Химически герз шайн махкара дIадоккхур ду аьлла, Шема пачхьалкхан куьйгалло сацам тIеэцна 3 бутт гергга хан дIаяьлла.
Амма тахана а цу хьокъехь цхьана а кепара беш болх бац. Цхьа а пачхьалкх реза ца хуьлу и «пайден» болх, шена тIе а лаьцна, кхочушбан. Кхераме долу, дIаьвшен герз шайн махкахь, хIаллакдина, дIадаккха цхьанна а ца лаьа.
Ткъа Шемахь-м тIеман цIер дIаян туьгуш яц. Хьалха санна, дойъуш адамаш, йохош гIаланаш, ярташ ю. Бехк боцчу, мискачу, маьршачу адамийн цIий ду тахана а махкахь Iенаш. ХIун бехк бу, шайн доьзалшна дан хIума доцуш, гатте хьовзийна, Iазапехь бохкучу нехан? Я церан кегийчу берийн? Бер – тIеман цIера юккъехь хиларал ирча хIун хир ду?
Кханалера де шайна машаре догIур ду аьлла, тешар долуш дIа ца буьйшу уьш цхьана а буьсанна. Мел боккха кхерам лаьтта церан кегийчу дегнашкахь, мел гIайгIане бу уьш.
ДIадаханчу кIиранах Россерчу телеканалашкахула цхьа сюжет чекхъелира:
Шемарчу берашкара журналиста интервью оьцучу хенахь юххехь эккхар хилира, кIур а, чан а яьлла, камера, ега а йина, дIаяйра. Юха, иза хьалалетча, бераш цхьана ларми чохь гойтуш дара. Цхьадика, царах цхьа а ца лазийнера. Шаьш мел кхераделлехь а, иза ца гайта гIертара уьш, бела къежаш, забарш еш.
Иштта ду денна а Шемахь хуьлуш дерг – герзаш дийлар, адамийн цIий Iенор. Мел лаьттар ду цигахь и тайпа хьал? Иза хууш цхьа а вац.
Цхьаболчу журналисташа яздо, Шемахь долчу хьоло, хьалха санна, нехан дегнаш карзах ца доху, цаьргахь сингаттам ца латтабо, адамаш массо а хIуманах дулу – тIамах а, машаречу дахарх а, вуонах а, диканах а. Суна уьш нийса ца хета.
Вуона, тIеман Iазапна, маьрша нах байъарна бен воцуш муха хир ву цIена дог-ойла йолу бусалба стаг? Вайна гина тIом, вай лайна цуьнан Iазапаш, цундела нохчийн Шемахь долчу хьолана бен боцуш хир бу аьлла, ца хета суна.ТIехула тIе цигахь тIом беш Нохчийчуьра дIабахана кегий нах а ма бу, ур-аттал зударий тIехь. Цуьнан ойла ян езара вай массара а. Цу тIехь сема хила дезара вай – вайн кегий нах оцу харц новкъа бовларх ларбарна тIехь. Вайна Дала беллачу ницкъаца, хьекъалца галбовла кийча болу кегийнаш кхето беза вай, церан дог-ойла муха ю, цара лелош дерг хIун ду, церан уьйраш хьаьнца ю хаа деза вайна. ТIаккха уьш зуламах ларбан Дала аьтто бийр бу вайн.
Шемахь летта цIе марсаяьлла йогу, даккхий зенаш ду цо цигахь деш. Амма вай теша, Делан гIоьнца, маьршачу нехан, цхьаьна а кхетта, ницкъ кхочур бу и цIе латийна болу зуламхой совцо.
М.АРСАНУКАЕВ