ХIокху хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Радион цIийнан» конференц-залехь дIадаьхьира ерригроссин культурно-хаамийн гIуллакхна «ДоттагIаллин цIерпоштана» 10 шо кхачарна лерина «горга стол».
Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон къоман политикин департамента. Цигахь дакъалоцуш вара лакхахь хьахийначу ведомствон министран заместитель Алимбаев Алихан, дешаран министерствон тергояран департаментан директор Багашев Ахьмад, культурин министерствон халкъан кхоллараллин туьшан хаамийн-аналитикин отделан коьрта говзанча Бакараев Iела, Россин журналистийн а, яздархойн а союзийн декъашхо, Москван «Новый ключ» издательствон директор Рахманов Вадим, Iалхан-Юьртарчу «ТIеман, къинхьегаман музейн» директор Салтымурадов Iайнди, иштта кхиболу хьеший.
2005-чу шеран 22-чу июлехь вайн республикин куьйгаллин тIедилларца Соьлжа-ГIалара дIайолаелла, Къилба-Сахалинскера Калининграде кхаччалц Россин 21 регионе кхечира «ДоттагIаллин цIерпошт». Сахалин гIайренан пачхьенехь Къилба-Сахалинск гIалахь 2-чу августехь дIаболийра цара шайн болх.
Цуьнан Iалашо яра Россин бахархошна Нохчийчохь долу хьал, нохчийн къоман культура, гIиллакхаш, Iадаташ довзийтар. Цу хенахь нохчашца хилла юкъаметтиг хийцаялийтаран Iалашонца дIадаьхьна гIуллакх дара иза. Йиъ вагонах лаьтташ йолчу цIерпоштехь 80 гергга стаг вара, шайна юкъахь Iедалан векалш, Iеламнах, культурин белхахой, «Нохчийн лар» КВН-н декъашхой болуш. Кегийрхошкахь патриотизм кхоллар, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиор, къаьмнашна юкъара уьйраш чIагIъяр дара цара юьхьарлаьцнарг. Шина баттахь сов къахьийгира цIерпоштан дакъалацархоша цу хенахь вайн республикехь долу хьал довзуьйтуш.
«Горгачу стоьлан» дакъалацархоша бовзийтира шайн дагалецамаш.
Салтымурадов Iайндис дийцира: «Нохчийчоь ерриге а йохийна, хIаллакйина моьттуш бара цигара бахархой. Вайх лаьцна кIезиг хаьара царна. Тхан Iалашо яра Нохчийчохь долу хьал ма-дарра довзийтар. Ас цига 80 альбом, 60 шаьлта, тур даьхьнера. Тхаьш севццинчохь гайтаме йохкура ас уьш. Оха цигахь гойтура вайн йохийна гIишлош, керла йинарш, еш ерш. Цигахь тхаьш бинчу балхах лаьцна ас 38 диск а, 187 документальни фильм а яьккхина, 13 альбом а йина. Цигахь тхаьш бина болх ас гайтина 221 школехь, 3 институтехь, иштта училещешкахь, колледжашкахь. Россин гIаланашкахь гайтамаш дIахьош ас Нохчийчоь ехаш а, ехарг а хилар гойту».
Багашев Ахьмада элира: «Субъектийн администрацийн куьйгалхошца, гIалийн мэрашца цхьаьнакхетарш хуьлура тхан. ДIа мел оьху а дуьхьалбетталора вайн къоман векалш. Уггаре а дагахь лаьтташ дерг ду, Улан-Уден вокзале охьадиссина схьадогIучу хенахь, тхо цецдохуш, тхуна нохчийн мукъам хазар. Иза вевзаш волчу пондарчин Димаев Iумаран хелхаран мукъам бара. Тхо догIу аьлла шена хезча, вайн махкахочо локхуьйтуш хиллера иза. Даймахкана оццул генахь и мукъам хезча, чIогIа хазахеттера тхуна. Ишттаниг дуккха а нислора. Цигахь бевзинчу, тхан гIуллакхе хьаьвсинчу нохчашца хIинца а зIе ю тхан.
Уггаре а чIогIа тIеоьцура нохчийн артистийн концерташ. ХIора субъектера цхьаьнакхетарш концертаца дерзадора. Цхьана меттехь 2–3 де доккхура. ХIора меттехь уггаре а яккхий залаш хуьлура цара вайн артисташна къастийнарш. Охьаховша меттиг йоцуш, дукха адамаш лаьтташ хуьлура цу чохь. Владивостокехь, 400 стагана леринчу зала чохь, вайн махкахошна шайна къаьсттина концерт елира оха.
ЧIогIа беркате гIуллакх хилира цунах. Дукхах берш боьлхуш дIаоьхура: «Шайна ишттаниг гина дац, доккха баркалла шуна кхуза дахкарна» бохуш».
В.Рахмановс вайн къоман хелхарна лерина ша язйина байт йийшира. «Татарски проливана хIордакеманца дехьадовлучу хенахь хенан хIоттам чIогIа дика бара. Бераш хелхадовлуш, самукъадаьлла дара. ЮхадогIучу хенахь буьйсанна инзаре шторм яра, баккхийчарна лан хала долуш, берашна муххале а. ХIетте а, къар ца луш, хелхарехь хьийзара уьш. Цигахь кхоллаелира сан «Нохчийн баллада» байт», – элира цо.
«ДоттагIаллин цIерпоштехь» дакъалоцуш хиллачу кегийрхоша а довзийтира шайна дагахь лаьтташ дерг. Царах хIораннан а дагадан дуккха а хаза, самукъане хIума дара.
Л.ИБРАГИМОВА
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо
