Соьлжа-Г1алара «Дом быта» а изза цІе йолу социйла а, нахана дика евзаш, меттиг ю. Хьалха, т1емаш хилале, ч1ог1а сиха, каде дахар, болх бара оцу чохь. Хаддаза адамаш лаьттара. Х1инца а, жим-жима меттах1уттуш ду цуьнан белхан сурт. Цхьацца туьканаш, фирмаш, студеш, сада1а меттигаш ю цигахь схьайиллина. «Дом бытин» х1инца керла ц1е а ю – «Way park» аьлла. Вайн парк ю-кх иза… Иштта оцу чохь, дукха хан йоццуш, схьайиллина «art-room» олу х1усамийн чуьра дизайн яран фирма. Цуьнан куьйгалхо Эльмурзаева Мадина йовзар хилира х1окху деношкахь. Цуьнан визитни карти т1ехь «дийзайнер интерьер» аьлла дара. Арахь март баьтта зама а хилча, таханлерчу хьелашца х1усамийн дизайн яр муха ду техьа, вайн нахана девзаш а, оьшуш а дарий техьа «art-room» (исбаьхьаллин чоь) схьаеллар а, къоначу пох1мечу дизайнерна муха хета шен болх, бохучу ойланашца чулацаме, дехха къамел тасаделира фирмин кхерчахь… Юьхьанца, бакъдерг дийцича, нах кхетар буй техьа, царна оьшур дуй техьа х1усамашна дизайн яр аьлла шеконе хилла Мадина. Амма вайнах, къаьсттина зударий даима а хилла шайн заманахь, уггаре тоьлла, хаза, керла х1ума шайн х1усамехь ган лууш. «Цхьайолу х1усамнана йог1у тхан фирме: «Х1ара мокха бос к1ордийна олий, кхиверг хуьлу уьйта шайтайпа экъа йилла лаьара», олий. Зама, бакъдерг дийцича, сиха хийцалуш йоьду вайна. Хьалха, т1ом д1абаьллачул т1аьхьа, чохь-кертахь ц1ано йичхьана, масала чохь пенашна шпатлевка хьаьхчахьана, обойш тоьхчахьана тоам хеташ 1ара. Ткъа х1инца мелла а хаза дерг, керла дерг довза лууш хуьлу нах. «Со хьошалг1ахь хиллачохь иштта дара, суна а лаьа тхайн чоьнаш иштта хилийта» олура хьалха вайн зударша. Т1аьхьарчу хенахь «цхьаннах а тера а ца еш, шатайпа дизайн еза суна сайн чохь», олу. Мадинина шен балхаца дозуш дуккха а зударий бевза. Церан лехамашка, сатийсамашка хьаьжжина, цунна дика хаало адамийн 1ер-дахар тодалар а. Х1унда аьлча х1усам хилла а ца 1аш, оцу чохь йийбар, мехала х1уманаш хилла а ца 1аш, мелла а хаза б1аьргана, сина аьхначу х1усамашкахь 1ен-баха а лаьа царна. Дизайнеран г1о вайн нахана, бахархошна оьшуш дуйла хоуьйтуш а, дийцира Мадинас. Иза нахана оьшуш хиларх теша хала дац. «Art-room» дизайнеран студи схьайилличхьана цхьа а реклама я кхайкхам бина бац Мадинас. Цкъа цунна т1ебаьхкинчара, шайна бинчу балхана реза хуьлий, кхиверг схьахьажош, наха кар-кара оьцуш, дуьйцуш г1арабелира студин болх. Мадинас дизайн йина туьканийн, офисийн, кафен, поликлиникин х1усамашкахь, церан чоьнийн, ученийн куц карладоккху, мелла а вайн ламастехь нисдеш. Дийзанеран х1ун хаарш хила деза, болх муха болабо, цуьнан раг1 муха х1оттийна ю аьлла, шега хаьттича дизайнеран говзаллин къайленаш йовзийтира цо: «Чоь, офис я нехан шаьш чохь 1аш болу х1усамаш кечъеш хилча, оха тидаме оьцу церан лаамаш, церан хан (возраст), таро. Дизайн хьанна, мичахь еш ю хьаьжжина хоржу беснаш. Бос – иза адамийн синтем, цуьнан дог-ойла я йохош, я тоеш хуьлий хаьа вайна. Т1аккха х1ора а бос цхьацца х1уманца я бог1уш, я ца бог1уш хуьлу. Больницехь, поликлиникехь товш хуьлу сирла, ц1ена беснаш. Туьканашкахь сийначу басахь кечдо пенаш, терхьеш, ткъа больницашкахь – сирла баьццара. «Дизайнер интерьер» хоттуш цхьаъ схьакхаьчча муха болало болх, мичара долало г1уллакх, аьлча цо дийцира: Уггаре а хьалха т1евеанчуьнга дика ладуг1у оха, цунна х1ун оьшу хьовсу, юха машенахь тхайга деллачу адресца т1едоьлху, чоьнаш юсту, церан суьрташ доху, т1аккха мелла а сурт х1оттало тхаьш дан дезачух Тхайн хьежам, оха дан леринарг довзуьйту дизайн яйта веъначун заказчикана». Ткъа цо тхан анкетин хаттаршна жоьпаш яздина кехат дуьту офисехь. Цул т1аьхьа тайп-тайпанчу басаршкахь йолчу принтерх чекхдаьккхина хинйолчу дизайнан сурт гойту клиенте. Болх дIаболош тхаьш барташ бинчу туьканашка а доьлхий оьшуш болу гIирс оьцу. Обойш, шпатлевка, экъа, биргIанаш, бустамаш, неIарш, церан тIемаш, царна чухIиттадо коран бIаьргаш, лаьтта тосу куз, йийбар и дерриге а хIума наханчул а дорах хуьлуьйту тхуна оцу туьканашкахь. Иштта болабо болх. Нах реза хуьлучу агIор хьанал, даггара къахьега а хьовсуш, берза а бо. Вайн зударий яхь йолуш бу, цIена, хаза баха лаьа царна шайн хIусамашкахь. Мел таро яцахь а, цхьацца бахьанаш лелош, соьмаш гулдой шайн хIусамийн сибат карла ца доккхш ца Iа». Иштта, ша дечу гIуллакхан маьIна кIорггера гуш, зударех, хIусамнанойх дика кхеташ ю Мадина. Цунна хаьа нехан таронаш а цхьабосса ца хуьлий. Амма и массо а хIума хьесапе хIусамнаной реза бен болу некъ карон а хаьа цунна. Мадина геннара ойла ян хууш, тIейогIучу заманахь а шен меттиг дIалаьцна гIуллакх дIакхоьхьур долуш йоI ю. Эльмурзаева Мадина Гихтахь йина а, кхиъна а ю. Жимчохь Нохчийчохь тIом балар бахьанехь Москвахь 9 класс яьккхира цо. Цул тIаьхьа цIайирзича Нохчийчохь школа а яьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университете деша яхара. Ингалсан мотт безаш хиллачу цо, филологин факультетан ингалсан меттан отделени яьккхира. 2004-чу шарахь нехан цIентIе яхара иза. Шен марзахошца Нальчикехь Iийра цул тIаьхьа. Амма шен цIахь, шен нахана юкъахь доцург дош доцийла а хиъна цIаеара. 2009-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь яха охьахуу иза. Шайн хІусамехь меттахIитторан белхаш бан хIутту. Эццахь, балхана шовкъе яьллачохь, дагадеара хIусамаш хазъеш, дизайнер хила. Шеконаш аьттехьа а ца юьтуш иза Соьлжа-ГIаларчу «Дизайнан школе» деша йоьду. Цигахь дешна яьлча, Москварчу дизайнан академически школехь доьшу. Чуьра, арара дизайн, уьйтIе, кетIе кечъян Iамадо караерзайо. ХIинца шуьйра яьржина йолу «ландшафтийн» дизайн а. (УьйтIенаш, беш зезагашца, бецашца кечъяр). Вайн бахархойн Iер-дахаран хьелаш тодаларца, кхуьуш, гIараболуш бийр бу «Аrt-room» дизайнеран студис шен болх. Цундела ала лаьа, Мадина, болх беркате хуьлда шун!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА