Кавказехь дахар ирс ду

Хаддаза кхуьуш а, чIагIлуш а  ю кхечу мехкашца а, Россин регионашца а йолу Нохчийн Республикин дикачу лулахойн, доттагIаллин уьйраш а, гIуллакхаллин зIенаш а. Оцу регионех цхьаъ ю ГIирма Республика. Вайн республикийн юкъаметтигаш  чIагIъяран Iалашонца, Нохчийчохь хилира ГIирма Республикин Правительствон Председателан заместитель Бальбек Руслан а, ГIирмин къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Пачхьалкхан комитетан Председатель Смирнов Заур а. Нохчийчоьнан
куьйгалхошца шайн хиллачу цхьаьнакхетарийн а, динчу гIуллакхийн а жамI деш, цара пресс-конференци дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.

DSC_2021_w1200_h800

– ХIара конференци Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн  министерствон векалш ГIирма Республике бахарх а, Ерригроссин «Кавказан аз» радиофестиваль кхиамца дIаяхьарх а, ткъа уггаре а коьртаниг – шина регионо кхиамца цхьаьна гIуллакхаш дарх а лаьцна ю, – билгалдаьккхира Умаров Джамбулата.

«Кавказан аз» радиофестивалехь дакъалецира Россин Федерацин шовзткъе итт сов субъекто. Цо чIагIдира вайн республикашна юккъера доттагIалла. ГIирме даханчохь тхуна бевзира вайца цхьаьна гIуллакхаш дан лууш болу вежарий. Уьш тахана хIокху студехь бу, – элира Д.Умаровс. – ХIара пресс-конференци ГIирма Республико а, Нохчийн Республико а кхиамца цхьаьна гIуллакхаш дарехь хьалхара гIулч ю, – элира цо.

– ГIирма Республикина а, Нохчийн Республикина а юккъера доттагIалла генна доьлху орамаш долуш ю. Вайн республикаш цхьаьнатухуш ю истори, кхолламаш, культура. Цундела «Кавказан аз» радиофестиваль дIаяхьарх тоам бина Iийр дац вай. Шун республикехь даьккхинчу цхьана дийнахь-бусий социальни а, экономически а, культурин а дакъошкахь цхьаьна цхьамогIа аг1онаш йийцаре ян кхиъна тхо, – билгалдаьккхира Смирнов Заура.

Донецки Халкъан Республикехь а, Лугански Халкъан Республикехь а долчу хьолан хьокъехь динчу хаттарна жоп луш, ГIирмин вице-премьера Бальбек Руслана билгалдаьккхира: «Нагахь санна ГIирмин хIинцалера куьйгалхо Аксенов Сергей ца хиллехьара, ГIирмин ахгIайри тIехь а оцу республикашкахь доллу хьал хир дара».

– Киевехь пачхьалкхан карчам хиллачул тIаьхьа Малхбузен таро хилла Украинин доккхах долчу декъа тIехь таллам латто, – элира вице-премьера. ХIинца цигахь хуьлуш долу дерриге а  Малхбузе Украинин чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертаран тIаьхье ю. Шун Нохчийчохь а санна, тхан ГIирмехь а хьуьнаре, нуьцкъала тхьамда ву. Цуьнан ницкъ кхаьчна ГIирмин дерриге а халкъаш, цхьабарт беш, цхьаьнатоха а, мостагIийн тIелетарш юхатоха а.

– ГIирмехь туризм кхиорехь хIун планаш ю шун, шега хьашт долчу туристически кластерех цхьаъ хилла дIахIуттур юй ГIирма?.

– ГIирма – иза арара музей ю, – билгалдаьккхира Бальбек Руслана. – Тхан туризман дерриге а тайпанаш ду. ГIирма Украино дола деш дIадаьллачу 23 шарахь цхьамма а хIумма а ца дина  дакъа кхиорна а, цунна ахча хецарна а.

Карарчу хенахь ахгIайри тIера ерриге а курорташ а, санатореш а, хьешацIенош а ду тодеш а, ц1инъеш а, иштта еш ю керла объекташ а. Оха кхочушйина 400 эзар гергга пакетни тураш. Карарчу хенахь ГIирмехь туризм кхиор шайна тIелаьцна туроператорша. И бахьана долуш туристически путевкаш механа дикка яйелла.

Пресс-конференцехь иштта дийцира ГIирмерчу гIезалойх, хIинца цаьргахь долчу хьолах лаьцна. ГIирмин къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Пачхьалкхан комитетан председатела Смирнов Заура хаийтира референдум хиллачул тIаьхьа арадаьлла хьалхара Указ ГIирмин махках даьхна хиллачу халкъийн бакъонаш меттах1итторан хьокъехь хилла хилар.

ГIирмин конституцица, ГIирмерчу гIезалойн мотт пачхьалкхан мотт бу. Хьалха ишттаниг цкъа а хилла дац. Хьалха Украинин политика ислам дин дIасакъастош, царех кегий юкъараллаш ярна тIехьажийна яра. Карарчу хенахь ГIирмехь болх беш ю ахгIайре тIехь цхьаъ бен йоцу Бусалбанийн динан урхалла. ДIадаханчу шарахь ГIирмера Макка а, Мединате а 150 стаг хьаьждан  вахийтира, кху шарахь – 322 стаг. Царех хIоранна а 2800 доллар делира. ХIокху деношкахь Симферополехь дIадолош ду рузбанан маьждиг дар. Оха дерриге а до ГIирмехь дехачу цхьана а халкъана гIело ца яйтарехьа.

ГIирма Республикин векалша баркалла элира шаьш иштта даггара тIеэцарна, билгалдаьккхира ГIирмехь нохчий уггаре а беза хьеший бина тIеоьцург хилар.

– Кавказан халкъех, къаьсттина нохчех, гуттар а дозалла деш хилла тхо, билгалдаьккхира Смирнов Заура. – Шун къонахалла, стогалла, хьекъал  тхох хIоранна а дика масал ду. Кавказехь дахар ирс ду. Вай декхарийлахь ду вайн республикашкахь долчу маьршачу дахарх дозалла дан. Вай декхарийлахь ду вайн дайша бIешерашкахь кхоьллинарг доха а ца деш, кхоллараллин гIуллакхаш дан.

С.ЛАЛАЕВ

 

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: