Минахь (СаIудийн Арави) хиллачу боккхачу бохамо бIаьргаш делхийна, дегнаш Iовжийна дуьненахь мел болчу берриге а бусалбанийн. ТIулгаш кхуьйсучу хьалхарчу дийнахь хьаьжой вовшашна тIеттIа гIоьртинчохь кхелхинарг 769 хьаьжо ву. Дала декъалбойла уьш.
***
Лондонерчу уггаре а доккхачу рузбанан маьждигех цIе тесна. Цунна бехке хеташ волу жима ши стаг схьалаьцна полицин белхахоша.
***
Россис а, Ирано а, Ирако а, Шемас а Багдадехь вовшахтоьхна «иблисан пачхьалкхана» дуьхьал къийсам дIабахьаран хаамийн туш.
***
Францин тIеман-хIаваан ницкъийн кеманаша кIирандийнахь дуьххьара бомбанаш, ракеташ тоьхна Шемахь йолчу «иблисан пачхьалкхан» гIеранашна. Шеман Iедалх дага а ца довлуш дина и тохар.
***
Iамаркехь дIахьош йолчу ООН-н Генеральни Ассамблейн сессехь дакъалоцуш волу Россин Президент В.Путин селхана цхьаьнакхийтира США-н Президентаца В.Обамаца а, цхьамогIа пачхьалкхийн куьйгалхошца а.
***
Центральни Африкански Республикехь (ЦАР) хиллачу къизачу тасадаларшкахь 36 стаг кхелхина, лазийнарш кхин а шозза алсам бу.
***
Мигранташца долу хьал тIеттIа чолхе долуш ду Европин мехкашкахь. Деккъа цхьана кIирандийнахь Хорвате кхаьчнарг 8 эзар мигрант ву. Царна дуьхьал митингаш дIахьош ю Польшехь, Венгрехь, кхечу пачхьалкхашкахь.
***
Хонкарна юххехь хи буха дахана мигранташ тIехь болу жима хIордакема. Цу тIехь хиллачарах итт стаг кхелхина.
***
Молдовехь йоккха митинг дIаяьхьира кIирандийнахь. Кишиневн урамашка араваьлларг лаххара а 50 эзар стаг вара. Цара лоьхура президент отставке вахийтар.
***
Украинна газаца кхачояран гIуллакхаш дийцаре дира ЕС-н а, Россин а, Украинин а векалша. Церан барт хилла оцу пачхьалкхана церан лулахошна луччу мехах газ яла.
***
Украинера экономикин хьал тIеттIа галдолуш ду, ахча дайлуш ду. ХIокху шарахь инфляцин барам 50 проценте кхаьчна.
***
Симферополехь сихачу гIоьнан станцин белхахошна герз деттарна бехке лоруш волу Небиев Бекир лохуш бу бакъонашларъяран органийн белхахой. Цуьнан карах кхо стаг велла, цхьанна чевнаш хилла.
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо
