Дагалаева Маликин цIе дика евза вайн махкахь. Иза поэтесса ю. ХIинцале зорбане яьлла цуьнан ши книга. ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчохь олалла дина зуламе мехаш бахьанехь вайн махкахь зорбане йовлар цахиллера Дагалаева Маликин хьалхарчу шина книгин. Уьш цхьаъ Махачкалахь, шолгIаниг Нальчикехь зорбане евлла. Цундела къаьсттина мехала ду Нохчийн Республикин яздархойн союзо поэтессин кхозлагIа книга Соьлжа-ГIалахь арахецар. Дагалаева Маликин поэзи езачарна мерза кхаъ хилла цунах. «Деган маттахь» ю книгин цIе.
Баккъал а цIенчу даггара язйина, шайн исбаьхьаллин тIеIаткъамца дешархойн синакIоргене кховда ницкъ кхочур болуш ю гуларна юкъаяхана стихаш. Маттана шера, ойла шуьйра, чулацам кIорга болуш ю уьш. Ткъа уггаре а коьртаниг уьш дешархой кхетар болчу, аттачу маттахь язйина ю. Цундела хIоранна уллера, гергара хета Дагалаева Маликин поэтически могIанаш. Цаьрца хаало шатайпа дуьнене хьежар, вайнехан зудчун синъондалла, деган комаьршалла. Заза даьккхина йогIучу нохчийн литературехь сирла агIо хилла дIахIутур ю керла книга, Дала мукъ лахь!
ГАЗИЕВА Аза
№110, еара, 1 октябрь, 2015 шо