Бусалбанийн уггаре а дезачу шина Iийданех цхьаъ ду гIурбанан Iийда. Вайн республикехь къаьсттина чIогIа даздо и де тIаьхьарчу итт-пхийтта шарахь. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президента Кадырова Айманис а леррина тидам тIебохуьйту гIурбанан сагIин дакъа Нохчийчоьнан массо а вахархочунна, къен-миска бохкучарна дIакхачийтарна. ХIокху дезчу деношкахь а хилира иштта.
Iуьйранна вайн республикерчу ерриге а ярташкара, кIошташкара, шахьаршкара бусалбанаш Iийда ламазе бахара. Массанхьа а Iуьйранна бархI сахьт даьлча Iийда дIадолийра. Иза чекхдаьлча дIадолийра Делан деза суннат кхочушдарца доьзна долу, дагна а, синна а хьаам беш долу дика гIуллакхаш – гIурбанаш дер.
ХIокху денна хьалххе боккха кечам бинера лакхахь хьахийначу фондан а, Нохчийчоьнан а куьйгалло. Оцу фондан президентан лаамца 32 эзар уьстагI ийцира шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн белхахойх, Iедалан меттигерчу органийн белхахойх, кхечарах бисинчу доьзалшна, гIийла бохкучу бахархошна гIурбанна дIасадекъа. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша шен куьйга схьа а къастош, дIадахьийтира цхьадолу кой.
Цул совнаха, оцу фондан чоьтах луларчу цхьайтта регионерчу бусалбанашна гIурбанна дIабахьийтира 30 эзар сов тоьллачех уьстагI. Масала, ГIалгIайчу – 3 эзар, Дагестане – 4 эзар, Къилбаседа ХIирийчу – 1,5 эзар, Кхарачой-Чергазийчу – 3 эзар, Ростове – 3 эзар, Саратове – 3 эзар, ГIалмакхойчу 1 эзар уьстагI бахьийтира. Цунах боккха кхаъ хиллера оцу массанхьарчу бусалбанашна. Цара а, оцу регионашкарчу муфтеша а даггара баркалла, Дела резахуьлда бехира Кадыров Рамзанна а, Кадырова Айманина а. Царна иза ала хьакъ а дара.
Иштта, гIурбанна урс-хьаькхначу дохнан дакъош дахьийтира Нохчийчуьрчу ерриге а больницашка, интернаташка, гIийлачу бахархошна. Цул совнаха, царна ахчанаш а делира. ГIурбанаш 24-чуй, 25-чуй, 26-чуй деношкахь дира. Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а. Оцу деношкахь вовшийн гIурбанаш къобалдеш, бусалбанаш вовшашка хьошалгIа ихира.
ХIора а доьзалехь ГIурбанан дезачу дийнан марзо, чам хаийтар Iаламат доккха хIума ду. И дан ницкъ кхечира аьлла хета Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин а. Дала ИбрахIим пайхамаран (I.с.) гIурба санна, Жабиран сагIа санна къобалдойла церан а, вайн массеран а гIурба а, сагIа а.
Д.АНАДЕВ
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо