Сица заьIап воцург ирсе ву

ХIокху дуьнене шатайпа хьежам бу 10 шо кхаьчначу  Рамилан. Цунна тIехьаьжча, хIумма а ца хаало цуьнан заьIапаллех. ДIаволавала гIоьртича гучудолу дерриге а.  Iаьржа  бIаьрг-цкъоцкъам долуш,  товш куц  долчу берана тIе хьеннан а бIаьрг хIутту. 

IMG-20150923-WA0024

Иза вевзина, цхьажимма хан яьллачул тIаьхьа гергарло а тасало. Адамашца ийна хилар совнаха, Рамиль чIогIа забарш йолуш ву. Соьлжа-ГIаларчу гимназехь №14 йолчу 3-чу классехь доьшуш ву иза. БIаьрса ледара хилар бахьанехь йозанца йоьзна урокаш хала йо Рамила, амма  барта предметаш тIехдика схьалоцу кIанта. Цо шера буьйцу оьрсийн мотт, дика хаьа нохчийн мотт. Цунна дика евза оьрсийн меттан грамматикин бакъенаш, нийса доькъу дешнаш дешдакъошка, билгалдоху мукъа а, мукъаза а, зевне а, къора а аьзнаш. Муьлххачу а дашца хIоттайо цхьалхе а, чолхе а предложенеш. ХIинца Рамиль предложенин синтаксически, лексически таллар дан Iемаш ву. Бакъду, и дерриге а школехь Iамийна ца Iаш, цунна хьоьхуш репетитор ю Иванова Светлана Васильевна.  ХIора денна школера ваьллачул тIаьхьа, цхьана шина сохьтехь са а доIий, цунна тIевуьгу кIант.

Школе воьду хан хилчахьана Рамиль лелош нянька яра. Цо лелавора иза школе а, репетиторна тIе а.  Юххера иза дIаяьлча, Рамиль карзахволура.

Ша ирахь латта кхоьруш волу кIант масех метр дIавахало. Амма цхьана хIуманна тIера дIа а татталой бен ца воьду, кхоьру. Хи чохь нека дан ца хууш волу стаг санна, холчахIутту, охьакхетарна кхоьру. Наггахь, хIинца-м дIавахана велира хIара олий, охьа а ца кхеташ генна дIавоьду.

2005-чу шарахь Рамиль  дуьнен чу ваьллачу хенахь  Соьлжа-ГIалахь тIеман лараш  дIайовлаза яра. Хенал хьалха дина бер чIогIа цомгаш ду элира лоьраша. Барокамери чохь  волу кIант гергарчара ларвира. Масех де иштта даьккхира цо. Цул тIаьхьа товала волавелира. Дукха хан ялале наний, беррий больницера цIа даийтира. Бакъду, цуьнан могашаллина цхьа а кхерам бу-м  ца элира лоьраша. КIант денна а тIевогIуш вара, амма, дукха воьлхура. Иза тIе ца вуьгуш цхьа берийн лор а, больница а ца йисира. Шайна хетарехь, диагнозаш хIиттайора лоьраша. Цуьнан 6 бутт кхаччалц  дений-нанний гучу ца елира бер дечу цIийнехь лоьраша лачкъийна хилла ДЦП-н цамгар.  Шайн доьзале беанчу сингаттаман тIаьхье  чолхе хир юй хууш болу гергарнаш, Деле дечу доIанашца, Рамилана дарба лаха арабевлира. 23 шо а кхачаза долу да-нана ца кхочуш меттиг ца йисира – Москва, Санкт-Петербург, Киев, цул тIаьхьа Чинера гIаланаш – Пекин, Харбин…ДЦП-н тайпанчу цамгаршка хьаьжча, Рамилан ерг дикачуьнга сатийса мегар долуш яра. Уггаре а коьртаниг –хьекъалца эшам бацара. Мелхо а, хьекъал совдуьйлуш хаалора дуккха а хIуманашна тIехь. Мотт шен хеннахь Iемира, кхетам а кIоргера бара. Когаш бара эшам хилларш, уьш озабелла хуьлура.  Массаж ма йиннехь меттабахалора, цхьа хан яьлча, юха а чIагIлора.

Рамиль дуьххьара Харбине вигча профессора делла  хаттар иштта дара: «Мозги есть?»,– аьлла  «Цуьнан кхетам меттахь хиларо ах бала дIабоккху, хаддаза массаж, зарядка, наггахь мехий хIиттор оьшу цунна. ТIаккха и когавахана дIагIур ву»,-элира цо. Профессора ма-аллара  процедураш йира кIантана. 25 де даьлча (цу хенахь Рамилан 5 шо дара) баккхий хийцамаш гучубевлира. Цхьа куьг лаьцча ког баккха волавелира иза. КIанте бутт бен ца боккхуьйтуш Чинера цIа баьхкира гергарнаш. Иза шайн уггаре а доккха гIалат хета царна. Юккъе хан ца юлуьйтуш, цигахь кхин а Iийнехь, кога вахана хила мегара иза олий, ойла кхоллало церан.  Делахь а цул тIаьхьа кхин шозза а вигира Рамиль Чине, кхаа баттахь  дарба а дира. Церан мотт ца хуъушшехь, больницехь болх бечу массажисташца, медйижаршца Рамилас тесначу гергарлонех цецбуьйлура гонаха берш. Шаьш процедураш ечу хенахь кIантана мотт Iамо буьйлалора уьш. Уьш цецбуьйлура цуьнан похIмех. Царах хIора а кийча вара Рамиль тIе а лаьцна, цунна дарба дан а, мотт Iамо а.

Берийн психологи талларехь Iилманан белхаш язлур бара олий хета Рамиле ладоьгIча. Мотт бийца ша Iемичхьана  «нохчаллех» вуьзина ву кIант. Яхь, юьхь, доьналла, майралла  цуьнан амалехь гучуяьлла дикка хан ю. Шайн доьзалехь баккхийчарна юккъехь дар-дацар хилча, царна эхь хеттачу кепара, хьехар до цо. Цхьаммо шена хьехча санна хаьа цунна марнанний, несанний, майрачунний-зудчунний юккъехь лело еза юкъаметтигаш.  Цара вовшашца хIитто деза гIиллакхаш а хьоьху кIанта царна. Цунна ца деза осал хIуманаш, цунна къахета гIийлачух, иза кийча ву гIаддайначунна орцах вала. Рамиль воккхаве ша бусулба хиларх. Цу тIехь масал хилла лаьтта цунна шен деда. Ламаз деш, цунна чIогIа деза имам хилла, хьалха валар. Бакъду, голаш тIе а хIуттий до цо къомат.

Рамилан керла дешаран шо дIадоладелла. Цуьнга школехь хьожуш цигара технически белхало Юнусова Роза ю.  Сица а, духарца а оьзда йолу зуда Дела дуьхьа хьожу Рамиле. Цунна чIогIа дукхавеза кIант. Иза тешна ю Рамиль кестта, когавахана, дIаволалург хиларх.

Рамиль а ву Розина тIера. Адамийн психологех сиха кхуьуш волчу кIантана хаьа Розас лелош дерг доггаха дуй. Школин юкъараллин дахарна юьстах ца лаьтта кIант. Цо дакъалоцу тайп-тайпанчу конкурсашкахь, цхьаьнакхетаршкахь, ярмаркашкахь. Иштта, цо стохка дакъалецира берашна юккъехь дIаяьхьначу нохчийн литературин конкурсехь. Цигахь  хьалхара меттиг яьккхира Амаев Рамила. Нохчийн гIараваьллачу яздархочо Мамакаев Эдуарда делла совгIат дозаллица лардо цо.

Дуккха а гIуллакхаш ду Рамилан кхушара дан дезаш. Цунна чIогIа лаьа спортан секце лела. Оцу сатийсаме кхача шен дуккха а къахьега дезий хаьа кIантана. Цундела вуьгуьйту цо ша массажистана Мутиев Мусана тIе. 36 шо долу Муса са гуш вац. Цуьнан бIаьргаш баьхна тIеман муьрехь. Мусан цу хенахь 20 шо бен дацара. Шен нийсархочуьнца санна къамел до массажиста Рамилаца. Ийманехь, доьналлехь волчу жимачу стагера когашна пайда хилла ца Iаш, къонахаллин урокаш оьцу кIанта.

Цкъа вевзинчунна гуттар а дагахь вуьсу 10 шо долу кIорггера кхетам, ийман, доьналла долу Амаев Рамиль.

Дуккха а ду дуьнен чохь заьIап адамаш. Иза кхераме дац. Церан сатуьйсийла ю дарбане. Цхьана а кепара цуьнга сатуьйсийла йоцурш сица заьIапалла ерш бу.  Дала лардойла вай  цунах!

Б.ДУДАЕВА

 

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: