Йина 1957-чу шарахь ГIиргIизойчоьнан, Быстровски районан Орловка юьртахь. Пхеа берийн нана ю Сацита. Нохчийн мотт безаш, цуьнца уьйр йолуш ю иза. 2005-чу шарахь дуьйна байташ язъеш ю.
***
ВогIу со, Нохчийчоь,
Кхин Iен ца велла.
Хьоьга сатийсина,
Са кхачаделла,
Хьомечу дех, ненах
Беза бIаьрг тоха,
Барт боккхуш и ший а
Доггаха хьаста.
ВогIу со, Нохчийчоь,
Кхин Iен ца велла,
Хьоьга сатийсина
Са кхачаделла
Шовданан коьртехь
Цкъа цхьа илли ала
И шийла шовданаш
Дог Iабош мала.
ВогIу со, Нохчийчоь,
Кхин Iен ца велла,
Хьоьга сатийсина,
Са кхачаделла.
Хьомечу лаьмнашка
Маршалла хатта,
Сайн хьоме Нохчийчоь
КъинтIера яккха.
ВогIу со, Нохчийчоь,
Кхин Iен ца велла.
Хьоьга сатийсина,
Са кхачаделла.
Хьомечу Даймахках
ГIийла бIаьрг тоха,
Дагара дийцина,
Са паргIат даккха.
ВогIу со, Нохчийчоь
Кхин Iен ца велла.
Хьоьга сатийсина,
Са кхачаделла.
Вайн Деле кхин цкъа а тIом
Ца гайтар деха,
Йисина хан-зама
Хьоьца цхьаьна яккха.
Духур дац цкъа а
Дуьнен чохь хьол дехаш
Цхьа къам дац дан а.
Яхь йолу къонахий
Бу-кха хьан шортта,
Халонаш тIехIиттарх,
Къизалла гайтарх,
Турпала нохчийн къам,
Духур дац цкъа а.
Нохчийчоь, мостагIчо
Хьо сийсаза ярх,
ТIехь йоцу и цIерш
Цо хьуна тахкарх,
Халонаш тIехIиттарх,
Къизалла гайтарх,
Турпала нохчийн къам,
Духур дац къа а.
Нохчийчоь, хьан метта
Кхелхина кIентий.
Сийсазбеш, цIийла
Керчийна къаной.
Мел дукха вай дахарх
Хан-зама яларх,
Яхь йолчу вайн къомо
Бицбийр бац цкъа а.
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо