КIира, бутт, шо даларх шир а ца ло аьлла хета иштта хилам. Вай буьйцург маьждиг схьаделлар санна болу хилам бу. И маьждиг Европехь а уггаре а даккхийчарех, исбаьхьачех цхьаъ хилча-м муххале а. Оцу могIарера хилам хилира дукха хан йоццуш вайн мехкан коьртачу шахьарахь Москвахь. Итт шарахь иза шордеш, хаздеш, куьце далош, белхаш бинчул тIаьхьа схьадоьллуш дара рузбанан и башха маьждиг. Цунна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш бара дозанал арахьарчу цхьамогIа пачхьалкхийн куьйгалхой. Царна юкъахь вара Палестинин Куьйгалхо Махьмуд Iаббас, Хонкаран Президент Реджеп Тайп Эрдоган, Казахстанан Президент Назарбаев Нурсултан.
Иштта, даздаршкахь дакъалоцуш вара Россин Президент Путин Владимир, Москван мэр Собянин Сергей, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, ГIезалойчоьнан Президент Минниханов Рустам, Дагестанан Куьйгалхо Абдулатипов Рамазан, цхьамогIа кхиберш.
Цигахь къамелаш дира Махьмуд-Iаббаса а, Реджеп Эрдогана а, Путин Владимира а, ткъа иштта Россин муфтийн Советан председатела Гайнутдин Равила а. Цара шайн къамелашкахь билгалдаьккхира бусалба дин машаран а, маслаIатан а дин хилар, оцу дино халкъийн барт чIагIбарехь мехала маьIна лелош хилар, ламасталлин бусалба дин лелош берш экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал хилар.
Амма оцу даздаршкахь уггаре а мехалниг дара Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху маьждигна дина совгIат. Цу маьждигна совгIатна белира дуьне а, Iалам а шен дуьхьа кхоьллинчу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чо. Оцу совгIато маьждиган имаман а, Гайнутдин Равилан а бIаьргех хи даьккхира. Цунах боккха кхаъ хилла, юх-юха а Кадыров Рамзанна маралелхара и шиъ. Баккъал а, шел дезаниг кхин хила йиш йоцуш доккха совгIат дара вайн республикин Куьйгалхочо динарг. Оцу совгIато къагийра и даздарш.
Дагадаийта лаьа маьждиг хIинца хьалха хиллачул а 20-зза доккха хилар. Цо дIалоцу 19 эзар квадратни метр. ХIинца жамIатехь итт эзар стеган ламаз дан, Далла кхидолу Iибадат дан аьтто хир бу бусалбанийн. Маьждиган ялх гIат ду. Адамашна аьттонна болх беш лифташ ю. Масех чоь ю шайна чохь яккхий экранаш йолуш. Царна чохь гуш а, хезаш а хир бу маьждиган имама беш болу хьехамаш. ЗаьIапчарна маьждига чу бахка а, арабовла а аьтто беш пандусаш йина. Москван куц-сибатца чIогIа догIуш ду маьждиг а, дешех лепа цуьнан тхевнаш а, исбаьхьа момсарш а.
Везачу АллахIа цу чохь Iамал-Iибадат дан маршо латтайойла даима а вайн махкахь!
С.ХАСАНОВ
№109, шинара, 29 сентябрь, 2015 шо