Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара вежарий, йижарий!

Ас даггара декъалдо шу бусалбанийн уггаре а коьртачех цхьаъ долчу ГIурбанан дезчу денца! Оцу дезчу дийнаца йоьзна ю Исламан коьрта мехаллаш. Ид аль-Адха – ГIурбанан деза де Везачу АллахIа вайна, бусалбанашна даийтина вай вовшашца къинхетаме хилийта, вовшийн гIайгIа беш, вовшашна гIо деш хила дезар дагадоуьйтуш.

9ee9be79

Нохчийн Республикехь къаьсттина лерам бо, хьурмат до хIокху дезчу дийнан. Оцу гIурбанан деношкахь алсамдоккху АллахIана Iамал-Iибадат дар, дика гIуллакхаш дар, вовшашна гIодар, вовшийн лерам бар, терго яр.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо хIора шарахь хьашт долчарна гIодо даккха ма-деззара и деза де билгалдаккхийта. ГIурбанна дийначу бежанийн жижиг дIасадоькъу шайн белхан декхарш кхочушдеш, кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн белхахойн доьзалшна.

Далла дезаш долу дика гIуллакхаш даро адамашна юкъара марзо алсамйоккху,  уьш вовшийн гергара бо, царна юкъара сий-ларам лакхабоккху. Ид аль-Адха дезчу дийно вайн ийман чIагIдо, вайн ойланаш, дегнаш цIандо, дегнаш серладоху, дегнаш синтеме до, дегнашка тешам боссабо, вай цхьаьнатуху вовшашна гIо-накъосталла дан лаарехь.

ХIара башха деза де берриге а бусалбанашна сийлахь-еза йолчу Маккахь билгалдоккху Россерчу иттаннаш эзарнаш хьаьжоша. Оцу безачу махкахь мел дина Iамал-Iибадат а, хьаьж а Дала къобалдойла церан.

Хьомсара махкахой, ас юха а даггара декъалдо шу ГIурбанан дезчу денца! Лаьа шу маьрша, токхе дехийла, шун аьтто хуьлийла!

Везачу АллахIа къобалдойла хIокху езачу хенахь аш дина гIурба! Дала ийманехь совдохийла вай. Дала шен, барх кхачор боцу, къинхетам бойла!

№108, еара, 24 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: