Даздарш лаккхарчу тIегIанехь дIахьур ду

5-чу октябрехь Нохчийн Республикехь билгалдоккху Соьлжа-ГIалин де а, Нохчийн кегийрхойн де а, Хьехархочун де а. Республикин куьйгалло гуттар а боккха тидам тIебохуьйту и денош лаккхарчу тIегIанехь даздарна. Кху шарахь а оцу деношна хьакъ ма-ббу кечамбар а, уьш даздар а шайн белхан коьрта декхар лору цара.

Цунна лерина хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира дезачу деношна кечамбаран а, уьш даздаран а оргкомитетан декъашхошца.

Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима Р.Кадыровга дийцира дезачу деношца доьзна пачхьенехь гайтамаш, ярмаркаш, кхидолу самукъадаккхаран гIуллакхаш вовшахтухург хиларх лаьцна.

«5-чу октябрехь тайп-тайпана дезачу денойн концерташ, гайтамаш, ярмаркаш, спортан къийсадаларш, кхидолу гIуллакхаш дIадахьа билгалдеш ду тхо.

Иштта дIахьош бу Соьлжа-ГIалин урамаш куьце далош, тодаран болх. Бахка безаш бу дуккха а хьеший. Цул сов, ерриге а районашкахь а дIахьур ду самукъадаккхаран гIуллакхаш», – элира М.Хучиевс.

Республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала дийцира шен ведомство дезачу дийнан гIуллакхаш дIадахьа кийча хиларан хьокъехь. Ерриге а школашкахь дIахьур ю тематически урокаш: «Хьехархочо къам кхуллу»,  «Соьлжа-ГIала – бIаьхаллин сийлаллин гIала», «Соьлжа-ГIала – Нохчийн Республикин пачхье».

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин юкъарадешаран учрежденешкахь кегийрхой патриотически ойланехь кхетош-кхиор дIадахьа дезаш хилар.

«ТIекхуьуш йолу тIаьхье патриотически ойланехь кхетош-кхиор дIадахьа деза школехь дуьйна. Кегийрхошна дагахь евзаш хила еза Россин а, Нохчийн Республикин а гимнаш. Иштта сий-ларам беш хила еза вайн пачхьалкхан а, республикин а символика. Иза хIоранна а хаар пайдехь ду», – элира цо.

Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Тагиев Мурата Кадыров Рамзане хаам бира хиндолчу даздаршна министерство кийча хиларан хьокъехь. Соьлжа-ГIалин де а, Хьехархочун де а, Кегийрхойн де а даздеш, «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалхарчу майданахь республикин концерт дIаяхьа билгалдеш ду тхо. Концертан программица хир ю дуьненаюкъара кхоллараллин хьалхара «Кавказан кегийрхой» фестиваль. Цига кхайкхина кхечу регионашкарчу кхоллараллин коллективашка. Оцу дийнахь хIора шарахь хуьлуш долу велосипедаш хахкар д1ахьур ду  – «Велос – 2015». Билгалдеш ду уьш хахкар Веданахь дIа а долийна, Соьлжа-ГIала кхачар. И некъ 66 километр бу. Оцу гIуллакхехь дакъалоцур ду 200 стага, дийцира М.Тагиевс.

Кегийрхойн де тIекхочуш, дIахьур ю кегийрхойн политикин органаш вовшахтоьхна 15 шо кхачарна лерина йолу кегийрхойн форум.

Кхеташонехь иштта дийцаре дира кхидолу гIуллакхаш а. Ша аьлча, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь дIахьош долу леррина долу дакъош бIаьхаллин кийча хилар дIахаийтина а доцуш таллар Шемара боевикаш республике чубахкарца доьзна хила тарлуш хиларан хьокъехь долу хабарш харц хилар.

«Леррина долу дакъош бIаьхаллин кийча хилар теллинчул тIаьхьа хабарш даржийра, иза Шемара шайтIанаш республикехь гучудовларца доьзна ду, бохуш. Нуьцкъаллин структураш цIаьххьана таллар – иза гуттар а дIахьош долу гIуллакх ду, иза вай юкъадаьккхина а дац», –  элира Кадыров Рамзана.

С.ЛАЛАЕВ

 

№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: