«Уггаре а хьалха тхо кхочу нахана гIоьнна»

Иштта яра дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалин №29 йолчу школехь  хиллачу суьртийн гайтаман цIе. Россин МЧС-н 25 шо кхачарна лерина бара билгалбаьккхина гайтам.

IMG-20150928-WA0006

Масех рубрикех лаьттара иза: «Тхан турпалхой», «Уьш даима вайн дегнашкахь бу», «Кхерамзаллин школа», и.дI.кх. Школера дуккха а дешархой бара цигахь дакъалоцуш.

Октябрьски районан цIе яйъаран-кIелхьардахаран  №3 йолчу декъан инспектора Крупнов Сергейс дешархошна дийцира, Россин МЧС-ца боьзначу хиламех лаьцна, иштта, шайн болх а бовзийтира царна. Дешархоша леррина ладуьйгIира цуьнга. Шайна хаа луург а хоттура цара. С.Крупновс берашна дийцара, МЧС-н белхахойн болх  жоьпалле а, хала а хиларх лаьцна. Иза иштта дан а ду. Муьлххачу а хенахь (де-буьйса ца лоьруш) адам цIарах кIелхьардаккха дезаш нислахь, шайн са а ца кхоош, цунна орцах кхочу, уьш к1елхьара а боху.  Баккъал а, Делера ял а, адамашкара баркалла а хир долу болх бу иза.

 

З.ХАСИЕВА

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: