ГIурбанан дозаллин хьокъехь

ГIурбана урс хьакхар
(удхьият)

uraza-bajram-2015-v-uzbekistane

Iаьрбийн маттахь удхьият олу гIурбана урс хьакхарх. ШариIатехь долу цуьнан маьIна а, бух а буьйцур бу вай.

ГIурба – иза, Делан дуьхьа долчу нийятца Iийдан дийнахь эмкалех, бежанех, уьстагIех, гезарех шена урс хьокхуш йолу хIума ю. ШариIатехь болу цуьнан бух – иза Делан дош ду. Дала аьлла шен Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Хьайн Далла Iибадат де ахь, хьайн Делан цIе йоккхуш, урс хьакха ахь». «Ковсар» сурат, 108-гIа аят.

Бухарис, Муслима дийцина: «Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гIурбана урс хьаькхира, кIайчу, яккхий маIаш йолчу шина уьстагIна. Шен куьйга цаьршинна урс хьаькхира цо, «БисмиллахIи, АллахIу Акбар», – олуш, шен ког уьстагIан агIон тIе буьллуш.

 

ГIурба деран маьIна

 

Вайна хаа деза, гIурбана урс хьакхар Iибадат дуй. Иштта хаа деза гIурбанах болу пайда – Делан дуьхьа динчу оцу Iибадат йолал-мелал тIаьхьа бен ца хуьлий.

ГIурба дерца дуозаделла шатайпа мехала маьIна – ИбрахIим пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) деза-доккха урс хьакхаран маьIна дендар ду. Дала зийра иза, хьайн кIантана урс хьакха, аларца. Шен омра кхочушдан хIоьттинчу дена, Дала, кIентан меттана урс хьакха ка баийтира.

И дерриге а леллачул тIаьхьа, цу ИбрахIимехь а, цуьнан кIантехь а (Делера салам хуьлда цу шинна), Ша Сийлахь а, Воккха а волчу Делан болх бакъ хиларца, цу шимма и бакъдеш хиларца, лийрира и гIурбана урс хьакхар.

Цул сов, ала мегар ду, гIурбана урс хьакхарца доьзначу Iийдан деношкахь – гIийла-мискачарна, церан цIийнан охIлана хазахетийтар, догъэцар ду. Цуьнца цхьаьна чIагIло бусалба нехан вошалла, церан вовшашца йолу марзо.

ГIурбана урс

хьакхаран хьукма

 

ГIурбана урс хьакхар – иза чIагIдина суннат ду, делахь а, ши хIума бахьанехь важиб хуьлу цунах.

1). ГIурбана урс хьакха мегачу шен доларчу хьайбана ишар дича.

ХIара ду-кх сан гIурба, я, хIокху уьстагIна урс хьокхур ду ша аьлла, цо и хьайба билгалдаккхахь, тIаккха оцу стагана важиб хуьлу оццу хьайбана гIурбана урс хьакхар.

2). ГIурбана урс хьакхарца Далла гергавахар тIе а лаьцча, масала, сайн Делан дуьхьа, гIурбана урс хьокхур ду ас, аьлча.

Иштта цо тIелаьцнехь, оцу стагана важиб хуьлу гIурбана урс хьакхар, кхин Iибадат дар цо тIелаьцча, цунна и дар важиб хуьлий дIахIоттар санна.

 

ГIурбана урс

хьокхучун бехкамаш

 

Баккъал а, гIурбана урс хьакхар суннат ду-кх, шегахь хIара бехкамаш болуш волчунна:

1)            бусалба хилар. Керста волчуьнга эр дац, гIурбана урс хьакха, аьлла;

2)            пхийттара ваьлла волуш, хьекъал долуш хилар. Ша пхийттара валаза волчунна, хьекъална эшна волчунна тIера долу гIурба дер;

3)            ницкъ кхочуш (аьтто болуш) хилар. Ишттачунна тIехь и чIагIло. Цуьнан даьхни шена, ша напха латто дезаш болчарна оцу Iийдан дийнаххьий, цул тIаьхьа догIучу кхаа дийнаххьий (даар-маларца, духарца, хIусамца) кхачо йийр йолуш делахь.

 

ГIурбана магийна

хьайбанаш

 

ГIурбана урс хьакха мегар дац эмкалний, бежанний, уьстагIний бен, ткъа газа а оцу уьстагIех ю.

Делан дош ду-кха: «ХIора умматана Оха делла урс хьакхарца доьзна Iибадат дар, Дала шайна рицкъанна деллачу оцу хьайбанна урс хьокхучу хенахь Делан цIе яккхийтархьама». Сурат «Хьаьж». 34-гIа аят.

Хьайбанаш бохучо юкъалоцу эмкал, бежана, уьстагI, хIунда аьлча Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цуьнан асхьабаша кхечу хIуманца гIурба дийна аьлла схьадеана доцу дела.

ГIурбана урс хьакха тоьлаш ерг эмкал ю, тIаккха бежана ду, тIаккха уьстагI бу.

Цхьана эмкална, бежанна урс хьакха мегар ду ворхIамма.

Муслима дийцина Жабирера (Дела реза хуьлда цунна), цо элира, аьлла: «Хьудайбият шарахь оха гIурбан урс хьаькхира Пайхамарца (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьаьна. Цхьана эмкална – ворхIанна тIера. Цхьана бежанна – ворхIанна тIера».

Урс хьакха магийначу хьайбанан бехкамаш

 

ГIурбана юьйш йолу эмкал ялхалгIачу шаре яьлла хила еза. Бежана, газа, ши шо а кхаьчна, кхоалгIачу шаре яьлла хила декхар ду. Ткъа уьстагI, цхьа шо а кхаьчна, шолгIачу шаре баьлла, я, цуьнан шо кхачаза делахь а, шен хьалхара цергаш охьаэгна хила беза.

Ахьмада далийна Абу-ХIурайратера (Дела реза хуьлда цунна) хьадис: «Суна хезна-кх Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш: «ГIурбана урс хьокхуш болчу уьстагIах диканиг – иза шен хьалхара церг охьайоьжнарг бу».

Вай дийцина хьайбанаш церан жижигна эшам беш хир доцчу сакхтех маьрша хила деза. Мегар бац, гIийла (оза) хилар совдаларна тентакбаьлларг я ког боцу (астагIа), я бIаьрг боцу, я шеца муьлхха а цхьа цамгар ерг, я шен лергах цхьа дакъа дIадоккхуш, хадийна уьстагI (и дакъа мел жима делахь а). Бакъду, лергах цхьа дакъа а ца доккхуш, хадийнехь, я Iуьрг даьккхинехь, иштта уьстагаI мегар бу гIурбана урс хьакха.

Тирмизис далийна Iазибан кIантера Бараэра (Дела реза хуьлда цунна) хьадис: «Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «ХIокху деа хIуманах цхьаъ шеца долчунна, гIурбана урс хьакха мегар дац: цхьа бIаьрг бен цахилар я гIунжар хилар (шен гIунжар хилар билгал долуш); цомгаш хилар (шен цамгар билгал йолуш); цхьа ког боцуш хилар а астагI хилар (шен астагI хилар билгал долуш); гIийла (оза) хилар совдаларна тентакбаьлларг».

Дийцинчу деа сакхтана тIедужур ду, жижиган дикаллина эшам беш долу кхидолу муьлхха сакхт а.

 

ГIурбана урс хьокху хан

 

ГIурбана урс хьокху хан йолало, оцу Iийдан дийнахь дуьненчу малх схьакхеттачул тIаьхьа ши ракаIат ламаз даллал а, ши хутIба дешшал а хан дIаяьлча. Iийдан денна тIаьххье догIучу кхин кхаа дийнахь йиш ю гIурба ден. Уьш ду Зуль-Хьиджа беттан 11–12–13-гIий денош. Оцу 13-чу дийнахь малх чубуьзча, гIурбан хан чекхйолу.

ГIурбана урс хьакхарехь тоьлаш йолу хан – Iийдан ламаз дина ма-деллинехь ерг ю, хIунда аьлча Бухарис, Муслима дийцина хьадис ду цу хьокъехь: «Дуьххьара тахана вай дендерг ламаз ду, цул тIаьхьа, вешан цIа дахана, гIурбана урс хьокхур ду. Иштта и хIума динарг – оцу гIурбанан дийнахь цкъа хьалха Iийдан ламаз дина, тIаккха гIурба дийнарг – милла велахь а, иза вайн некъа тIехь (суннат тIехь)ву, ткъа Iийдан ламаз дале хьалха ша гIурбана урс хьаькхнарг милла велахь а – баккъал а, цуьнаниг шен цIийнан охIланна урс хьаькхна жижиг ду, гIурбанах хIумма а дац цуьнан».

Оцу «Iийдан ламаз дале хьалха» бохучух цунна лууш дерг: я и Iийдан ламазан хан тIехIоттале хьалха, я цуьнан ламаз деш йолу хан чекхъяллалц бохург ду.

Ибну-Хьаббанас дийцина МутIиман кIантера Жубайрера (Дела реза хуьлда цунна) хьадис: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хьулда цунна) элира: «Дерриге а ташрикъан (Зуль-Хьиджа беттан 11–12–13-гIий) денош гIурбана урс хьокху хан ю».

Урс хьаькхначул тIаьхьа гIурбанан жижигах дийриг

Нагахь санна гIурба дер цуьнан важиб хиллехь, тIаккха и гIурба дийначунна я цо напха латто дезачу цуьнан доьзална цу жижигах хIума яа мегар дац.

ХIетте а царах цхьамма цунах яахь, токхур ду цо иза, я цуьнан мах дIалур бу.

Нагахь санна гIурба дер цуьнан суннат делахь, цунах цхьа дакъа сагIийна делчхьана, тIаккха цо шена луъучул яа мегар ду оцу гIурбанах. Амма цунна тоьлаш дерг – цу гIурбанан беркатна, цхьажимма шена чохь даа дитина, дисинарг сагIийна дIадекъар ду.

ГIурба дийначунна дика ду, кхоалгIа дакъа шен чохь даа дитича, важа кхоалгIа дакъа мискачу нахана сагIийна дIадалар, тIаккха дисина долу дакъа шен гергарчарна, лулахошна, накъосташна, уьш хьалдолуш нах белахь а, дIадалар. Бехаш болчарна делларг, цаьрга даийтархьама, совгIатана делла хуьлу, церан бакъо яц иза дохка. Амма мискачу нахана делларг – иза церан долахь хуьлу, шайна даа, луъург дан а маьрша бу уьш.

Вай дийцинчун бух – иза Дала Шен Сийлахь долчу Къуръана чохь аьлларг ду: «Оха шуна Далла Iибадат дар лоруш долу гIурбана магийначу эмкална урс хьакхар делла, цуьнца шуна беркат хир долуш. Аш урс хьакха цунна, Делан цIе йоккхуш, иза шен цхьа ког бихкина а болуш, кхаа кога тIехь дIахIоьттина йолчу хенахь. Аш дуийла цуьнан жижиг, иза сагIийна лойла къечу а, мискачу а нахана». «Хьаьж» сурат, 36-гIа аят.

ГIурба дийначунна тIехь ду-кх, ша дийначу гIурбанан цIока сагIийна ялар я ша цунах пайдаэцар, амма цунна мегар дац и цIока йохка я шена урс хьаькхначунна и йолана яла. Цуьнан бахьана ду, цо и цIока йоьхкича я урс хьаькхначунна елча, цуьнан гIурба дохош, эшам хуьлуьйтуш дерг цуьнца хилар.

БайхIакъис дийцина Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цо элира аьлла: «Ша дийначу гIурбанан цIока йоьхкинарг милла велахь а, цуьнан гIурба къобал хир дац».

ГIурбанах хотталуш долу суннаташ, гIиллакхаш

Хьалхарниг: Зуль-Хьиджа беттан хьалхарчу итт дийнахь цо нийят до: «Дала мукъ лахь, гIурба дуьйр ма ду ас», – аьлла. ТIаккха цунна суннат ду, ша гIурбана урс хьаккхалц мас а, мIара а цахадаяр.

Муслима дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шуна Зуль-Хьиджа бутт карабеаний хиъча, тIаккха шух цхьанна гIурбана урс хьакха лиъча, иза социйла шен месаш я мIараш ца хадош».

ШолгIаниг: цунна суннат ду-кх шен гIурбана шен урс хьакхар, нагахь санна цхьана бехказлонна я кхечу хIуманна цо и урс ша ца хьакхахь, и ша хьожийла шен векала урс хьокхучу хенахь.

Хьакимас далийна хьадис: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира шен йоIе ФатIимате: «Хьо хьажалахь хьайна тIера гIурба дуьйчу хенахь, баккъал а, цуьнан дуьххьара охьадовлучу цIийн тIадамашца Дала хьуна хьан хьалхалерчу къиношна гечдийр ду хьуна». ТIаккха ФатIимата (Дела реза хуьлда цунна) элира: «ХIай Делан Элча, гIурба дерца долу гечдар къаьсттина вайна, вайн цIийнан охIланна ду я вайна, бусалба нахана массарна ду?». ТIаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Баккъал а, вайна а, бусалба нахана массарна а ду»).

КхоалгIаниг: бусалба нахана тIехIоьттинчу хьаькамна я имамана суннат ду, бусалба нехан юкъарчу дохнах бусалба нахана тIера гIурба дер.

Муслима дийцина хьадис ду, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана уьстагIна гIурбана урс хьаькхира, ша цунна урс хьокхучу хенахь Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «БисмиллахIи, Везан Дела хIара гIурба къобалде Ахь Мухьаммадера, Мухьаммадан цIийнан охIланера, Мухьаммадан умматера».

Нах Iийда ламазна вовшахкхеттачу меттехь гIурбана урс хьакхар суннат ду, иштта суннат ду ша-шен куьйгаца урс хьакхар.

Бухарис далийна Iумаран кIентан (Дела реза хуьлда цаьршинна) хьадис: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вара шаьш Iийдан ламаз деччу меттехь гIурбана урс ша, хьокхуш».

 

Жайна Гочдинарш – Вазарханов Iела,

Илесов Iарби

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: