Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахIана Iибадат де аш, Цуьнца накъост ма лаца цхьана а хIуманна тIехь. Дена-нанна, гергарчарна, буоберашна, мискачарна, гергахь волчу лулахочунна, генарчу лулахочунна, нийсачу накъостана, некъахочунна, шайн аьтту куьйгаша доладинчарна (лешна) а дика хила шу. Баккъал а, АллахIана ца веза куралла еш верг, ша-шех тамаша бийриг». «Ан-Нисаъ», 36.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Делан Элчанца дика масал дара шуна – Делах а, къематдийнах а кхоьручарна, АллахI дукхахьехочарна». «Аль-Ахьзаб», 21.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь кхайкха хьайн Делан новкъа хьекъалца а‚ хазачу хьехамца а». «Ан-Нахьл», 125.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахIа даржехь хьалаойу шух ийман диллинарш а, шайна Iилма делларш а». «Аль-Мужадалат», 11.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь ала: «Цхьатерра буй Iилма дерш а, Iилма доцурш а». «Аз-Зумар», 9.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дала гаттонех, балех хьалхавоккхур ву кхоччуш АллахIах кхоьруш верг, ца моьттучу агIор рицкъа а лур ду Цо цунна». «Ат-ТIолакъ», 2-3.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь ала: «ХIай сан Дела, Iилманехь совваккхахь со». «ТIохIа», 114.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шух хIора а Iу ву, хIораммо а жоп лур ду шен Iуналлех».
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, хьоьгахь ши хIума ду, АллахIана дукхадезаш долу: кIеда-мерза а, собаре а хилар». Муслим.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, АллахI Къинхетаме ву, къинхетам безаш а ву. Цо ла а ло къинхетамечунна, шогачунна ца лурриг, я кхечунна ца лурриг». Муслим.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, къинхетам хир бац цхьана хIуманехь, цо иза хаздеш а бен; цхьана хIуманах и дIабоккхур бац цо, иза эрчадоккхуш а бен». Муслим.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Къинхетаме воцчух – къинхетам бийр бац». Бухари.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Онда хилар дац стаг охьатохарца, баккъал а, онда хилар ду – ша оьгIазвахча шен дегIан доладар». Бухари, Муслим.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Iилма лахар фарз ду хIора бусалба стагана а, зудчунна а тIехь». Ибн МажахI.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «А́даман бер Iуьйрене даьлча, цуьнан ерриге а меженаш матте дехар деш хуьлу, шаьш олуш: «Делах кхералахь тхан хьокъехь, тхо хьох тешна ю хьуна, хьо нисбелча, тхо а нисло, хьо гамбелча, тхо а гамло». Тирмизи.
Аяташ, хьадисаш гочдина «Некъ» ТРК-н зорбанан декъан Iеламнаха.
Зорбане кечдина А.ГАЙТУКАЕВС
№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо