Коьрта Iалашо – кегийрхой ларбар

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос  кест-кеста кегийрхойн юкъараллехь дIахьо экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало ярна лерина йолу семинараш, цхьаьнакхетарш, гуламаш, «горга стоьлаш». Цу декъехь дIахьош болу белхаш бовзийтира оцу ведомствехь.

Alihan_Israilov

Цхьаьнакхетарш дукха хьолахь дешаран заведенешкахь дIахьо динан, культурин, бакъонашларъяран органийн говзанчаш юкъа а озош.

Кху шеран январера июль кхаччалц болчу муьрехь экстремизмана а, терроризмана а профилактика ярна а, иштта къаьмнашна а, динашна а юкъара уьйраш чIагIъярна а лерина долу 200 сов цхьаьнакхетар дIадаьхьна республикехь. 2014-чу шеран оццу муьрца дуьстича, дIадаьхьначу цхьаьнакхетарийн а, цигахь дакъалаьцна болчу кегийрхойн а барам дикка лакхабаьлла.

Билгалдаккха догIу, экстремизмехь ойла лесташ болчу нехан барам лахбелла хилар. Цо гойту  болх нийсачу агIор дIахьош хилар.

Вовшахтоьхна  ведомствошна юкъара Экспертийн тоба, кегийрхойн юкъараллехь экстремизмана а, терроризмана а профилактика яран Iалашо йолу. Цунна юкъабогIу Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон  Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан а, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экстремизмана дуьхьал къийсам латторан туьшан а векалш.

Цхьаьнакхетарш д1ахьо пачхьалкхан Iедалан органашца, министерствошца, ведомствошца, районийн, яртийн администрацешца, дешаран учрежденешца, Iеламнахаца, хаамийн гIирсашца цхьаьна.

Терроризмана дуьхьал къийсам д1абахьар кхачам боллуш хилийтархьама, шуьйра пайдаоьцу (видеокийсигех, документальни кинох, тематически передачех). Иштта чIагIбина зорбанан продукцийн гIоьнца беш болу болх а (брошюра, книга, методикин материалаш). Къаьсттина чIагIбина социальни сеташкахь а, видеохостингашкахь а беш болу болх.

                    М.КАНТАЕВ
Архивера сурт.

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: