Хьекъале хьехамча

(шира дийцар)

Яханчу заманахь  цхьана паччахьан башха хьекъале, оьзда  хьехамча  хилла.Iаламат маслаIате хьехам  беш хилла  цо даима а мехкан куьйгалхочунна. Муьлхха а  гIуллакх, хьал  тIехIоттарх, «Диканиг хир ду, Дала мукъ лахь! Диканна ду иза, диканна!» – олуш хилла цо.

Иштта, хIорш цкъа талла баханчохь  шен  секхаIодан буьхьиго  ларамаза  паччахьан  пIелган  буьхьиг  баьккхина. Iовжийначу  паччахьо леткъамаш беш хилла, ткъа хьехамчас, даима  санна: «Диканиг хир ду, Дала  мукъ лахь! Диканна ду иза, дера ду диканна!» – аьлла. И дешнаш шена  хезча, оьгIазвахна  паччахь. «Сан пIелган буьхьиг баьккхина, ткъа ахь  иза  диканна ду  боху. Диканна муха хуьлу  иза?!», – аьлла  цо.

Паччахьо  шен хьехамча балхара дIаваьккхина. Цул сов, иза набахте хьажош,  омра дина  мехкан куьйгалхочо. Паччахьо  шена  и кхиэл  кхайкха ма-йиннехь, хьехамча  хиллачо  сихха аьлла хилла: «Диканна ду, Дала  мукъ лахь! Диканна  ду хIара!»

Шен пIелган  лазар дIадирзича, паччахь юха а талла  вахана хилла. Толлу-уш, цхьана  акхачу  Iаьрбашна тIенисвелла хIара. ЦIушна Iибадат  деш хиллачу  цара  аьлла: «Тхан динехь  хьо вен  вогIуш ву. Хьо оха  хIинца  вуьйр ву…».

– Аш со муха  воь: со  паччахь  ма ву?!

– Тхуна хьо цхьа а паччахь вац, эрна хабарш ма дийца. Кечло, – аьлла, Дела  цхьаъ ца вечу  наха.

Шайн Iадатехь догIуш ма-хиллара, цара  иза  вен  кечвеш, дIахIоттийна. Оцу  хенахь акхачу Iаьрбийн бIаьрг кхетта паччахьан  сакхат долчу пIелгах. Царех  коьрта  волчо аьлла:

– ХIара стаг дIахеца, дIавахийта. Шен дегIа тIехь  дерт долуш  волу стаг  вен  магош дац, шуна ма-хаъара…

Паччахь цIа  веана. ХIинца  дагадеана  цунна  тохара шен хьехамчас аьлларг. Цо иза набахтера араваккхийтина. Юха иза шена тIе а  кхайкхина,  паччахьо хаттар дина:

– Сан пIелган буьхьиг баьккхинчу хенахь  ахь нийса аьлла хилла, ткъа хьо набахте  хьажочу хенахь а ма элира ахь: «Диканна ду, Дала мукъ лахь!  Диканна ду хIара!» Цунах муха кхета  веза тIаккха?

Паччахьан  хьехамча  хиллачо аьлла: «Шена тIаьхьа  дика ца догIуш цхьа а  вон дац хьуна. Дикачух догдилла мегар дац. Даима  Деле диканиг деха деза.  Мел хала киртиг тIехIоьттинехь а, болх Сийлахьчунна тIе  билла  беза! Дала  шега деха ма боху. Шега  дехначунна Цо дов  ца до, тахана йиш яц, кхана  вола  ца олу, Шен диканна дуьхьал хIумма  а ца доьху… Ткъа хIинца ахь динчу хаттарна жоп лур ду ас. Ахь со набахте  хьажийна  ца хиллехьара, талла  ваханчохь,  оцу  акхачу Iаьрбаша схьалоцучохь, со хьоьца  хила  тарлора, хIунда аьлча ахь со хьайца  вуьгура  даима. Вайшиъ ший а схьалаьцна хиллехь, со  дIахоьцур  вацара  цара – сан дегIа  тIехь  цхьа а заралла  ма дацара».

ГАЙТУКАЕВ Асламбек

 

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: