Нагуманов Агият вина 1926-чу шарахь НГIАССР-н Шелковской районан Гребенской станицехь. Агият пхи класс чекхъяккхаза а волуш, колхозе балха вахана. 1941-чу шарахь фронте вахана цуьнан да Нагуманов Махьмуд.
1943-чу шарахь НагумовгIеран доьзале хаам кхаьчна, Ленинград мостагIех ларъеш цуьнан да Махьмуд, кхелхина аьлла. Цул тIаьхьа, 1944-чу шарахь, Агият шен лаамца фронте вахара, 271-чу стрелкови полка юкъа а кхеташ. Цигахь Агиятана чевнаш хилла. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, шен хьомечу Гребенской станице цIавирзира Агият.
«Даймехкан тIеман» а, «Къинхьегаман сийлаллин» а, «Къинхьегаман хьуьнар» а орденаш а, иштта дуккха а мидалш а елла Нагуманов Агиятана.
Нохчийчуьрчу гIезалойх тIаьххьара дийна висина тIеман ветеран ву иза. Амма ханна жима цахиларна а, тIамехь йина йолу чов бахьана долуш а могашалла дика яц цуьнан.
А.Нагуманов санна, Нохчийчуьрчу гIезалойх а волуш, «Даймехкан тIеман» орден елла А.Шамсудинов а ву. Иза тахана вайца вац. Делахь а, Гребенской станицин Администрацис церан сий деш, цу шиннан цIарах шина урамна цIе тиллина. ХIинца Гребенскойхь А.Нагумановн а, А.Шамсудиновн а цIарах урамаш ду.
М.КАНТАЕВ
№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо