Адамийн дахарца доьзна хиларца чIогIа жоьпалле болх бу лоьраниг. Къинхетаме, собаре хилар оьшуш а бу иза. И ерриг а дикаллаш шеца йолуш ю Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу №5 йолчу берийн поликлиникехь берийн лор йолу Астамирова Милана.
ШуаиповгIеран Кишмирзин а, Бирлантан а доьзалехь кхиъна ю Милана. 1997-чу шарахь тIехдика дешарца Старопромысловски районера №54 йолу юккъера школа чекхйоккху цо. Цхьа шо даьлча Нохчийн пачхьалкхан университетан лоьрийн факультете деша йоьду. Цигахь йоIа караерзайо берийн лоьрийн говзалла.
2006-чу шарахь лакхахь хьахийначу поликлиникехь берийн лор балха хIутту Милана. Сиха дIаоь иза коллективах, хIинца белхан накъосташна дукха а езаш, лара а лоруш, болх беш схьайогIуш ю.
Цунна тоьшаллина дало лаьа поликлиникехь фельдшеран а, лакхарчу лорйишин а декхарш кхочуш деш йолчу Хизирова Иманан дешнаш: «Уггаре а хаза дешнаш ала хьакъдолуш ю Милана. Оьздачу доьзалера схьаяьлла, гIиллакх, ийман долуш, дика берийн лор ю. Шен болх безаш а, бан хууш а, белхан декхаршца дика ларош схьайогIуш а ю. Адамалла долуш ю. Мел дарвелла тIевеанарг а, дуьхьал вон дош ца олуш, елаелла-екхаелла къамел дой, дIавохуьйту цо. Тхан белхахошна юкъахь собаре, кIеда-мерза хиларца къаьсташ ю. Дархочух дог лозуш гуонаха йолий, цунна товр долчу агIор гIуллакх дан хьожу… Миланин кхуьуш диъ бер (ши кIант, ши йоI) ду».
М.Астамирована тIе дуккха а бераш даладо. Коьртачу декъана 18 шаре кхаччалц хенаш ю церан. Могашаллин хьал толлуш, цомгаш дерш тергоне оьцуш болх бо цо цаьрца. ХIора шарахь диспансеризацих чекх а доху.
«Жимачохь дуьйна а яра со лор хила лууш, – бохура Миланас. – ДагадогIу хьалхарчу классехь тхо долчу хенахь, хьехархочо мила хила лаьа аьлла хаьттича, айса, тешшош, лор хир ю, аьлла. Суна дукхадеза бераш. Сан самукъадолу цаьрца болх беш. Кест-кеста хеза суна, «Дела реза хуьлда хьуна, хьо яцахьара йиш яцара», боху дешнаш. Цундела сайн Iалашоне кхаьчна аьлла хета суна со. Къаьсттина сан дагна хазахетарг ду дай-наноша шайна уггаре а деза дерг – бераш – сох тешор. Иза хета суна сайн дахарехь уггаре а боккха кхиам, – элира цо. – Цхьаболчу наха ватсапп чохь беш болу харцхаамаш бахьанехь цхьадолчу дай-наноша шайн берашна прививкаш ца йойту. Сайн ницкъ ма-кхоччу церан ойла хийца хьожу со», – тIетуьйхира Миланас.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо