Цхьаьна – некъан боламан кхерамазаллехьа

Соьлжа-ГIалин Заводской районан префектуро кхерамзаллин советаца, Россин МВД-н, Соьлжа-ГIалин урхаллин ОГИБДД-ца, транспортан министерствон белхахошца,  кегийрхойн «Ахмат» боламца цхьаьна Соьлжа-ГIаларчу В.Путинан цIарахчу проспектехь дIадаьхьира водительша некъан  боламан  кхерамзаллин бакъенаш ларъяр  муха ду хьажар.

– ХIара тайпа мероприятеш оха кест-кеста дIахьош а, дIахьур йолуш а ю.  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана некъан бохамашна дуьхьал гIуллакхаш дIадахьар  тIедиллина, цу декъехь республикин ерриге а районашкахь болх дIабахьа лерина ду тхо,  – элира Нохчийн Республикин кхерамзаллин Советан аппаратан юкъараллин а, кхерамзаллин а отделан хьаькама Алиев Данилбека.

Некъан бакъенаш ларъечу инспекторша водительшца профилактикин декъехь дуккха а пайдехь къамелаш дира, царна буклеташ йийкъира.

Хь.БАХТАЕВА

 

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: