Адамийн бакъонаш ларъяран векалийн цхьаьнакхетар

ГIебартойн-Балкхаройн пачхьенехь – Нальчикехь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь адамийн бакъонаш ларъяран векалийн Координационни Советан кхеташо. Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала С.Меликовс, Россин Федерацехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Э.Памфиловас, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Куьйгалхочо А.Коновс. Кхеташонехь дийцаре дира адамийн бакъонаш ларъяран векалша пачхьалкхан Iедалан органашца цхьаьна гIуллакхашдаран а, бакъонаш ларъяран институт кхиоран таронийн а хьокъехь долу гIуллакхаш.

Цигахь къамелаш динчу бакъонаш ларъяран векалша дийцира шайн регионийн башхаллех лаьцна, адамийн бакъонаш ларъяр кхин а тодарехь дан дезачух лаьцна. Масала, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратан куьйгалхочо Джумалиев Iумара дийцира вайн республикерчу бахархойн бакъонаш ларъяран институто а, пачхьалкхан Iедалан органаша а цхьаьнагIуллакхаш дарх а, оцу декъехь болчу кхиамех а, нислучу кхачамбацарех а, новкъарлонех а лаьцна.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь арадаьккхира Нохчийчохь адамийн а, гражданийн а бакъонаш а, маршонаш а ларъярна кхачоярехь кхитIе а дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь долу №451 йолу Указ. Иза адамийн бакъонаш ларъярехь кхитIе а чIагIо хилла дIахIоьттира. Кест-кеста цхьаьнакхетарш хуьлу Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векалан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Парламентан Председателан а, министерствон, ведомствийн куьйгалхойн а. Республикин Iедало гIо а деш кхочушъеш ю Нохчийн Республикехь демократин процессаш кхиорехь Россис а, Европин Совето а цхьаьнагIуллакхаш даран бахархошна бакъонаш йовзийтаран программа. Оцу гIуллакхана шуьйрра юкъаозийна правительственни йоцу организацеш», – бохура I.Джумалиевс.

Цо дийцарехь, Нохчийчоьнан прокурора прокуратурин коллегехь шайн берриге а белхахошка дIахьедина республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалца цхьаьнагIуллакхаш даре хьаьжжина прокурорийн белхан мах хадориг хилар. Оцу бакъдолчо къеггина гойту Iедалан органашца адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратан дика зIенаш, юкъаметтигаш хилар. Цунна кхин а цхьа масал ду хIокху векалаллин а, республикин юкъараллин палатин а белхахоша вовшахтоьхначу комиссис нах ханна чубоьхкинчу меттигашкахь талламаш дIахьош хилар.

Делахь а, I.Джумалаевс чIагIдарехь, тахана а церан балха тIехь нисло федеральни туьше бен дIаяхалур йоцу проблемаш. Ишттачу проблемех ю контртеррористически операци дIахьочу муьрехь тIепаза байнарш а, лачкъийнарш а лахаран ведомствошна юкъара пачхьалкхан комисси вовшахтохар, эксгумаци йинчу декъашна идентификаци яран лаборатори яр, тоьшаллийн бух болу уголовни гIуллакхаш таллар санна ерш. Иштта, тхан ницкъ ца кхочуш, федеральни тIегIанехь кхочуш ца дича ца долуш ду республикехь террористашна дуьхьал къийсам дIахьочу муьрехь чевнаш хилла бахархой тIеман чов хилар бахьанехь заьIапхой лараран, тIемаш болчу муьрехь хIусамаш, бахам хIаллакьхиларх хилла зен буьззинчу барамехь меттахIотторан, «Политикин таIзар лайначарна реабилитаци яран хьокъехь» долчу №1761–1 йолчу федеральни законехь хийцамаш баран гIуллакхаш. Нохчийчоьнан векала дийцарехь оцу проблемашкахула йолу материалаш Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векала дIаелла федеральни тIегIанерчу даржашкарчу адамашка. Шен къамел чекхдоккхуш I.Джумалиевс билгалдаьккхира пачхьалкхо шен гражданаш (даржашкара и нах бахьанехь – авт.) шайн проблемашца шаьш цхьаьна бита безаш цахилар, церан йист яккха езаш хилар.

Координационни советан дакъалацархоша, адамийн бакъонаш ларъяран регионийн векалша Iедалан органашца цхьаьнагIуллакхаш даран зеделларг а, ткъа иштта бакъонаш ларъяран пачхьалкхан хIокху институтан проблемаш а, таронаш а йийцаре а йина, тидам тIебахийтира гражданийн бакъонаш а, маршонаш а ларъярна Iаткъам беш долу и гIуллакхаш мехала а, пачхьалкхана  маьIне а хиларна, делахь-хIета, регион социально-экономикин кхиорна а мехала  ду уьш.

Шаьш тIеэцначу сацамехь Координационни Советан дакъалацархоша Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векале С.Меликовга дийхира хIара тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста дIадахьарна аьтто бар. Цара дийцарехь оцо таро лур ю субъекташкахь адамийн бакъонаш ларъярца долу хьал а, оцу декъехь йолу проблемаш а шен хеннахь йовза. Царна хетарехь дика хир дара Къилбаседа Кавказан федеральни округан куьйгаллин верасаллица дIахьош йолчу мероприятешкахь регионашкахь адамийн бакъонаш ларъеш болчу векалшна а дакъалаца аьтто бича. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векалан пресс-службехь.

С.ХАМЗАТОВ

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: