Iаьнан муьрехь хих ларвала веза

SAM_1054

Аьхкенан заманахь садаIа таронаш алсам хилахь а,  мукъачу хенахь пайдаэца шатайпа башха хьелаш хуьлу IаьнтIехь а. Цундела ларамаза дац, дуккха а наха доккха  ло а долуш, шийлачу Iаьне сатуьйсуш хилар.

IаьнтIехь цхьаболчу наха чIерий лоьцуш а, конькеш, лыжаш а хохкуш а д1ахьо шайн мукъа хан. Хазахета ша тIехула буьйлабала лууш берш а хуьлу. Коьртачу декъана хинан объекташ йолчохь до цу тайпа гIуллакхаш.  Iа тIе а деана, шелонаш дIахIиттича, хиш тIех1иттича, хиш т1ехь ша ар хаало вайн республикехь а. Юьхьанца вуно кхераме ду ша тIе валар. Iаьнан муьрехь хи тIехь кхерамзаллин бакъенаш ларцаяр бахьана долуш, нехан баларш а, лазораш а нисло. Вайн республикехь муххале а тешаме ца хуьлу хи тIехь долу шаш. Шийлачу муьрехь буьйсанна гIеххьачул чIаг1лахь а, дийнахь  маллой хуьлу уьш.

Хиш тIехь бохам цахилийтарехьа гIуллакх до Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин Пачхьалкхан  кегийчу хинкеманийн инспекцин белхахоша. Хи чу бахарх нах ларбарехь коьртачу декъана кхетош-кхиорехь болх бо  хьокъала боллу кхайкхамаш а бо цара. Пачхьалкхан  кегийчу хинкеманийн инспекцин отделан куьйгалхочун заместитела Дашаева Заремас ма-дийццара, Iаьнан муьрехь ша тIе вала кхераме йолу меттигаш билгалъяха декхарийлахь ю гIаланийн а, муниципальни а администрацеш. Цо дийцарехь, хиш долчохь кхерамхилар хоуьйтуш, билгалонаш дIаетташ беш болх бу.

– Нах ша тIе бовлуш йолу а, чIерий лоьцуш йолу а меттигаш хьесапе эцна оха, – дийцира З.Дашаевас. – Хишна  ша бечу  муьрехь уггаре хьалха оха тергонехь латтор ю Оьрз-ГIалара а, БелгIат-Эвлара а хиш долу меттигаш а, Къоьзан-Iам а. Кхераме хиш долуш ерриге а 12 район ю вайн республикехь. Бохамаш ца хилийта йолчу Iалашонца хIора районна тIечIагIвина цхьацца инспектор ву.

Хиш тIехь кхерамазалла хилийтарехь Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствоца а, Нохчийн Республикин дешаран министерствоца а цхьаьна план х1иттийна оха. Цу тIехь билгалдаьккхина  хиш долчохь бераш муха лела деза Iамош, республикин школашкахь цаьрца цхьаьнакхетарш дIадахьар. Ткъа иштта полицин а, муниципальни администрацийн а векалшца цхьаьна рейдаш дIаяхьар а.

2013-2014-чуй шерийн Iаьнан муьрехь республикин муниципальни районашна а, гIаланийн округашна а тIедожадо адамийн кхерамзалла ларъярехь дан деза гIуллакхаш билгалдохуш хьокъала доллу документаш вовшах а тоьхна, уьш чIагIдар а, юха уьш кхочушдар а. Цара билгалъяха еза Iай ша бечу муьрехь нахана садаIа бакъо луш йолу меттигаш. Масала, цу юкъадогIу конькеш хахкар а, чIерий лецар а, хазахета дуьйладалар.

Iаьнан муьрехь хи тIехь  адамаш далар 2011-чу шарахь хилла. Халахеташ делахь а, воккха а, жима а верриге а 8 стаг велла оцу шарахь хи чу вахана. Бух1ан- Юьртарчу  1ома  чу,   Соьлжа а, Терка а  чу бахана белла уьш. Делан къинхетамца, тIаьхьарчу шина шарахь Iаьнан муьрехь бохам ца хуьлуш схьадогIуш ду. Дашаева Заремас билгалдаккхарехь, IаьнтIехь ша ца хилча а, нах бохамах ларбарехь гIуллакх до кегийчу хинкеманийн инспекцин белхахоша.

– Вайн республикехь дукха хьолахь Iа шийла ца хуьлу, – бохура цо. – Амма хикема тIехь чIерий леца лаам берш кIезиг ца хуьлу вайн. Кхерамечу хьолех уьш ларбарехь коьртачу декъана кхетош-кхиоран болх дIахьо оха цаьрца, хIунда аьлча кIезиг дац бохамех ларвалархьама хаа дезарг. Масала,  бохам а хилла, хикема харцахь, цунна генавала сихвала мегар дац.

Хиш тIехь бохам цахилийта муниципальни органийн а, полицин меттигерчу органийн а белхахой декхарийлахь бу хадаран гIуллакх вовшахтоха. Иштта  хадар вовшахтоха деза ша кIелара чIерий лоьцучу меттигашкахь. Иштта  вовшахтоха еза бахархойн дахарна а, церан могашаллина а кхераме йоцу садаIаран меттигаш. Кхерамечу меттигех лаьцна хаамаш бан беза шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула.

Ша тIехула дIавоьдуш а волуш, иза лелхаш хааделча, катоьхнна кхечу агIор дIаваха веза. Кхераме ду аьлла, знакашца билгалъяьккхинчу меттигехь Iен мегар дац, цигара генавала веза. Ша тIе валале, цкъа хьалха билггал иза чIогIа бу-бац хьажа веза. Ша тIехула цхьаьна дIабоьлхучарна юкъахь йолу меттиг лаххара а пхи-ялх метр хила еза. Цхьана меттехь масех стаг гулвала мегар дац. Маггане а мегар дац, тIе ког а бетташ, ша  чIогIа бу-бац хьажа, нагахь санна ша каглахь, иза а,  цуьнца берш а кхерамечу хьолехь нисбала тарло. Мегар дац ша цхьаъ чIерий леца ваха. Шеца цхьаьна мобильни телефон хила еза. ЧIерий лацархьама юх-юххехь дуккха а меттехь ша бохо  мегар дац. 12-15 метр беха муш а, аптечка а хила еза Iай чIерий лоьцуш волчуьнгахь. Ша тIехула ша дIавахханчу новкъахула юха ван веза.

Нагахь санна бохам а хилла, ша кIелвахар нисделлехь, уггаре коьртачех дерг ду  цавохар. Дукха хьолахь, стаг вохар бахьана долуш, ша деш дерг ойла ца еш дар бахьана долуш, хи буха воьду. Могашаллина кхераме а доцуш, 5-7 минотехь ша бинчу хи чохь Iало стаг. ХIоьттинчу хьолан кхоччуш ойла а йина, бохамах кIелхьаравала тоьаш ю и хан. Делахь а ма-хуьллу сиха гIуллакх дан хьажар гIолехь ду.

Нагахь санна уллехь накъост велахь, бохамах хьалхавала дуккха а атта хир ду. Ша тIе охьа а вижина, кхераме  хир доцучу кепара ма-хуьллу юххе а вахана, хи чохь волчуьнга цхьаъ кховдо еза накъоста. Дика хир ду, нагахь санна  ондда тIийриг я муш иза белахь. Муш бацахь, гIаж а, у а, я вовшахтесна доьхканаш а, шарфаш а мегар ю. Хи чохь волчуьнга иза схьа а лацийтина, накъосто, ша юха а волуш, гIо дан деза цунна хьалавала. ГIо дан тIевоьдуш, куьйгаш дIаса а даржийна, тIеваха веза. Бухахь волчуьнга хьо гIо дан вогIуш вуйла хаийтар цуьнан дог айъарехь доккхачу маьIне ду. Нагахь санна гIо деш масех стаг велахь, массо а охьа а вижна, цхьаъ вукхунна тIаьххье ваха веза. Хи чохь волчуьнга куьг луш,   ларвала везаш хилар диц дан мегар дац. Хи чу ваханарг хьала а ваьккхина, текхаш дIаваха веза кхерамечу меттигера. Номер 112 телефон дIа а тоьхна, сихха гIодаран лоьраш кхайкха беза.

Нагахь санна уллехь накъост вацахь дан дезарг иштта хила деза: ирачу хIуманца шанах дIатасавала хьажа веза. Коьртачу декъана урс хуьлу иза. Цундела садаIа а, чIерий леца а араволуш волчуьнгахь урс хилар дика ду, атта тIекхочур волчу кисанахь хила  деза  иза. Уьрсаца я кхийолчу хIуманца дIатасавеллачул тIаьхьа,  ког ша тIе хьала а баьккхина, керчина хьалавала веза хи чуьра. Буткъачу  шах дIатасавала мегар дац, хIунда аьлча, иза каглахь, хьалавала хала хир ду. Зеделларг долчу чIерийлецархочо шен когаш кIелара ша кIагбеллачу минотехь, букъа тIе а вужий, генаволу ша каг беллачу меттигана. И динарг когаш бен ца башош хьала волу.

ХIоранна а хаа деза бохамечу хьоле милла а нисвала тарлуш хилар. Цундела, дуккха а шераш ша тIехь а даьккхина, мел чIогIа зеделларг долу чIерийлецархо ша велахь а, бохамечу хьолехь дан дезарг хууш хила веза.

 

КхидIа Дашаева Заремас  дийцина ма-хиллара, цхьана эшшара ца гIорадо хиш. Цкъа хьалха йистехь, хи кIезиг долчу меттехь гIорадо. Цул тIаьхьа бен ца гIорадо юккъехь. Стоммалла цхьана эшшара хилахь а, массанхьара а цхьатерра чIогIа ца хуьлу цхьана хина тIехь болу ша. Кхерам а боцуш, ша тIехула  лела шен стоммалле хьаьжжина хила еза дегIан йозалла.

Лаххара а итт сантиметр стомма болчу ша тIехь кхерам бац цхьана а стагана. ДIаваха мегар ду лаххара а 15 сантиметр стомма болчу ша тIехула. Машена тIехь дIаваха мегар ду лаххара а 30 сантиметр йолчу ша тIехь.

ТIехьаьжча а чIогIа бу-бац къаьсташ хуьлу ша. Уггаре тешаме бу сийначу басахь болу ша. Ч1агIалла шозза лахара хуьлу кIайчу басахь болчу шена. Мокха а, кхоьлина-кIайн а басахь болу ша кагбала уггаре кхераме бу.

Къаьсттина ларлуш хила веза шело чекх ца йолуьйтуш, тIе ло диллинчу шанах. Ша теллинчул тIаьхьа бен магош дац цу тIехь конькеш хахка. Лаххара а 12 сантиметр стомма хила беза  конькеш хохкуш болу ша. Хехкалуш берш дуккха а хилахь, лаххара а 25 сантиметр стомма хила а беза иза.

IаьнтIехь чIерий лецар дезаш волчо аьхка кечам бан беза цу гIуллакхна. Уггаре хьалха хи талла деза, кIорга мичахь ду а, дац а, хIунда аьлча хи кIорга доцчохь ша каглахь а, хьалавала атта хуьлу. Ког моссазза боккху ша кагло ца ло ладугIуш хила веза.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: