Вай стенга кхача гIерта-те? Вайна хIун хилла-те? Вайна хIун оьшу-те? , – бохуш, холчахIуьтту вай цхьа дегаIийжаме хIума хезча. Къаьсттина халахета и саннарг кегийчаьргара даьлча. Масала, массарна а гина вайн телевиденехула дукха хан йоццуш Шеме баха кечбеллачарах лаьцна передача. И тоба цхьана аьттонца схьа а лаьцна, церан боьха ойланаш, «гIуллакхаш» гуча а даьхна.
Гуттар а санна, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан Ахматовича а, бусалба динан Iилманча волчу Шахидов Адама а, и «галбевлларш» цхьана могIаре дIа а хIиттийна, церан дай-наношна хьалхха, цаьргара даьхна бехкаш, дина хьехарш тоьар дара хьанна а кхета: вешан ламаз-марха а деш, хьанал рицкъа а лохуш, дега-нене ла а дугIуш, гергарчарах, бевза-безачарах марзо а оьцуш, парггIат даха.
Ма холчахIиттийна цара шайн наной, дай, гергарнаш, махкахой…
Нохчийн стаг атта воьлхуш ма вац. Цара-м белхий шайн дай… ХIун эхарт, хIун гIазот хуьлу шен уггар уллерчу, хьомечу адамашна кийра оццул беза бала боссийначу доьзалхочунна?!.. Ма доккха эхь ду, ма доккха хIума ду ша дуьнен чу а ваьккхина, шайн наб йойъуш, садаIар ца лоьруш, лазорна, шелваларна, мацваларна а кхоьруш, кога хIотталц шена тIехь Iуналла динчу дена-нанна шен куьйга, шен маттаца, шен лела цахаарца сел къиза йоьрзу йоцу чов яр…
Цхьана а ден ма кхуьийла-кх цу тайпана доьзалхой!..
Дала иймане балабойла уьш а, и саннарш а. Дала дикане кхачадойла вай!
Кху дуьненан чам кхетар бацара и саннарш бен вайн бацахьара. АлхьамдулиллахI, Вай Далла хастам бо, вайн пачхьалкхан нийса политика бахьанехь, тахана хазаелла, тоелла дIахIоьттинчу республикехь кху дахаран кхин сирла, дог хьосту агIонаш а хиларна. Цхьадика, вайн кегийрхошна юкъахь галваьлларг цхьа наггахь бен нислуш вац, вуьшта ийманехь, гIиллакх-оьздангалла а, да-нана ларар, шен мохк безар хIун ду а хууш, цуьнан сий дан а хууш, дукха кIентий бу вайн.
Шайна хуург тIекхуьучаьрга дIакхачо гIерташ, пайде хьехарш деш, царна нийса некъ гойтуш, шайн дахарехь дукха къахьалла Iовшарна, таханлерчу беркатан мах дика хууш бу баккхийнаш. Царах цхьаъ ву ЦIе-Веданахь вехаш волу Бисултанов Асламбек. Ша дика стаг хиларал сов, цунах цIена, хаза воккха стаг ву, олу. Диканехь-вонехь коьрте воккхуш ву иза. Бакъду, кху тIаьхьарчу деношкахь дог-ойла таьIно ву Асламбек: дукха хан йоццуш, жима волуш дуьйна шеца хьала а кхиъна, массо меттехь цхьаьна лелла волу, чIогIа самукъане а волуш хилла волу, Увайс боху цуьнан дика накъост дIаваьлла… (Дала гечдойла цунна).
Хене хьаьжна доцуш, дика лелаш ву Асламбек, цуьнан кадолу цомгашчунна тIехIотта а. Жима-воккха ца лоьруш, сан могаш доцчу дена-нанна тIе а кхочу иза. ХIинцца дIадаханчу дезчу деношкахь гIурба къобалдан а веара тхоьга Асламбек. Вистхилар кIеда-мерза долуш ву иза. Цуьнан хьехамечу, пайдечу къамеле ладоьгIуш, ойла кхоллало: ма доккха беркат ду хьо санна баккхий нах юьртахь хилар, олий.
Дала могашалла лойла Асламбекана кхин а дуккха шерашкахь. Хьекъале тIаьхье кхио, махкахь беркат совдаккха чIогIа оьшуш бу вайна и саннарш.
СУЛУМОВА Дэти
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо