Дехарна жоп делла
Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски районан прокуратуро кхочушдина чохьIен цIа хила деззачу хьолехь латтош цахиларан хьокъехь Елсаева Луизас деллачу аьрзана. Бинчу талламо гайтира дуккха а хIусамаш йолчу цIа чохь юкъара чувоьдийлехь неIарш цахилар, юкъара пайдаоьцуш йолчу меттигашкахь шен-шен хенахь ца йо цIано, электрощиташна тIехь цхьамогIа сакхташ ду.
И дерриге а бахьанехь «Октябрьски районан ЖЭУ» юкъараллин директорна Абдулазимов Дукхвахина дуьхьал РФ-н КоАП-н 7.22 статьяца догIуш долу законан талхораш хиларна административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийна. Цунна тIедиллина законаш талхорна некъ луш долу бахьанаш дIадахар.
ГIалин мэрига дIахаийтина…
2012-чу шарахь дуьйна гIуллакхана юкъадалош долчу дуккха а хIусамийн цIенош чохь энерготаронаш Iалашъярхьама а, царах санехь пайдаэцархьама а йовхонан энерги хьесапе эцаран гIирсаш хIиттор билгалдина законо. Оцу декъехь долу хьал теллира республикин прокуратуро.
Талламо гайтира карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь деш шайна чохь дуккха а хIусамаш йолу 13 цIа хилар. Амма царах цхьанна а чохь дIахIиттийна йовхо хьесапе эцаран гIирс ца карийра ведомствон векалшна. Цуьнца доьзна гIалин районийн прокуратураша цIенош деш йолчу организацийн куьйгалхошка дIахаийтина оцу кепара закон талхор тардалийта мегарг цахилар.
Цу тIехь терго латто декхарийлахь яра гIалин мэрин гIишлошъяран а, архитектурин а департамент. ДуьххьалдIа цо кхачоян езара капитальни объект гIуллакхана юкъаялочу хенахь градостроительни законодательствон лехамаш дIаса ца таьIIаш кхочушбарна.
Цунна тIе а доьгIна, регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима департаментан куьйгалхочуьнга дIахаийтина оцу кепара закон талхо мегарг цахилар.
Газан гIирсех нийса пайда ца оьцу
ЖКХ-н а, ягоран-энергетически комплексан а декъехь законаш кхочушдар муха ду хьожуш таллам бечу хенахь Соьлжа-ГIаларчу Заводской районан прокуратурин векалша дийнна цхьамогIа талхораш гучудехира.
Иштта, модин, дизайнан Соьлжа-ГIалин техникумехь а, гIаларчу № 20 йолчу юккъерчу школехь а кхерамазаллин лехамашна жоп луш боцчу газан гIирсех пайдаоьцуш карийра. Цунна тIе а доьгIна, прокуратуро суьде шиъ иск елира гучудаьхна кхачамбацарш йоццачу хенахь дIадахар бехкечарна тIедожор а доьхуш.
Къинхьегаман закон
талхийна
Районан цхьамогIа муниципальни учрежденешкахь къинхьегаман законодательство муха кхочушдо толлуш, гIаларчу Октябрьски районан прокуратурин белхахоша тидам тIе бахийтира «Водоканал» МУП-н а, «Соьлжа-ГIалин электрически сеташ» МУП-н а белхалошна, Россин Къинхьегаман кодексан лехамаш талха а беш, баттахь цкъа бен алапа луш цахиларна. Оццу организацешкахь къихьегаман хьелийн леррина мах ца хадийнера.
Хьакъ доллу таIзар доцуш ца дисира закон оцу кепара талхор. Лакхахь цIерш яьхначу организацийн куьйгалхошна дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь гIуллакхаш долийна районан прокурора, РФ-н КоАП-н 5.27 статьян 1-чу декъаца, РФ-н КоАП-н 5.27.1 статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш. Цул совнаха. царна тIедиллина къинхьегаман законодательствос хьалха хIиттош болу лехамаш, дIаса ца таьIIаш, ларбар.
Дешархойн бакъонаш
ларйина
Районехь дешаран материалашца кхачояран декъехь дешаран хьокъехь долу закон муха кхочушдо теллира Шелан районан прокуратуро. Цо гайтира дешаран учрежденийн библиотекийн фондашна дешаран коьртачу программица хила езаш йолчу книгашца а, дешаран гIирсашца а буьззинчу барамехь кхачойина цахилар.
Бинчу талламан жамIашкахула юкъарадешаран учрежденийн 23 куьйгалхо декхарийлахь вина и кхачамбацарш хьем ца беш дIадаха. Закон талхорна бахьанаш ца довлийта тIе а дожийна царна.
Талламхой жоьпе озийна
Республикин прокуроран заместитела Джанхотов Заурбека регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместительна – талламан урхаллин хьаькаме дехна уголовни гIуллакх толлучу хенахь хилийтина федеральни законан талхораш дIадахар.
Гучудаьлла юьхьанцара таллам дIахьочу хенахь талламхоша лехамаш талхийна хилар. Цо тIедалийра кхитIе а таллам байта уголовни гIуллакхаш юхахьовсорна а, юьхьанцара таллам бар сацоран хьокъехь бакъо йоцуш сацам тIеэцарна а.
Прокурора бина лехам кхочушбина. Россин Грозненски районехула йолчу ОМВД-н талламан отделан хьаькам а, оцу отделера 5 талламхо а административни жоьпе озийна.
Нийсо меттахIоттийна
ХIусамца йоьзна йина хиллачу апелляцина дуьхьал республикин прокурора елла хиллачу кассацина Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан президиумо иза нийса лоруш жоп делла. Нажаев Шемилан агIо лоцуш хьалхарчу тIегIанан суьдо бина хилла сацам бохийна. Оццу хенахь кхочушбина Нажаева Хадижатан лехам.
Бинчу талламо гайтина ма-хиллара, и сацам бух боцуш бу, граждански гIуллакхан материалашца богIуш цахиларна. Суьдан коллегис хьесапе ца эцнера искан заявлени тIехь далийна бакъдерш а, РФ-н Конституционни Суьдана ишттачу гIуллакхах хеташ дерг а.
Регионан прокуроран кассаци къобалйина. И гIуллакх къасточу хенахь елла апелляци юхатоьхна. Хьалхарчу тIегIанан суьдан хийцам боцуш битина.
Ведомствон сайта тIера
хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо