Кху шеран 15-чу февралехь дуьйна Нохчийн Республикехь кхочушъян йолийна регионан къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерствос кечйина йолу шуьйрачу хаамийн г1ирсашна лерина йолчу «Нохчийн Республика – доттаг1аллин ц1а» аьлла йолчу пресс-эстафетин проект. Цуьнан коьрта 1алашо ю республикехь дехаш долчу къаьмнийн барт ч1аг1бар, дерриге а халкъийн шатайпана йолу культура 1алашъяр, кхиор, оцу г1уллакха т1ехь хуьлуш болу хийцамаш меттигерчу зорбанехь шуьйра бовзийтар.
Х1окху баттахь республикин шуьйрачу хаамийн г1ирсаша довзуьйту Шелковски районехь бехаш болчу г1езалойн къоман векалийн дахар, истори.
Нохчийн гIезалой
«Нохчийн Республика – доттагIаллин цIа» олучу проекто ешархошна Нохчийчоь керлачу суьртахь йовзуьйту: ерриге а кIоштан а, цигарчу бахархойн а Iер-дахар ма-дарра дIагайтарца. Ткъа бахархой беккъа цхьа нохчех лаьтташ бац. Кхузахь беха оьрсий а, гIалгIай а, жIахой а, гIезалой а, туркой а, хIирий а, иштта кхиберш а. Амма тахана тхуна довзийта лаьа нохчийн гIезалойн Iер-дахар а, церан ламасташ а, Iадаташ а, цара шайн къам Дуьненан букъ тIехь дахийтаран Iалашонца йохуш йолу культурин гIулчаш а.
2001-чу шарахь кхоллар бахьана долуш, тахана а Нохчийчохь болх беш ю ГIезалойн къоман-культурин туш. Цигахь хелхаршна а, вокалана а Iемаш ву 70 сов стаг: бераш а, кегийнах а. ГIезалойн хелхар Iамийна ца Iаш, Кавказан къаьмнийн хелхарш а ду берашна Iамош. Иштта хьал ду вокалца а: гIезалойн, нохчийн, гIумкийн, оьрсийн а эшарш Iаморан болх бу дIахьош.
– Тхан Iалашо хIун ю? Тхайн берашна шайн орамаш а, шайн къоман культурин бух а биц ца балийта, кху вайн цIахь, Нохчийчохь, дехачу кхечу къаьмнашца а, церан Iер-дахарца а, культурица а зIе латтор ю, – бохуш дуьйцу Бектемирова Альбинас. – Туш кхоьллина цхьайтта шо даьлча, 2012-чу шарахь дара иза, федеральни закон хийцадалар бахьана долуш, кху туьшан юридически бух кечбан бийзира тхан. Дукха когаш биттира, дукха кехаташ кечдира, кхин а дукха са а гатдира. Цу муьрехь гучуделира тхуна, тхайна мел хьоме, мел мехала хIума ду иза, юридически бух а болуш, тхайн къоман культурин туш хилар. Оха дукха сатийсарна, дерриге а кехаташ кхиамца чекх а довлуш, Iедало къобалйира тхан туш. Аьлча а, Дала гIо дира-кх тхуна.
Бектемирова Альбина ГIезалойн къоман-культурин туьшехь болх беш йолу дуккха а шераш ду. 2006-чу шарахь дуьйна, туьшан куьйгалхо ю иза.
ГIезалой къаьсттина дукха бу Шелковски районан Гребенской станицехь. Кхузахь уьш 1000 гергга ву. Церан къоман культурин туш а кхуззахь, станицехь, ю. Бектемирова Альбинас дийцарехь, станицин хьалха хиллачу юьртадас гIо дар бахьана долуш, церан туьшан керла гIишло йина. Белхахойн чоь а, актови зал а, библиотека а ю цу чохь.
– Тхайн берашна къоман хелхар а, культура а йовзийтаран болх бан хIусамаш ю тхан. Белхахошна станицин Администрацис луш алап а ду. Хьалха хиллачу хьелашка хьаьжча, тхан тахана вуно баккхий аьттонаш бу, – дерзадо шен къамел А. Бектемировас.
Керлачу гIишлочу туш дехьа яьккхича цига веанчу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хожа-Баудис совгIатна елла хилла йолу йийбар ю хIинца а чохь лаьтташ. Районан культурин урхаллас Iуналла а деш, шен балхаца дика лар а еш, болх беш ю гIезалойн культурин туш. Нохчийчуьрчу кхечу къаьмнийн культурин туьшаца гергарлонаш латтош ю иза.
– Республикехь дIахьош долчу дерриге а даздаршкахь дакъалоцу оха. Тхан хьашташна оьшуш мел болу гIирс а, духарш а, бакъдерг дийцича, тхайн чоьтах эца езаш хуьлу. Амма даздаршка дIаса районан культурин урхалло дуьгу, – элира Альбинас.
Цунна хетарехь, республикехь даздарш дукха хилар – мехала хIума ду къаьмнийн векалийн вовшашца йолу зIенаш чIагIйо цо.
ГIезалой къаьсттина дукха Гребенской станицехь бехаш белахь а, кхечу районашкахь а, ярташкахь а бу уьш. ГIезалой болх беш бу Шелковски районерчу школашкахь, тайп-тайпанчу урхаллашкахь.Цаьрца нохчийн цкъа а дар-дацар нисделла дац.
Гребенской станицехь гIезалойн къоман шина ветеранан цIарах ши урам бу: А.Шамсудиновн а, А. Нагумановн а. Иштта цигахь шайн кешнаш а, шайн маьждиг а ду церан. Церан маьждиге нохчий а боьлху. Школашкахь гIезалоша оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iамадо. ГIезалоша дийцарехь, уьш кхета гIезалойн маттах, амма цу меттан йоза девзаш бац уьш.
ГIезалойн ламасташ
Бусалба дин ду гIезалоша тахана лелош дерг. Амма иза иштта гуттар а ца хилла. Кхидолчу дуккха а къаьмнийн санна, гIезалойн а хилла шайн «динан цIуйш». Уьш тешаш хилла дуьненахь долчу хIуманийн тайп-тайпана дайш хиларх: хинан да – суанасы, хьуьнан да – шурале, лаьттан да – жир анасы, хIусаман да – иясе, иштта кхиберш а. «Ламазаш» кереметь олуш цIе йолчу боьлакашкахь деш хилла. Цу боьлакашкахь иштта цIе а йолуш, сийдоцу са деха аьлла хеташ хилла гIезалой. Кхин масех тайпана хилла гIезалоша лоруш болу «дай». Масала: периш а, жинаш а. Шайна ширачу Iадаташца доьзна долу гIо оьшуш нисделча, гIезалой йемчишна тIебоьлхуш хилла – гIезалоша иштта олуш хилла дарбанчех.
XVI-VXVIII-чу бIешерашкахь берриге а гIезалой (нагабайкаш боцурш) керста а, бусалба а дине берзийна. Нохчий санна, гIезалой а сунниташ бу.
Дезденош гIезалоша къаьсттина чIогIа даздо. Цара дезденошна вуно баккхий кечамаш бо. Уьш даздечу хенахь гонахарчу Iаламе, вовшийн, дайн ламастийн бечу лерамо цецвоккху.
Бусалба динан дезденош гает (ает) дашца билгалдоху (Ураза гаете – мархийн дезде, Корбан гаете – гIурбан дезде). Динца доьзна а доцуш, шайн къоман дезденош гIезалоша бэйрэм дешца билгалдо. Iилманчашна хетарехь, бэйрэм дашан маьIна «бIаьстенан хазалла» я «бIаьстенан даздарш» ду.
Ширачу заманашкахь дуьйна, гIезалоша шайн ярташ хин йистошца бен йохкуш ца хилла. Тахана а цхьаьна ламаст санна лоруш ду цара и хIума. Цундела, гIезалойн хьалхара бэйрэм – «бIаьстенан даздарш» ша меттахбаларца доьзна ду. Цу даздарийн цIе боз карау ю, боз багау – «шане хьажар», боз озатма – ша новкъабаккхар, зин киту – ша меттахбалар.
Ша меттахбаларе хьажа берриге а боьлхуш хилла – къаношна тIера берашна тIекхаччалц. Кегийрхой кеч а лой, шайн къоман шира эшарш а лоькхуш, боьлхуш хилла. Баша болабеллачу ша тIехь докъарх цIе тосуш хилла. БIаьстенан сийначу суьйренашкахь геннара схьа а гуш хилла хаьштигаш, царна тIаьхьа хеза эшарш а.
ГIезалой – Россехь
Россехь бехаш болчу гIезалойх 36 процент берш ГIезалойчохь Iаш бу. Кхиберш баьржина бу Россехула. Уггаре а кIезиг гIезалой бехаш йолу Россин субъект – ГIалгIайчоь ю, цигахь уьш 151 стаг бен вац. Ерриге а Россехь, пачхьалкхан статистикица нийса а догIуш, 20 миллион ца кхоччуш гIезало ву. Россехь оьрсийн къам дIадаьлча, уггаре а доккханиг ду гIезалойн къам.
Шаьш дукха долчу меттигашкахь бусалба болчу гIезалоша маьждигаш до. ГIезалошца цхьаьна дехачу кхечу къаьмнаша, къаьсттина оьрсаша, цу маьждигех «гIезалойн маьждигаш» олу. Муьлххачу а къоман санна, гIезалойн а ю гIишлошъяран архитектурин кеп. Цундела олуш хила а мега царах «гIезалойн маьждигаш».
ГIезалойчуьра гIезалой кест-кеста хьошалгIа боьлху кхечу субъекташкахь бехаш болчу гIезалой болчу. Церан могIаршкахь хуьлу журналисташ, артисташ, даржера нах, иштта кхиберш а. СовгIатана, книгаш а, аудио а, видео а продукци хьо цара шайца. Дукха хьолахь уьш гIезалойн къомах, культурах, Iер-дахарх лаьцна хуьлу. ГIезалойн маттана лерина хIума наггахь бен нислуш яц царна юкъахь.
Иштта хьал нисделлера Нохчийчуьрчу ГIезалойн къоман-культурин туьшан а. ГIезалойчуьра баьхкинчу хьешаша дуккха а книгаш еанера, амма царна юкъахь маттана лерина ерг ца хилла.
– Йоккха делегаци яра ши шо хьалха ГIезалойчуьра кхуза еанарг. Тхох а, оха бечу балхах а лаьцна репортажаш а йина, уьш дIабахара. ТIаккха бен ца хиира тхуна, гIезалойн маттана лерина цхьа а книга цара еана ца хилар. Къоман культурех а, Iер-дахарх а лаьцна тхоьга интернет чохь а Iамало… Тхайна а, тхайн берашна а гIезалойн мотт Iамон а, иза карлабаккха а книгаш езаш дара тхо. Олуш товш дацахь а, тхуна чIогIа ледара хаьа тхайн мотт. Тхан берашна хаъане а ца хаьа.Цундела гIумкийн мотт буьйцу оха вовшашца, — ойланашка йолу Бектемирова Альбина.
И.ХАСАХАНОВ
№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо