Хьехархочун седа

Хууш ма-хиллара, хIора стеган дахарехь уггаре а коьртачарех, мехалчарех ю хьехархочо дIалоцуш йолу меттиг. Ткъа, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу №1 йолчу гимназин хьехархо Нуридова Айза хьехархо хилла ца Iаш, дика адам, оьзда, гIиллакхех юьззина нохчийн зуда ю.

Хаза, малхо къагийна, довха лаьтта сентябрь беттан денош. Ша дуккха а шерашкахь ма-ярра, дайчу боларца школан керта йогIу берийн дахарца шен дахар доьзна йолу хьехархо. Дешархой дуьхьал уьду, го бо, хеттарш до. ХIоранан а терго йо цо, хIораннан хаттарна жоп ло. Хетало и царна ненан метта йолуш санна. Хьехархо даима нисво, вусту ненаца, хетарехь, цхьа шатайпа йовхо, гергарло дохьу цо берийн дахаре.

Нуридова Айза йина Хьалха-Мартан районерчу ГIойтIа юьртахь. 1978-чу шарахь чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан математикин факультет. Шен дахаран новкъахь, дуккха ишколаш хийцина цо, гина шортта диканаш, вуонаш. Цхьатерра ца лаьтта дахаран денош, цундела ша цо кхоош, берийн кхане екхна хиларе сутуьйсуш бина цо шен беха некъ.

Ша корматалла харжарехь ондда дакъалаьцнарг нана ю аьлла хетта Нуридова Айзина. Дуккха а шерашкахь хьехархочун болх бина йолчу нанас, йоьIан дог-ойла а ерзийна адамашца йолчу уьйранна тIе. Iамийна оьзда, гIиллакхе, кIеда хила.

– Дукха ду сан ненах лаьцна дийца, – бIаьргах мела хи долу йоьIан. – Иза йоцу I5 шо зама елахь а цуьнан хьекъале, хаза хьехамаш хIинца а бу соьца бисина. Цо гIо до сунна яха, хьеха, адамаллех ца йоха, хIора берана тIе довха куьг кхачо.

Ненах лаьцна дийца кIорда ца до цунна. Баркалла боху цо нанна шен доьзална накъост а хилла, сирлачу кханене некъ гойтуш, ша нийсачу новкъа хьажо ницкъ кхачарна.

Болх а, дахар а вовшахийна йолчу хьехархочун говзалла тидам боцуш ца йисина вайн республикехь. Дуккха а совгIаташ ду цуьнан. Царна юккъехь Нохчийчоьнан Парламенто а, Ленински районан префектуро а, Соьлжа-ГIалин дешаран Департаменто а елла Сийлаллин грамоташ ю. Делахь а, массарел деза а, тамашийна а кхин цхьа совгIат ду хьехархочун. Школера дешар дерзош хиллачу т1аьххьарчу цхьаьнакхетарехь Нуридова Айзин классо цунна делира стигларчу седанна цуьнан цIе тилларан хьокъехь тоьшалла деш долу сертификат. Тамашийна совгIат ду иза! Иштта говзачу хьехархочунна догIуш совгIат ду иза, цхьа а шеко яц цу тIехь.

– Суна уггаре а сайн лакхара дарж хетта, дешархойн сайга болу сий-ларам, – боху Нуридова Айзас. – ас школана дIаделла сайн дахаран 42 шо. Уьш эрна дахана ца хетта сунна. Бакъдолуш, уггаре а ирсе зуда ю со тахана.

Дерзош ала луур дара. Иштта говза хьехархой даима а хуьлийла вайн а, вайн берийн а дахарехь! Уьш ларар, церан сий дар вайн коьртачарех цхьа декхар ду. Лаьа тIедогIуш долчу хьехархойн денца иза декъалъян, массо довхо дош даггара цуьнан цIарах олийла.

 

М.МАГОМАЕВА

 

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: