Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь книгийн ярмарка дIаяьхьира. Иза вовшахтоьхнера Регионан юкъараллин «Оптимум» организацис, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, Соьлжа-ГIалин мэрин гIоьнца.
Республикин бахархойн аьтто бара нохчийн, оьрсийн, хIирийн, гIалгIайн, жIайхойн, туркойн меттанашкахь йолу книгаш йорах эца. Цул сов, «Ешархо» аьлла лотерейни билеташ дара ловзош. Лотерей д1адахьар вовшахтоьхнера Регионан юкъараллин «Оптимум» организацис а, Инновацин кхиоран институто а, «Оьрсийн-нохчийн доттагIаллин юкъаралла» организацис а. Лотерейн жамIаш довзуьйтур ду «Даймохк», «Вести Республики», «Чеченский правозащитник» газеташ тIехь.
Кхуза кхайкхина бара Москварчу «Юный ключ» издательствон коьрта директор Рахманов Вадим, Къилбаседа ХIирийчуьрчу патриотийн «Родина» клубан куьйгалхо Карданов Тимур, иштта кхийолчу регионашкара юкъараллин а, патриотийн а организацийн векалш. Царна массарна а «Къаьмнашна юкъара машар ч1аг1барна» мидалшца, Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира.
Къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Алихана баркалла элира ярмарка вовшахтоьхначарна. Вайн кегийрхошна и мел мехала ду дуьйцуш, цо билгалдаьккхира: «Шуьйрачу хаамийн электронни г1ирсаш белахь а, книгица гергарло хилча бен ца хаало цуьнан марзо, цундела кест-кеста д1адахьа деза х1ара тайпа г1уллакхаш».
– Таханлерчу кегийрхойн книгашка болу безам алсамбаккхарна лерина ю ярмарка. Карахь дерг Литературин шо хиларна, хIокху тайпа г1уллакхаш кест-кеста дIадахьа лерина ду тхо, – элира Нохчийн Республикин юкъараллин «Оптимум» организацин Президента Ахмаев Руслана.
– Суна хIара тайпа ярмаркаш дIаяхьар мехала хета, хIунда аьлча кегийрхойн литературе болу безам алсамболу ишттачу меттигашкахь. Къилбаседа ХIирийчуьра айса еана книгаш Нохчийн къоман библиотекина дIаяла лаам бу сан, иштта нохчийн маттахь йолу книгаш сайца дIаяхьа а, – элира Т.Кардановс.
Ярмаркин шолгIачу декъехь концерт дIаяьхьира. Нохчийчуьра, иштта луларчу республикашкара артисташ бара концертехь. Эшаршца, нохчийн оьздачу хелхаршца ерзийра ярмарка.
Хь.АВХАДОВА
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо