Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правительствехь кхеташо дIаяьхьира. Дийцаре дира шаьш болчу предпринимательша ян декхар долчу пенсийн страхованин страхови взносаш дIаяларехь тIехь декхар цахилийтаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Кхеташо йолалуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама шен докладехь билгалдаьккхира кху шеран 1-ра сентябрь тIекхочуш страхови взносашкахула дIадалаза дикка декхар хилар. И.Кадыровс дийцарехь, страхови взносашкахула дIадалаза декхарш цахилийтарна гIуллакхаш деш, дIабаьхьира таллам. Цо гучуехира йолуш йолу проблемаш. Билгалделира суьдан пурстоьпийн федеральни службин урхалло суьдан сацамаш кхочушбарехь хьакъ доллу г1уллакхаш деш цахилар. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь суьдаша дIадала билгалдинчу декхарех 19 процент бен схьа ца делла.
Республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира балхаца иштта юкъаметтигаш хилийта мегарг цахилар. Цо тIедиллира и гIуллакх йоццачу хенахь нисдар.
«Вай башха хьелаш кхоьллина муьлххачу а ведомствос шен буьззинчу ницкъашца болх байта. ХIинца вайна го суьдан сацамаш кхочушбан декхар долчара оцу гIуллакхана хьакъ боллу тидам тIебохуьйтуш цахилар. И хьал йоццачу хенахь хийца деза», – элира цо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь бизнес кхиоран жигара гIолоцуш хилар. Иза тидаме а оьцуш, хIора предприниматель декхарийлахь ву законо дIаяла билгалйина йолу взносаш дIаяла.
«Нагахь санна предприниматель шен гIуллакх дIа а долийна, шена пайда беш велахь, иза кхеташ хила веза законо билгалйина йолу страхови взносаш ша дIаяла декхарийлахь хилар.
С.БАЛАЕВ
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо