, мукъамийн исбаьхьа къайленаш яста, говзалла кхион а вокальни отделени хоржу. Билгалдаккха догIу,  ерриге а Къилбаседа Кавказехь тоьллачарех ларалуш яра цу муьрехь  Соьлжа-ГIалара музыкальни училищ. ПохIма а, кIоргера хаарш долуш, буххера дуьйнна музыкальни Iилма девзаш а шайн дешархой цу Iилмана тIаьхьакхио гIерташ бара цигара хьехархой. Дукха хьолахь царах схьадаьлла беркат ду тахана вай марзо оьцург. Церан дешархой бу Нохчийн Республикин музыкальни культура кхиориш, къоман культурин кханенах вайн дегайовхо латториш. Билгалдаккха догIу, цу тобан хьалхарчийн могIарехь Даудов Рамзан хилар а. Музыкальни училищ чекхъяккхинчул тIаьхьа Даудов Рамзана ГIойтIарчу музыкальни школехь хьехархочун болх бо шен юьртарчу берашна мукъамийн башхачу дуьненан къайленаш йовзуьйтуш. Амма дукха хан ялале иза, кхойкхий, Нохч-ГIалгIайн Республикин коьртачу шахьаре охьавалаво пачхьалкхан филармонехь болх бан. Шен кхоллараллин некъана юьххьехь Рамзан иллиалархо вара. Iаламат тайна аз долуш, сценически куц-кеп долуш. Ткъа мукъамаш баха-м иза студент волуш дуьйна волавелла. «Хиндолу хьоза бенахь декна» бохург хира ду-кх иза, вайн халкъалахь олуш ма-хиллара. Рамзан алссам хьуьнарш долуш стаг ву. Жимчохь дуьйна илли аларх, мукъам баккхарх тоам беш вацара иза. 1980-чу шарахь дара Хьалха-МартантIерчу кIоштан культурин цIийне иза балха веача. Цу хенахь дара циггахь «Нохчо» аьлла цIе а туьллуш цо божарийн вокальни тоба вовшахтоьхча. Корматаллин лаккхарчу тIегIанехь хиларна дукха хан ялале ерриге Нохчийчохь гIараелира и тоба. Церан иллеш халкъана, махкана дезаделира. Уьш хазаре сатесна хуьлура ладогIархой. Шайн корматалла басах а, чомах а ца талхош дуккха а шерашкахь махкахойн самукъадоккхуш болх бира цу башхачу тобанерчу артисташа. Иштта хуьлу-кх болх безарца бича. Даудов Рамзанан  похIмин беркат дара церан кхолларалла серлайохург.

Нохчийн Республикин культуран министерствехь йолчу къоман кхоллараллин туьшан директор ву хIинца Даудов Рамзан. Иза куьйгалле хIоьттичхьана Iаламат жигара баьлла туьшан болх. Дукха керла проекташ юкъаялийна цо нохчийн халкъан шира гIиллакхаш, ламасташ карладохуш. Царех дукхахъерш махкана, халкъана мерза кхаъ хилла дIахIиттина. Масала «Оьзда йоI», «Бекалахь, сан ненан мотт», «Дайн лам», «Лаьмнийн ламасташ». иштта дуккха а кхиерш. Делахь а директоран дарже кхаьчнера аьлла мукъамашна хераваьлла вац иза. Цуьнан экамчу синан цхьа тайна дакъа хилла дIахIиттина уьш. Еккъа цIенна эстрадин эшаршна а, иллешна а мукъам язбина Iаш вац Рамзан. Ши бIе сов нохчийн къоман халкъан иллийн мукъамаш ноташка берзийна цо. «Кавказан Iуьйре» цIе йолу гулам зорбане баьккхина. Берийн 25 сов эшарна баьккхина мукъам а бу цо ноташка а берзийна, зорбане баьккхина. Цунах Iаламат доккха гIо-накъосталла хуьлу вайн махкарчу музыкальни школашна. Цуьнан муьлхха а мукъам нохчийн къоман хIуо детталуш, лерса хьоьстуш хуьлу. КIезиг дац цо халкъан мукъамийн кепехь даьхна иллеш а. Вайн махкахь цIе йоккхуш болчу артисташа дIаолуш ду цо мукъам баьккхина иллеш. Мукъам Рамзана баьккхина белахь иллин кхиам хирг хиларх цхьана кепара шеко яц. Иза цкъа а кIорда ца до ладогIархошна. Цуьнан  кхоллараллин таронаш, хьанала къинхьегам тидаме а эцна Iедало делла дукха совгIаташ ду композиторан. Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъволу белхахо аьлла сийлаллин цIе лелош ву иза. Ткъа уггаре а коьртаниг Нохчийн Республикин кхоллараллин интеллигенцин шуьйрачу гуонашкахь ларамца йоккху цуьнан цIе. Бераллехь дуьйна ламазца, мархица ву Рамзан. ХIинца-м иза ХьаьжцIа ваха а ларийна. Хазахета хIайкал санна ларъеш динца йолу юкъаметтиг цо лелош. Цкъа а дош шалха ца долу цуьнан. Мичча хенахь а гIо-накъосталла оьшуш веанчунна орцах вала кийча ву. Доцца аьлча, бакъволу нохчи а, вайн заманан турпалхо ву-кх Даудов Рамзан. Ма дика ду и тайпа адамаш вайн махкахь долуш. Шайн оьздачу дахарца, хьаналчу къинхьегамца беркате серло яржош беха уьш, шайх масал эца дог доуьйтуш, кхечаьрга а хаддаза дикане кхойкхуш, дог ира-кара хIоттош, ойла тIома йохуш.

Газиева Аза.

 

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: