Беркате хир ду цхьаьна гIуллакхаш дар

Вай кест-кеста  олу: «Бераш вайн кхане  ю». И бакъ а ду. Церан дуьхьа ду вай тахана мел  деш дерг. Уьш хьекъале, ийманехь, къинхьегаме марзо йолуш, шайн  мохк а, халкъ а, мотт а безаш хиларе терра хир ю  вайн къоман кхане. Цундела ду вайн Iедало, уггаре а хьалха  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров  Рамзана къона тIаьхье ийманехь, патриотически ойланехь кхетош-кхиорна боккха тидам тIебахийтар. Цундела юкъаяьккхина а, кхочушъеш а ю къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран къоман юкъара Концепци. Иза кхочушъяран коьрта дакъа кхочу  Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментана. Цунах дика кхетарца  белхаш беш бу департаментан куьйгалхой а, говзанчаш а.

Денна тайп-тайпана цхьаьнакхетарш а, кхеташонаш а, «горга стоьлаш» а дIахьо цара регионерчу  министерствийн а, ведомствийн а, юкъараллин организацийн а, бакъонашларъяран органийн а векалшца. Иштта, хIокху деношкахь оцу  департаментан директора кхеташо дIаяьхьира аьрхачу берашца а, кхиазхошца а болх беш болчу Нохчийчоьнан чоьхьарчу  гIуллакхийн министерствон белхахошца а, говзанчашца а.

Кхузахь вовшахкхеттарш Зуль-Хьиджа баттаца а, гIурбанан деношца а декъал а беш,  дIадолийра шен  къамел вай хьахийначу департаментан директора Дадаев Ризвана. Юха дийцира бераш а, кхиазхой а кхетош-кхиорехь бакъонаш ларъяран органаша а, юкъараллин организацеша а, Iедалан векалша а цхьаьна болх баран мехаллех лаьцна. Аьрхачу берашца а, кхиазхошца а болх бар нисделла  цуьнан районан къеда а, маьждиган имам а волчу муьрехь. ХIетахь  цаьрца бечу балхахь Р.Дадаевс юххера зIе латтийна чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон берашца а, кхиазхошца а болх баран отделан белхахошца.

«Сайна зеделлачунна тIе а тийжаш, сан ала йиш ю берашца болх барал а хала ду церан дай-наношца болх бан, шайна тIехь долчу жоьпаллех уьш кхето. Цундела вай цхьаьна гIуллакхаш дан деза аьрха, юхахьара бераш а, кхиазхой а,  церан дай-наной а кхетош-кхиорехь. Вай  ницкъ кхочург дерриге а дан деза тахана полицехь  хьесапе эцна долчу берех кхана зуламхой ца  хилийта», – элира Р.Дадаевс.

Полицин майора Сибиров Iелас довзийтира республикехь бераша а, кхиазхоша а зуламаш дарца, юкъараллин къепе а, низам а талхорца долу хьал. Цо чIагIдарехь, оцу декъехь долу хьал шо-шаре даларца толуш ду. Стохкалерчуьнца дуьстича бераша а, кхиазхоша а регионехь зуламаш дар  19,2 процентана лахделла. ХIокху  шеран бархI  баттахь  цара 21 зулам дина. Делахь а уьш юкъараллина дIора кхераме зуламаш дац. Хетарехь, и зуламаш а дина хир дацара дай-наноша оцу берашца кхеторан болх беш хилча, церан  терго еш хилча, цара дечуьнга, лелочуьнга хьовсуш хилча. Оцу дай-наношца кхеторан болх дIабахьа безаш хилар къобалдира I.Сибировс а.

Бакъонашларъяран органийн белхахоша хIокху кхеташонехь тидам тIебахийтира школашкахь  аьрхачу, харцхьалелачу берашца а, кхиазхошца а бечу балхана а, оцу балхахь нислучу кхачамбацаршна а. Школийн куьйгалхоша а, хьехархоша а вон лелаш долчу беран хьокъехь шен хеннахь хаамаш беш хилча дуккхах долу зуламаш дина хир дацара. «Дешаран дукхах йолчу учрежденеша харцхьалелачу берийн а, кхиазхойн а хьокъехь шен хеннахь хаамаш ца бо бакъонашларъяран органашка. И хаамаш бича  школийн сий-ларам лахбаларна кхоьру уьш. Ткъа берийн ойла ца йо,  хила тарлучу тIаьхьенна са ца гатдо»,  – бохура  Сибиров Iелас.

Департаментан директора тIелецира дешаран кхерчашкахь оцу декъехь нислуш долу хьал Нохчийчоьнан  дешаран а, Iилманан а министрана  Байханов ИсмаьIилна дIадовзийта, и хьал хийцарехьа гIуллакхаш дан.

Кхеташонан болх берзош цуьнан дакъалацархойн барт хилира  аьрха, харцхьалела  бераш кхетош-кхиорехь  кхул тIаьхьа кхин а  беркате  гIуллакхаш дан, вовшашца йолу зIенаш чIагIъян, цхьаьна болх бар кхин а тодан.

С.ПАШАЕВ

 

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: