Маьршачу Нохчийчоьнан доьзалех цхьаъ

Тахана Нохчийн Республика дуккха а къаьмнийн беркате цIа  хилла лаьтта. БIешераш хьалха дуьйна кхузахь Iаш тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бу. Царах бу гIезалой а. Республикехь уггаре а уьш дукха болу меттиг ю Шелковски районан Гребенской  станица. Оцу къоман дахар а, истори а йовзийтира станицин администрацин куьйгалхочо Найбарханов Хамболата. Цо дийцарехь станица  йиллина 1865-чу шарахь. Ша йоккха яцахь а, кхузахь бехаш масех къоман векалш бу.

IMG_7921

– Со кхуза веана 30 шо сов хан ю. Цу хенахь кхузахь дукхахберш оьрсий а, гIезалой а бара. Нохчий бан-м бара, делахь а кIезиг бара. Нохчий кхуза дуьххьара Казахстанера а, Юккъерчу Азера а цIа боьрзучу хенахь баьхкина. Цул тIаьхьа 80-чу шерашкахь алссам вайн къомах берш хевшира хIокху юьртахь баха. Юьхьанца хала хиллехь а, тIаьхьо меттигерчу бахархошца гергарлонаш тийсадала дуьйладелча Iан а, шайн белхаш бан а аьттонаш бевлира нохчашна, – бохура Х.Найбархановс.

Юьртадас дийцарехь Нохчийчохь гIезалой беха 300 шо гергга хан ю.

– Карарчу хенахь кхузахь Iаш 6068 нохчи а, 1000 гергга гIезало а, 254 гIумки а, 107 оьрси а  ву,  иштта кхечу къоман  векалш а бу. Шаьш дика адамаш хиларе терра, Нохчийчуьрчу кхечу къаьмнашца дика гергарлонаш тийсаделла кхеран. Тахана сан лулахь Iаш бу гIезалойн доьзалш. Тхаьш тайп-тайпанчу къомах дара аьлла ца Iаш, вовший чу а доьлхуш, дика гергарло лелош ду тхо. Кхузахь дуккха а захалонаш дина вовшашна юкъахь. Дукха хьолахь церан къомах болу йоIарий балийна нохчаша, дукха яцахь а, нохчийн зудабераш цаьрга дахана меттигаш а хуьлу. Дин а, культура а, Iер-дахар а цхьаъ  долуш  цхьаьна  бертахь Iаш ду-кха тхо кхузахь. Цара вайгара схьаэцна гIиллакхаш ду, вай цаьргара схьаэцна гIиллакхаш ду. ГIезалойн кегийрхоша нохчийн мотт буьйцу, делахь а цара шайн мотт бицбина бохург дац иза, кхузахь нохчий дукха хиларе терра, массарна аьттонна буьйцу цара иза, – дийцира цо.

80-чу шерашкахь Нохчийчохь бехаш ши эзар гергга гIезалойн къомах болу нах хилла. Церан барам лахбаларан бахьана тIемаш хилар ду.  1990-гIа шераш дуьйлалуш Нохчийчуьра дIабахана дукхахберш. Ткъа тахана кхузахь Iаш болчеран аьтто бу шайн культура а, мотт а Iалашбан а, кхион а. Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалло лерринчу тидамехь латтош ю къоман политика. Цу декъехь белхаш дIабахьар бахьана долуш Гребенской станицехь 2002-чу шарахь схьайиллина гIезалойн къоман-культурин туш. Цигарчу белхахоша къахьоьгу шайн культура а, мотт а кхиорехь. Кегийрхойн дахарехь йоккха меттиг дIалоцу цара.

Найбарханов Хамболата билгал ма-даккхара, гIезалой къинхьегам безаш нах бу.

– Церан цIийца ду таллар а, чIара лацар а. Гуонахара хьаннашкахь сайш а, акха котамаш а, кхидолу дийнаташ а, акхарой а  хилла хьалха. Къаьсттина цу хенахь лелара уьш талла. Ткъа чIара лацар-м хIинца а лелош бу. Аренашкахь, юьртан бахамехь къахьоьгуш бу уьш, иштта даьхний а леладо. Дешаран а, могашаллаIалашъяран а,  белхаш бо цара.

Карарчу хенахь гIезалоша шайна  хьакъ йоллу  меттиг дIалоцу Нохчийн Республикин политикин а, экономикин а дахарехь. Шайн Даймохк хилла дIахIоьттинчу  Нохчийчоьнан дуьхьа къахьоьгу цара.

Р.РАМЗАНОВ

 

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: