Цхьа-ши дош…

«Аравин коалицин» кеманаша хIокху деношкахь бомбанаш, ракеташ тоьхна Йеменера гIаттамхой болчу меттигашка. Цигахь  ткъа сов стаг кхелхина, ткъе итт сов стагана чевнаш хилла.

                                                   ***

Россин Президент В.Путин Москвахь цхьаьнакхийтира Палестинин Президентаца Махьмуд Iаббасца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан зIенаш чIагIъяран а, Герггарчу Малхбалехь долчу хьолан а хьокъехь долу гIуллакхаш.

10435

                                               ***

Чехерчу цхьана тIеман гIирсаш бечу заводехь эккхар хилла. И бохам хилар  бахьанехь кхо стаг кхелхина, чевнаш хилларш шозза алсам бу.

                                                 ***

Европин пачхьалкхашка денна эзарнашкахь тIеоьцуш болчу мигрантийн  хьокъехь резолюци тIеэцна ООН-н Кхерамазаллин Совето. Иза тIеэцарехь хьесапе эцна Россин дерриге а магораш.

                                                   ***

   «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша хIокху безачу Зуль-Хьиджа баттахь а совцош дац Шемахь а, Иракехь а къиза зуламаш дар, маьрша нах хIаллакбар.

                                               ***

Реформаш дIайолийначул тIаьхьа Желтойчоьнна кхо миллиард евро кредит дала дагахь ю Евросоюз. Ткъа Румынис Молдовина 120 миллион евро лур ду, оцу мехкан бюджетан гIолоцуш.

                                                   ***

США-н а, Россин а куьйгалхойн ойла цхьаьнайогIу Шемица доьзна долчу коьртачу цхьамогIа гIуллакхашкахь. Иштта дIахьедар дина США-н госсекретара Дж.Керрис.

                                                   ***

НАТО-н генеральни секретара Столтенбера Украинехь дIахьедира НАТО Россица къовсаме яла а, дов лело а дагахь цахилар.

                                                   ***

Роснефтегазо 60 миллиард соьман барамехь инвестицеш юкъайохкур ю хIордакеманаш даран «Звезда» комплекс кхиорна.

                                                   ***

Москвахь шен болх дIаболийна кардиологийн къоман конгрессо. Цигахь дакъалоцуш бу ткъа сов пачхьалкхера кардиологаш.

                                                   ***

Иркутски областехь хIокху гурахь а, тIедогIучу шеран бIаьста а цхьа миллион сов синтар дIадугIур ду. Кху шарахь  цIер ш  йовлар бахьанехь яьгна хьаннаш меттахIитторехь  хьалхара  мехала гIулч хир ю иза.

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: