цIе йолу концерт дIаяьхьира кху деношкахь Итон-Кхаьллан районерчу Хьачарахь
Цуьнан коьрта дакъалацархой-турпалхой бара вежарий ИсмаиловгIар Шарпуддий, Ризавдий. Цаьрга ладогIа а, церан говзаллин мах хадо а веанчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира:
– Илли ала Дала делла похIма долуш ву Шарпудди а, Ризавди а. Кху башхачу лаьмнашкахь вина, кхиъна, церан ондалло шаьш хесто ницкъ белла ву и шиъ. Церан иллешкахь вайна девза вайн къоман гIиллакх-оьздангалла, халкъан ламасташ. Башха локху цара дечиг-пондар а, цуьнан мерзашца вайн къоман культурин исбаьхьалла хIора а ладогIархочуьнга дIакхачо таро ю цу шиннан говзаллин. Гулбеллачара ирахьлаьтташ ладуьйгIира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина леринчу композицига.
Лаьмнийн Хьачара илланчийн говзалла йовзарех ирс эца баьхкинера Нохчийн Республикин Администрацин а, Правительствон а куьйгалхо Кадыров Ислам а, республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди а, республикин культурин векалш а, Итон-Кхаьллан администрацин куьйгалхо Темирбулатов Хьамзат а, Шуьйтан районан администрацин куьйгалхо Чабагаев Шадид а. Кхузахь гулбеллера Итон-Кхаьллан районан ерриге а ярташкара бахархой а. Ткъа Республикин Куьйгалхочо шена уллера хьешан меттиг еллера Хьачарарчу къаночунна Атагов Сайд-Селимна.
Исмаилов Шарпуддина «Нохчийн Республикин хьакъволу артист» цIе а елира, совгIат а дира Кадыров Рамзана, иштта совгIат дира цо Ризавдина а «Нохчийн Республикин халкъан артист» цIе а елира.
Юьстах ца битира республикин Куьйгалхочо и кIентий кхиийна наной а. Акаева Анисатна а, Исмаилова Кхокхина а «Ненан сий» мидалш а, башхачу зезагийн курсаш а елира.
Хьачаройн лаьмнийн когашкахь, токхечу гуьйренан суьйренехь дакъалецира вайн махкахь шуьйра бевзачу артисташа Россин Федерацин хьакъволчу артиста Дагаев Валида а, Межиева Маккас а, Эльмурзаев Бекас а, Межидов Сахьаба а, Эдилсултанова Миланас а, Алиева Рашана а, Байкаев Мурада а.
И башха суьйре дIайоьрзуш, лаьмнийн баххьаш къагийра шатлакхан серлонца.
Т.Саралиева
№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо