Дешархошна некъан бакъенаш йовзийтира

Кху деношкахь Нохчийн Республикин къоман музейн Iилманан-серлонан отдело Соьлжа-ГIаларчу №I4 йолчу юккъерчу школин дешархошна юкъахь къийсадаларш дIадаьхьира. Дешархошна некъан бакъенаш йовзийта а, цу декъехь долу  церан хаарш зен а вовшахтоьхна дара къийсадаларш. Дешархоша, кхаа тобане бекъа а белла, вай лакхахь хьахийначу отделан заведующис Джабаров Тамерлана кечдинчу хаттаршна жоьпаш делира. Берийн коьрта тидам тIебахийтинера гIашлочо ларъян езачу бакъенашна.

Нац.музей1

Къийсадаларийн жамIашца хьалхара меттиг «Светофор» тобано яьккхира. Толамхошна совгIаташ дира, Къоман музейхула экскурси ян маьхза билеташ даларца.

З.САГАЕВА 

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: